Шерашкахь далхадора шайна тIехь гIело латтош хилар Оьрсийчоьнан набахтийн урхаллин Саратов-махкарчу туберкулезах дарбадечу хIусаме кхочучара. Санитараш а, бахамна тIехьожурш а шайх бинчу тутмакхаша хьаькамийн я ФСБ-н "М" декъан белхахойн лаамца Iазапе верзавора шаьш санна волу тутмакх, видеогайтамашка а дуьллура шаьш дийриг. ГIадужу-баттахь бакъонашларъяран Gulagu.net проекто яржийра интернетехула оцу могIарара йолу Саратов-махкара видеоматериалаш. Лелларг бахьанехь гIаттийна масийтта бехктакхаман гIуллакх.
"ТIехьожучара белла болх кхочушбеш, тутмакхех бевлла капо (Германерчу фашистийн набахтешкахь озабезамбеш къастош хилла тутмакхаш–ред.) лелла чохьбохкурш "стен беш", царна гIелоеш – оьрсех, нохчех, дагестанхойх. Гуьржех, азербайджанхойх, Оьрсийчуьрчу кхечу къаьмнех бу хьийзийнарш", – яздо Gulagu.net проектан автора Осечкин Владимира. Набахтин дарбан цIийнехь латтийна къизалла цахеддаш йовзуьйтуш, Iазапан хьерах долу тоьшаллаш охьадохкуш схьавогIу иза.
Кавказ.Реалиин корреспондентан къамел хилира. Шайлахь къилбаседа-кавказхой а болуш, Саратоврчу ОТБ-I дарбан цIийнехь гIело лайначу нехан адвокатца Алиева Азица. Системо - набахтийн белхахоша, тIехьожучу инстанцеша - муха "кегбора" тутмакхаш, дуьйцу юриста.
– Gulagu.net проекто Iарабаьхначу видеогайтамаша муха ойла кхоьллина хьоьгахь? Я оцу дарбан хIусамехь лелла къизалла адвокаташна евзаш яра ишта а? Дуьйцурий тутмакхаша шайна цигахь гIело ярах, шаьш сийсазбарх лоций?
– Бакъдерг эр ду ас, со йилхира видео хьожуш, кхийтира айса тергоне эцначу тутмакхаша лайначу баланех. Иза мел ирча хьал ду, мел къиза ду ала а ца ло – суна гина и суьрташ кхета ца даллал, сан коьрто тIе ца эццал маьттаза ду.
Шайна хилларг кегийнаха дуьйцуш, сан са кхоччуш тIаьхьа ца кхуьура хьал мел декъаза ду. Цхьаъ делахь, моьттура лелларг цара "дестадо", вукху агIор – 21-чу бIешеран заманахь леладойла дац оцу кепара ирча Iазап, аьлла хетара. Айса тергонехь латтош болу нах оцу видео чохь сайна гича, мел гIиртинехь а, сайга царна гIо данделла дацар коьрте а даьлла, йилхира со.
Ца теша нийсо карор ю бохучух, ца теша Оьрсийчоьнан нийсонан хьукматех
Ас айса гIодечу Мирзоевна а, Сухановна а тIехь латточу гIелонех лаьцна иттех инстанце аьрзнаш хьовсийра – Саратоврчу Заводской кIоштан талламчашна тIера Инарла прокуратурина, адамийн бакъонашна тIевиллинчу президентан векална тIекхаччалц. Кепанна цхьабосса жоьпаш дахкийтира: "аьрзнаш леррина теллина, дуьйцу зуламаш лелла дац".
– Адвокатех тешаш болу тутмакхаш дийца хIуьттий цаьрга шайн сийна тIекхевдарх, гIелонащ ярах лоций? Къизалла Iораяккха маьIна хуьлий тутмакхашна, я шаьш сийсазбина боцуш санна IадIар тоьлу царна?
