ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЗаьIап нах хьийзош хилла ГIалгIайчуьра пачхьалкхан интернатехь


ГIалгIайчоь, Магас
ГIалгIайчоь, Магас

ГIалгIайчохь заьIап нахе бала бохьуш хиларх видео зорбанашкахь йаржийна Baza телеграм-канало. Пачхьалкхан бюджетан "Пседахан психоневрологин интернат-хIусаман" белхахоша дегIана цхьалха а болу нах дIабоьхкуш хилла гIентех а, пенех а.

Маца йаьккхина хилла Базас йаржийна видео, хууш дац. Телеграм-каналан авторша чIагIдарехь, интернат-цIийнехь масех белхахочо нах хьийзош хиларх хаамбира 2022-чу шеран марсхьокху-баттахь. Хьийзош хиллачийн гергарнаш гIоьртинера пачхьалкхан хьукматан персонал а, куьйгалхо Даурбеков Мохьмад а жоьпе озон. Амма прокуратуре арз дича а, пайда ца белира.

Интернатера ханна дIайаьккхинера лахара лоьрийн персонал, амма цомгашчу нахана тIехь къизаллаш лелор ца сацийра хIетте а. Даурбеков дIавелира балхара скандал иккхинчул тIаьхьа, иштта таIзарх велира иза, йаздо Baza телеграм-канало.

ГӀалгӀайчоьнан Ӏедало дӀахьедар дира, хьалхо 2022-чу шеран охан-баттахь пансионатехь низамаш дохорца доьзна инспекци дӀайаьхьна хиларх а, цуьнан жамӀашна тӀе а тевжаш, бехктакхаман гӀуллакх схьадиллина хиларх а. Йуьйцург муьлха артикл йу, хаамехь билгалдаьккхина дац. Талламан гурашкахь Даурбеков шен даржера мукъаваьккхира, карарчу хенахь цунах беш талламаш бу, чIагIдо Ӏедалхоша.

Карарчу заманчохь "Пседахан психоневрологин интернат-цIийнан" директор йу аьлла билгалйаьккхина йу Картоева Марина. Кавказ.Реалиин редакцино хаттар дахьийтина цуьнга цомгашчу нахана тIехь ницкъбарх баьржинчу хаамех лаьцна дийцар доьхуш. ХIара хаам зорбане боккхуш жоп кхачаза дара.

  • Краснодаран кӀоштахь бехкзуламан гӀуллакх долийнера психиатриндарбан цӀийнехь синкхетамца галморзахаллаш йолу 13 шо долу йоӀ хьийзорах лаьцна. Клиникера арайаьккхинчул тӀаьхьа, беран дегӀа тӀехь дуккха а чевнаш гучуевллера, йоӀ чIогIа азйеллера, цуьнан синкхетам кхин тIе а телхина хаабелира.
  • Дечкен-бутт чекхболуш пхи шо долу йоӀ йелира ГӀалгӀайчохь. Официалан йоцчу информацица, цунна дӀовш даьллера водородан перекисах. Церан доьзал аьтто боцуш бара аьлла дӀахьедира берийн омбудсмено Чахкиева Заремас. И тайпа гӀуллакхаш нисло социалан сервисаша ледарлонаш йитаран бахьана долуш, цара цхьа бохам хилча бен реакци ца йо, бохура Кавказ.Реалии сайто къамел динчу говзанчаша.
  • Буьри-ГIаларчу Промышленный кIоштан кхело 300 сахьтехь белхаш бар тIедожийра "Росинка" цIе йолчу доларчу берийн бешан хиллачу белхахочунна. Цигахь берана йиттина хиллера цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG