ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Закаев: Путинан политика теракташца йоьзна хуьлу


Литва - Путинан портрет, автор Вайткуте Йолита (Jolita Vaitkute).
Литва - Путинан портрет, автор Вайткуте Йолита (Jolita Vaitkute).

Террорхошна дуьхьал къийсам барах пайда а баьккхина, шен Iедалан а, Оьрсийчоьнан дуьненчохь йолу мехалла а лакхаяьккха гIерта Путин Владимир.

"Сui prodest", аьлча а, „хьанна санехьа ду?“ олуш хилла ширачу ромахоша цхьа хIума шаьшна шеконе хетча. Кху деношкахь а, Парижехь террорхоша 130 стаг а вуьйш, масех бIе лаза а веш, тIелатарш динчул тIаьхьа, ткъа йоллу Европа а ша шех Исламан пачхьалкхе олучу ДаIиш тобан керлачу терактех кхоьручу муьрехь, и хаттар . „хьанна пайдехьа дар террорхоша Парижехь къиза талорш дар“ бохуш долу, шуьйра дийцаре деш ду хаамийн гIирсашкахь а, интернет машанахь а.

Цу хаттарна жоп лоьхуш берш сиха кхочу, хиллачух уггаре а боккха пайда Оьрсийчоьнан Iедална а, дуьненан нуьцкъалчийн гуонера Украинера тIом бахьана долуш араваьккхинчу Путин Владимирна а хилла бохучунна тIе. ХIунда аьлча, Францехь хиллачун терго ечара тидам бина ма-хиллара, Парижера террорхойн тIелатаршкахь белларш кхоччуш багарбина а бовлале хазадуьйладелира ДаIишерчу террорхошна дуьхьал тIом бечехь Оьрсийчоьнан гIодоцуш Малхбузе чекхйалалур яц боху аьзнаш.

Ша Путин Владимир а, тIаьхьарчу шина шарчохь цуьнан урхалло ГIирма-ахгIайренна аннекси ярна а, Украинин Малхбалехь тIом беш болчу сепаратисташна гIодарна а, Джи -8 тобанна юккъера Оьрсийчоь ара а яьккхина, Малхбузенца гергарло ийгIина хилла волу, цу Францерчу бохамал тIаьхьа даьллачу масех дийнахь юха а потенциала партнер санна вийцаре ваьккхина дуьненан яккхийчу пачхьалкхийн куьйгалхоша. Ша иштта цу ролехь, воцуш йиш йоцу нийса накъост санна тIеэцийта гIерташ цуо къа а хьоьгу.

Масала, шен пачхьалкхан 224 вахархо вала а леш, Мисрера Петарбухе догIу кема Синайн лаьмнашкахь чудоьжча, беллачийн доьзалшка кхозлагIчу дийнахь бен ша вист а хуьлуш кадам ца бинчу, - деккъа Кремлан сайта тIехь президенто кадам бо аьлла яздар бен, - Путин Владимирс Парижехь террорхойн тIелатар хиллачу шозлагIчу диннехь кадам бира францхошка, цуьнца цхьаьна Олланд Франсуага сихонца террорхошна дуьхьал къийсам бар юкъахьа дIадахьа деза вай аьлла телеграмма а хьажош.

Хьанна санехь ду Парижехь хилларг бохучу хаттарна жоп лоьхучара и саннарчу деталашна тидам ца беш Iойла дац. Амма и деталаш хилла ца Iа, Путинна Францехь террорхоша тIелатарш дар пайдехьа хилар гойтуш долу тоьшаллаш, бохуш чIагIдо Нохчийн Республика Ичкерин урхаллин куьйгалхочуо Закаев Ахьмада. Цунна хетарехь, дуьхьал дIа цу тайпанчу бохамечу хиламах беркат даьллий бен дуьненан нуьцкъалчийн клубе юхаверза сатийсам бацара Путин Владимиран.

Закаев Ахьмад: „Вайна гуш ду тIаьхьарчу ткъех шарахь Путин политике веачахьана цуьнан дахарехь массо а цуо беш болу карчамаш а, хийцамаш а теракташца доьзна хилар, дуьххьара I999-чу шарахь Оьрсийчохь цIенош лелхийтарна тIера доладелла таханалерчу дийне кхаччалца. ХIинца тIаьххьара Парижехь хиллачунна тIехь вайн шеконаш ца хиларан хIун бахьанаш ду?