– Хилларг дукхаболучарна ца лаьа нахалдаккха. ХIораннан а шен бахьана хуьлу. Цхьаверг Iедало кхидIа а хьийзорна кхоьру, кхечунна иза дицдан лаьа, ирча гIан санна. Наггахьверг бен ца хIутту ша сийсазварна бекхам бан, муьлхха а мах охьабиллина а, нийсо лаха – ца теша нийсо карор ю бохучух, ца теша Оьрсийчоьнан нийсонан хьукматех.
– Къилбаседа Кавказера схьабевллачарна тIехь латтийначу Iазапах лаций дийцахь. Кхечарна ечу гIелонех къаьсташ хуьлурий царна ен гIелонаш, хIун башхаллаш хаалора?
– ГIело хIоранна а шенна къастош хуьлура. Кхуза мел валош волчу тутмакхна "дан дезарг" хьаькамаша къастош хиллачух тера ду. Йоккха программа, кеп-кепара программаш хилла, гарехь. Тутмакхан статусах, ша санначаралахь цуьнан цIе лаларца доьзна. Цхьанна йиттича тоьаш хилла, кхечуннах - "зуда яр", боьха мел дерг дар, "охьатовIийначийн" могIара ваккхар. Цхьаверг кхрийча а тоьаш хилла. Доцца аьлча, ОТБ-1 юйла хууш лелла муьлхха а тутмакх, цунах лаьцна хезаш хилла массо а набахтешкахь, тутмакхаш еккъа цуьнан аббревиатура хьахийча а кхоьруш баьхна, цигахь шайх дендерг а хууш.
Со а, сан накъостий а тийсабелла кху системех, амма бала ца кхочура хьаькамийн
Стенна хьийсабо къилбаседа-кавказхой шайн мехкашна генарчу набахтешка – иза доккха хаттар ду. Ца хоьтту цаьрга, стенгахь тоьхна хан такха лаьа царна, керлачу низамо уьш шайн гергарнаш бехачу меттигашна гергахь чубоьхкина кхаба бахахь а. Саратов-мохк бийцича, кхуза уьш кхерорхьама кхуьйлуш хилла.
– Бакъонашларъечу проектан информаторна Савельев Сергейна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх айдича, дог-ойла йоьхний Iазап лаьцна дийцинчийн? Кийча буй уьш набахтешкахь лела харцонах Iораяха?
–Савельев Сергей вайн заманера турпалхо ву. Айса гIодечу кIентийн цIарах алалур дац соьга, амма сайгара баркалла боху ас цуьнга. ОТБ-1 цIийнехь мел йоккха къизалла лелла гайтина цо. Со а, сан накъостий а тийсабелира кху системех, ткъа бала ца кхочура хьаькамийн. Кхочур а бацара мел шераш дIаэхарх а, ас тоьшалла до хьуна.
Сухановна цигахь юьхьах тIеда гатанаш а хьерчош, сахьташкахь тIе хиш диттина
Ткъа хIинца гуш а, дегIе зуз доуьйтуш а ду тоьшаллаш, нахах къайладахалур дац уьш хIинца.
– Дерриг толлур ду, бехктакхам гIаттор бу аьлла хетий хьуна?
– Сатуьйсу. Теша бехкенаш, Iазап чекхдоккхуш хьийзина могIарнаш лецна ца Iаш, иза леладайтинарш а, шерашкахь и къиза хьал латтийраш а лоьцург хиларх.
– Оьрсийчоьнан набахтийн урхаллин система ца евза нах цецбуьйлу, муха мега цигара белхахошна бандиташ санна лела, бохуш. Цара "понятешца" (набахтийн ламастехь – ред.) до къамел, криминало а санна, хьалхарчу метте буьллу ницкъ, гIелояр, тутмакхаш "стен бар". Иза дерриг а набахтийн кочар телхина ду бохург ду, я яьржинчу видеоно гойтург массанхьа а лела?
