ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Юкъараллин тешам бойъу". Лакхарчу кхело къайленехь дитина НКВД-н документаш


Оьрсийчоьнан президентан омрица а, ФСБ-н сацамца а къайладаьхна Сталинан репрессеш дIахьош жигара хьийзинчу НКВД-н белхахойх долу документаш оццу хьолехь дитар къастийна бахархоша чуделла арз луьстуш пачхьалкхерчу Лакхарчу кхело. Арз талла а, сацам арахеца а кхеланна ца эшна 3 сахьт а.

Дехар чуделларг вара Iедало арахьарчу агентан статусе язйинчу "Дуьненаюкъарчу Мемориалера" талламхо Прудовский Сергей. НКВД-н материалаш къайленехь сецор нийса дац, милионашкахь адамаш хIаллакдинчу НКВД-н белхахойх йолу информаци йовза еза халкъанна, аьлла дара цо кхеле дахьийтина арз.

Историкаша билгалдоккху оцу материалех даима а пачхьалкхан къайле йийраш ФСБ хилар: НКВД-н белхахойх долу кехаташ, цо бахарехь, арахьарчу къайлахчу талламийн урхаллех хьакхалуш ду уьш.

Ткъа оцу сацамаша хьошу политикан репрессеша эшам бинчу наханна реабилитаци ярах долу низам а, пачхьалкхан къайленех долчу низаман 7-гIа дакъа а: оцу декъо доьхку низам дохош леллачу пачхьалкхан урхаллех а, церан белхахойх а йолу информаци къайлакхехьар а, адамийн бакъонаш эшорах долу бакъдерг лечкъор а, бохура арз чуделлачу Прудовскийс.

Дуккха а шераш ду "Мемориал" кхелашкахула НКВД-н белхахошца доьзна документаш Iорадахийта гIерташ хьийза. Кхеланна ша дIаяьхьначу хьалхарчу кхеташонехь тоаме ца хилира пачхьалкхан къайленех лаьцна низамо хьоьхург, дуьйцу Прудовскийн агIор болх бинчу "Дуьненаюкъарчу Мемориалан" адвоката Агальцова Маринас:

– И аргумент вайн кхелаша тергоне а ца юьллу, уьш иза дийцаредан а ца хIуьтту, кхелаш кхеташонашкахь ур-атталла цкъа а ца хьахийна. Амма цара ши документ юьхьардетта: хьалхарниг – информаци ФСБ-но пачхьалкхан къайленийн статусе яьккхина хилар, шолгIаниг – 1995 шарахь президента пачхьалкхан къайленех доьзна арахецна омра а. Тахана оха къовсаме диллинарг дара оцу шина документо тхан бакъонаш хьошуш хилар, Прудовскийн бакъонаш, цу тIе, оцу документаша пачхьалкхан къайленех долу лаккхара низам дохийна хилар – Реабилитацин низам. Оцу низамо емалйо дуккха шерашкахь лаьттина террор, оцу терроро вайн халкъ балехь кхаьбна, низамехь доцу бехктакхаман гIуллакхаш гIиттош хьийзинарш, пачхьалкхан террор яржорна бехкенаш бевза хан ю, аьлла хета Агальцована.

Кхеле деллачу орзан бухехь дара Татьяна Кулик бехктакхаме озош хIиттийна документаш къайладаьхначуьра схьаделла дехар. 1937 шеран Гезгмашин-беттан 20-чохь НКВД-н комиссино а, Советан пачхьалкхан прокуратуро а, Японина пайда гулбеш къайленаш ястарна, тоьпаш тоха кхачийра Куликна. 1989 шеран Гезгмашин-беттан 15-чохь реабилитаци йина Iедало хIаллакхйинчу зудчунна.

Куликан гIуллакх – иза Йоккхачу терроран заманарчу "Харбинан" муьран тоьшалл ду, ткъа хIетахь хIиттийна материалаш ю, массарна хIиттийнарш а санна, моттаргIанех тегна, дуьйцу Прудовский Сергейс:

Кулик Татьяна
Кулик Татьяна

– "Харбинхошна*" репресси еш НКВД-н № 00593 омра арадаьлла 1937 шарахь. Иза шайх халкъан операцеш олуш хиллачех цхьаъ яра. Оцу омрица 37 эзарна тIера 42 эзарне кхаччалц болчу наханна гIелонаш йина, 21 эзар стаганна тоьпаш тоьхна. Ишта аьлча, Кулик Татьянин гIуллакх – иза Харбинан операцерчу эзарнех цхьаъ ду. Иа лаьцна, бутт гергга хан яьлча Бутоворчу полигонехь йийна. 50-чу шерашкахь цхьаболчарна реабилитаци йина. Дисина документаш шайн зама ларъеш лаьттина, уьш къаленехь дисина. Советан Iедалан Лакхарчу Советан сацамца йина политикаца доьзна байъинчарна реабилитаци. Шуьйрра даржийна реабилитци яр 1989 шарахь. Юха, 1992 шарахь президентан омра арадаьлла, и гIуллакхаш довзийта деза аьлла, амма омра кхочуш ца дина, документаш къайленехь дисина. Иштачех дара Куликан гIуллакх а. 2019 шарахь бен ца довзийтина иза – ас динчу дIахьедарна дуьхьал, довзийтина цхьана декъехь, амма къайлаяьхна НКВД-н белхахойн цIерш, царех мел дерг, - дуьйцу Прудовскийс.