И санна долу хIума деш хилча, иза даима а цхьанна я цхьана хIуманна пайденна хила дезаш хуьлу. Цхьана Iалашонний, цхьанна тIеIаткъамний бен ца до иштта долу хIума. Ткъа цигахь хиллачух, цхьа а шеко а йоцуш, массо а агIор – политикехь а, дуьненаюкъарчу хьолаца доьзна а, дуьненан куьйгалхоша цуьнца таханлерчу дийнахь лелочу инкарлонца доьзна а – уггаре а пайда баьлларг Путин ву. Иштта хьал ца кхолладеллехь цуьнан цхьа а сатийсам бацара дуьненан лидерийн клубе юхаверза“.

ТIаьхьарчу деношкахь Францерчу хиламийн анализ ечу цхьа могIа тергамхоша хьахийна ду, цу бохамах Кремлана са хиларх дерг. Амма вевзаш волчу оьрсийн аналиста, политолого Белковский Станислава „Эхо Москвы“ радион эфирехь кхин а алсамох элира.

Цуо чIагIдора, Парижехь теракташ хирг хилар Путинна шал шера хьалхехь хууш дара шен ДаIишна юккъерчу агенташкара, аьлла. Белковскис чIагIдарехь, оьрсийн леринчу сервисашна дика хаа ДаIишан Iалашонех дерг, хIунда аьлча церан цуьнца готта зIенаш хиларна.

„Кхеташ ду Путинна Парижерчу терактехь хьалхехь дуьйна хууш хилар, цуьнан ДаIишехь шуьйра агентура ю, цу даIишан куьйгаллехь Саддам Хьусейнан тешаме хилла болу Баас партиин куьйгалхой хиларна“ , - элира Белковскийс.

Закаев Ахьмадан а яц ДаIиш тобанца Кремлан уллра гергарло хиларх а, и тоба Путинан а, Оьрсийчоьнан интересаш ларйеш хиларх а. Цунна хетарехь, жимма хьалха Нохчийчохь шен маршонехь къуьйсучу пачхьалкхана метта Имарат Кавказ аьлла тоба а кхоьллина, юха цу тобано Оьрсийчоьнна пайдехьа де-дерг шена тIеоьцуш хиларх терра хIума ду хIинца ДаIишно шена Путинна санехьа долу талорш тIеэцар а.

Закаев Ахьмад: „И ИГИЛ, и теракташ шена тIеэцна йолу тоба, цхьа шеко а йоцуш, вайгахь дахкон тоьшаллаш а долуш, оьрсийн леринчу сервисаш декъахь а йолуш кхоьллина структура ю, вайн цIахь кхоьллина хилла Имарат Кавказ санна. Путинна оьшуш мел дерг шена тIеоьцуш яра и Имарат Кавказ, хIинца цунна санехь дерг шаьш дина бохуш хIуъу хIума тIеоьцуш а, оьцур долуш а ИГИЛ а ю, Путинс хIуъу дахь а. Иза Путинна хаа а хаа. Тахана Путин кху дуьненна коча тасса гIертачу структурано дина зулам дара и Францерниг. Цу структурин цIе ФСБ ю“.

Ала догIу, Закаев Ахьмада санна ма-дарра цIераш а йохуш Путин хиллачун бехке ван ца хIиттахь а, амма цхьа могIа Малхбузерчу тергамхоша а, аналисташа а яздо, Францехь хиллачу террорхойн талорех уггаре а йоккхачу санехь нисвелларг Кремлан коьртачу гIентан да Путин Владимир ву бохуш.

Иштта, масала, немцойн политолого Бенеш Александра элира, хилларг ДаIишо тIелацаро а, ткъа дуьненан пачхьалкхийн куьйгалхоша и тIелацар, толлуш а доцуш, баркаллийца тIеэцаро а вуно аттачу даьккхина Путин Владимиран карарчу хенера дахар, аьлла.

Германехь вехачу аналисто Преображенский Ивана шен Дойче велле агенталлина язйинчу артиклехь Парижерчу терактех Путина баьллачу пайданех кхин цхьаъ лерира, цуо хIинца террорхошца къийсам латтон беза бохучу бахьанца кхин а чIогIох Оьрсийчоьнна милитаризаци йийр хилар.

XS
SM
MD
LG