Ингалсерчу яздархочо Монтефеори Симона массех шо хьалха арахецначу, оьрсийн матте даьккхина а доцчу «Къона Сталин» цΙе йолчу жайнин кийсаг ю хΙара.
«Тайна, хаза ши йоΙ, Голдава Пация а, Сулаквелидзе Аннета а лаьттара майданахь, карачу четаршца ΙиндагΙ а лоьцуш. Некъал дехьа эскаран хьаькамийн цΙа дара. Цигарчу оьрсий эпсаршца я гома когаш болчу гΙалгΙазакхашца юкъ-кара сакъоьрура шина йоΙа. Некъан бохалла, чагΙар духкучу туьканашна уллехь сих-сиха сецара пайтонаш.
ДΙасалелачу нахалахь нислора Ιаьржа, ехха кучамашкахь лела гуьржийн а, Европан духарахь лела оьрсийн эпсарийн а зударий, бес-бесара, кеп-кепара духарахь болу гΙажарийн, эрмалойн, нохчийн, абхазойн, жуьгтийн божарий. Пушкинан бешан кевна чоьхьабуьйлура цхьаберш, дукха хьолахь карахь шербет я кхин мерза юург а йолуш. Кегий къуй лелара царна юккъешхула, шайн хΙонс лохуш.
Цхьа хан яьлча ши йоΙ, Аннета а, Пация а, дΙасакъаьстира, шайн-шайн меттиг дΙалоцуш. Сумбатовн гΙопа юххехь лаьттара массех гуьржийн чΙагΙар а, эрмалойн коньяк а духку ресторан. Царех цхьанна чувахара Сагирашвили Давид а, Джугашвили Коба а. Туькан дас Киприашвили Бачуас чΙагΙар кховдийра шен шеко кхоллаеллачу хьешашна. Давид а, Коба а, маьхаза малар дΙа а мелла, аравелира ресторанера.
Оцу юкъанна Голдава Пация, хьаьдда, Пушкинан бешан соне яхара, кевнехь лаьттачу Инцкирвели Степкога шен карарчу газетца баьца йира цо. «Тхо дΙадогΙу!» - элира вукхо. Цара сихха къайлаха хаам бира Сулаквелидзе Аннетига. ЙоΙа кхечу ресторан чохь Ιийраш а меттахбехира. Полисхой-городовойш тергонехь латточара а ишарш йира, дерриг а дика ду, аьлла.
Некъаца йогΙура кхара ларъен пайтон. Маьхьарца некъа тΙера нах дΙасалоьхкуш, шен карахь даьккхина шаьлта лепон хΙоьттира ротмистр. Иза-м ванне а вацара эпсар – Кобин доттагΙ Камо вара иза, цуьнца цхьаьна къоланаш дан лела Камо.
Шен динахь тΙехьаьдда, Камос шаьлта тоьхна, лазийра пайтон озош йогΙу говр. Тапчанаш кхийса бевлира пайтонна хадийраш. ТΙаьхьий-хьалхий йиъ бомба кхоьссира тΙелеттачу къуйша говрийн а, эскархойн а когашка. Иштта дIадаьхьира ахча .ТΙаьхьо шайн дагалецамашкахь тешаша чΙагΙдора, дуьххьара бомба элин Сумбатовн цΙийнан тхов тΙера кхоьссинарг Сталин вара, бохуш.
Сталинехь дуьххьара хиллачу зудчун Сванидзе Катон йишас Сашикос а дагалоьцура, шаьш оцу муьрехь шайн хΙусаман балкон тΙехь Ιеш дара, шайна а хезара лелхачу бомбанийн татанаш, бохуш».
Монтефеори Симона шен «Къона Сталин» жайни тΙехь маситтанхьа бовзуьйту Сталин Иосифан, иза хьолахошна тΙелеташ, къоланаш а деш, большевикийн бохча ахчах дузуш лелачу заманара хиламаш.
Нохчашца Ιоттавалар а нисделла оцу муьрехь Джугашвилин, цкъа Тифлисехь, тΙаккха Бакох.
Сталина шен дагалецамашкахь хьахадо, ша къона волуш, шайн гΙалахь Горихь, дукха а кегийрхой а гуллой, буй-тΙара ечохь дакъалоцуш хуьлура бохуш.
Цкъа меттигерчу совдегарша а, элано Амилахварис а гулбина хилла шайн-шайн цΙарх лата кегийрхой. Амилахварис ша ларвен жимха, зоьртала къонах, нохчо, вахийтина летаршка. Цо йиттина хилла массарна а. ТΙаккха Сталинан ден метта волчу, цунна верасалла латточу Эгнаташвили Якова цунах лата хьажийна шен кIентий Кика а, Симон а. Цара хала балийца эшийна ницкъала нохчо.
Бакох мехкадаьттан хьолахочун Мухтаров Муртазан хΙусамехь нохчий хилла цунна ха деш. Шен доларчу меттигашна тΙелеташ, бале ваьлла хилла Мухтаровна Бакох къоланаш дан веъна Сталин. Хьолахочо нохчий тΙехецна къу-гуьржи сацон. Цара схьа а лаьцна, йиттина Сталинна. Оцу еттарх эха шарахь, стенгахь ву а ца хууш, къайлаваьлла, дΙалечкъинера Сталин, яздо шен «Къона Сталин» жайни тΙехь ингалсхочо Монтефеори Симона.
Автора билгалдоккху, Сталин цкъа а шена дина вон дицдеш ца хилла. Цо нохчий махкахбахарна буха диллина хила тарло ша церан къонахоша Бакох уппадваккхар, боху Монтефиори Симона.
Дуккха а ду Оьрсийчохь Сталинах яздина, арахецна а, кест-кеста арадовлуш а жайнеш. Амма цхьана а меттехь иза хаста ца веш вуьйцучу Монтефеори Симонан жайна арахеца сиха яц Оьрсийчуьра тептарш кепадетта хьукматаш.