Довзийта схьадиллинчу документашкара дIаяйъина яра НКВД-хойн цIерш, даржаш, бхаяздина куьйгаш, наханна цIенойх хьежарх долу кехаташ, дареш, тIебаьхьина бехк, кхиндерг.

*"Харбинхой" олуш хилла Китайн-Малхбаленан аьчка некъан, Трансибрехан некъан белхалойх а, Китайра лаамехь Советан пачхьалкхе юхабаьхкинчу нахах а. Аьчканекъахой а, церан доьзалш а хIаллакбина я набахтешка хьийсийна.

ГIуллакхан материалашкара пачхьалкхан къайленаш

Лакхарчу кхелехь гIуллакх листа долош арз чуделлачу агIонан хийца дийзира шен дIахьедар: ФСБ-н векалша а, прокуратуро а процесс къевлинчу хьелашкахь дIаяхьа еза бохура, материалашкахь пачхьалкхан къайлен хилар юьхьа а оьцуш. Адвоката Агальцовас дийхира чуделлачу орзера пачхьалкхан къайле шеца йолчу ФСБ-н сацамга йолу претензи юкъаръяккхар. Президентан омране йолу претензи бен ца йисира. Агальцовас бахарехь, иза ишта а дара торуш – президентан омрано боххург дара ФСБ-н документашкахь а. Иштта йисира кхел йиллина.

Суна коьрта ду, кхелан сацаман кехаташ тIехь хир ду я дац кхеташонехь хьехийнарш НКВД-н белхахой хилар

Кхелехь ФСБ-н векалша чIагIдора, НКВД-н ницкъех, белхан кепех, Iалашонех йолу информаци пачхьалкхан контртерроран къайле ю бохуш. Ткъа арз чуделлачун агIоно иза иштта дац, президентан омра шуьйрра кхеталуш ду, бохура, нагахь санна Йоккхачу терроран, НКВД-н заманара документаш гIарадовлар ФСБ-на кхераме хеташ делахь а.

Кхел жоп лучу агIонехьа елира, юхатеттина цо чуделла арз. Адвокатан карахь цкъачунна сацам кхайкхош йолу текст бен яц, кхеташ дац, НКВД а, цуьнан белхан хатI а, Iалашонаш а йогIуш ю я яц таханлерчу ФСБ-н балхаца.

Шен арз листийтинчу Прудовский Сергейна дош ца кхачийна Лакарчу кхело шен кхеташонехь: низамо магадо юридикан-бакъонийн акташ луьстучу хенахь юрист воцчу орзахочунна дош ца дала, адвокатан бен яц и бакъо.

Прудовскийс ша це ца ваьлла кхело шен арз юхататтарх боху.

– Хир дара тамаше сацам кхечу кепехь бинехь. Суна коьрта ду, кхелан сацаман кехаташ тIехь хир ду я дац кхеташонехь хьехийнарш НКВД-н белхахой хилар. Ма кхардалаш сох, ма мотталаш ас деза къамел до: суна эхь хета и атйпа документаш пачхьалкхан къайле лоручу кху пачьалкханна хьалхара. Низам дохорна кхеле баьхна нах. церан цIерш йовзиIйтар пачхьалкхан къайле муха хуьулу? Оцо тешам бойъу нехан Iедалх, пачхьалкхан урхаллах, – аьлла хета Прудовскийна.

– Нагахь санна Оьрсийчоьно, цуьнан реабилитцех долчу низам ма-баххара, дуккха шерашкахь лаьттина террор емалъеш лахь, цо иза кхоччуш дан деза. Бехкбиллар – иза рогIера хIоллам схьабоьллучу муьрехь цIен цIуьрг тукарца хадор хилла ца Iа, иза кхетам меттабаллош бен болх а бу. Кхетам меттабалор – иза террор латтийначу нехан цIерш йовзийтар, терроран чарх йовзийтар ду. Ткъа вай цхьана агIор, формалехь, бехк буьллу - низаман преамбулехь боху иштта – ткъа дахарехь вайн бехкбиллар кхачало и цIург хадорца а, рогIера хIолламбелларца а. Дисинарг дерриг а дуьсу пачхьалкхан къайле, конфедициалан информаци а хуьлий, зуламхой къайла а хьой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG