ХIинжа-ГIалин ОМОН-н декъан шина белахочунна Хасбулатов Азаматна а, Гусейнов СаIидна а кхел йина тIеман низамаш а, ламасташ а дохорна. Кхело къастийна, Оьрсийчоь тIелеттачу йуьххьехь украинхойн Васильевкехь болчу эскархойх хаамаш баха гIерташ, ницкъбина цара.
Оьрсийчоьнан эскарша гIала дIалаьцначул тIаьхьа Хасбулатов гIалин тIеман администрацин куьйгалхочун гIовс хIоттийра, ткъа Гусейнов СаIид – цуьнан гIоьнча, аьлла ду Запорожьера Заводской кIоштан кхелан таIзар тIехь йаздина. Оцу гIуллакха йукъахь пхиъ волайнхо ву, царех веанна тIехь Iазапаш хьегийтина цара: гIожмаш, ток йоьттуьйтуш, церан кортош тIе тIоьрмиг а боьллина, церан нах бойур бу баьхнера. Кхин а цхьаъ лачкъийна хилла цара, шина дийнахь-бусий лаьцна а латтош.
Васильевскан кIоштара Верхняя Криница эвлан старостас Яворский Сергейс дийцина кхелехь, Гусейновс кхечу эскархошца цхьаьна зазадокху-беттан 26-чохь шен цIа веара, Васильевка Iалашйан герз деллачу нехан цIераш йийца шайна бохуш. Тептарш хIаллакдина аьлла, цо жоп делча, старостана ток йеттийтинера – кIиранах Васильевскан полицин декъехь латтийнера иза. Оццу дийнахь Гусейновс шен накъосташца цхьаьна кхин а кхо вахархо лачкъийра Верхняя Криница эвлара – вежарий Евгений а, Александр а Шевченко, Малыш Иван а. Диъ де даьлча дIахийцира уьш, цара массара а дийцинера, шайна тIехь гIело хьегарх.
Охан-беттан 2-чохь Васильевкера блокпостехь Хазбулатовн омраца лецира оцу хенахь Токмакскан кIоштан куьйгалхочун гIовс хилла Чуба Александр, шен машенахь Запорожье чу ван гIерташ хиллера иза. Кхелехь цо а дийцинера, шен паспорте хьовсучу хенахь телефон а, кехаташ а схьадаьхнера шегара, цул тIаьхьа тIеман кир кхоьхьучу машенахь Васильевскан кIоштан полицин декъе дIавигира ша. Цигахь ши де дакххийтира цуьнга – цул тIаьхьа маьршаваьккхира. Чубас бахарехь, иза лаьцна латточу ницкъахоша хеттарш дора цуьнга, амма ницкъ ца бина.
- Украинехь лелон харцонаш толлучу дуьненайукъарчу комиссино адамийн бакъонашкахула йолчу ООН-н Кхеташонехь гезгамашин-бутт бовш керлачу рапортаца къамел дина- бакъоларйархоша хьесап дина, Оьрсийчоьнан эскарша Украинан дозанаш тIехь тIеман зуламаш лелош хиларх маьршачу нахана дуьхьал. Рапортехь охьадагардина герзаш лелош харцонца дина тIелетарш, Iазапаш хьегийтар, хьийзор, иштта энергетикан инфраструктурина тIелетар.
- ГIадужу-баттахь Запорожьера оккупаци йинчу декъехь лецира 29 долу Дагестанан вахархо, "Шторм-Гладиатор" ротин командиран гIовс. Хьалхо кхел йина хиллачу йолахочух шеконаш йу, цо шен ши накъост вийна аьлла.