– Набахтйин белхахой – иза шатайра категори ю. Интеллигенташ, дешна нах бац царалахь. Цига къиза нах, бандитийн амал йолу нах леррина лехьош санна хетало. ЛартIахь верг, эхь шеца дерг ларор а вац оцу балхахь – цунна хийра хIума ду къизалла лелор. Цигахь доза доцу ницкъ бу белхахочун карахь, цунна мега стаг сийсазван а, тутмакхера ахча даккха а. Системо ша кхиабо ишта нах, цунна оьшу уьш. Берраш а ишта бу эр дац ас, амма дукхахберш бу. Суна бевза набахтийн системера дIа а бевлла сайца болх бен коллегаш. Сан керла масал а ду – суна бевзаш болчу доьзалера йоI дIаяьлла набахтерчу балхара, цигахь шена дайначухйоьлхуш лела хIинца а.
– Туберкулезан дарбан цIийнехь лелла къизалла – иза массанхьа а дерг хуьлу-кх тIаккха?
– Ду. И хьал регионерчу дозанал дуккха а гендаьлла, дIасадаьржина лела. Саратоврчу набахтешкара боцуш, Дагестанера а, Къилбаседа ХIирийчуьра а ма хьийсийна кхеза таIзарш дан тутмакхаш. Муьлххачу а регионехь тутмакхна етта езахь, иза сийсазван эшахь, кхуза хьажош хилла.
Ас юридикан гIо кхачош ву Суханов – догцIена, дика адам ду иза, ОТБ-1 ницкъаша чекхъяьккхийтина цуьнга. Цо дукха яздина ша цигара №7 набахте юхавахийтар доьхуш. Ас хоьтту набахтин хьакамашка, аш стенна хьажийна иза ницкъаша ОТБ-I цIийне, туберкулез кхетта цунна? КхидIа – ОТБ-1 чуьра аравоккху иза, амма ша Iийначу набахте юха ца валош, ИК-13 набахте вуьгу. Саратов-махкахь уггаре луьра, къиза набахти ю иза. Шеко а йоцуш, цигахь ю вай юьцу къизалла. Сухановна цигахь юьхьах тIеда гатанаш а хьерчош, сахьташкахь тIе хиш диттина, ша набахтерчу жигархошна тIе доцург дийцина ала, ОТБ-1 набахтехь гIаттам эккхийтинарг ша ву ала, бохуш.
Уггар а доьхнарг хIун ду хаьий хьуна? Набахтешна тIехьожучу прокурорна, талламчашна го стаг йиттина, гIибаваьккхина вуйла, го къизалла лелаш юйла. Кхечу, ас гIо латточу Мирзоевн юхь, шена йиттинчул тIаьхьа, ялгIо санна дIашарйина яра – доккха цхьа томмагI. Талламча вогIу иза волчу, прокурор вогIу, массарна а го. Ткъа шаьш чяздечу жоьпашкахь боху:"Хьал леррина теллина, низам талхийна меттиг ца карийна". БIаьргашш дIакъовлу деккъа дIа. Доллучу а зуламех.
***
Савельев Сергей ОТБ-1 дарбан цIийнехь цхьана юкъанна видеотергаман камерийн администратор хилла, наркотикаш лелийна аьлла, шена тоьхна 9 шо токхучу хенахь. Цул хьалха Краснодар-махкарчу талламан изооляторехь Iийна иза. Набахтех мукъаваьлча, видеоархив Iора а яьккхина, Оьрсийчуьра вада аьтто баьлла цуьнан, политикан тховкIело яларе хьоьжуш Iа хIинца Францехь. Савельевна дуьхьал бехктакхам гI]аттийна Оьрсийчохь, бакъо а йоцуш компьютеран информаци долаэцарна, къайкхийна лаца, амма деношкахь прокуратуро сацам арахецна оцу барамна дуьхьал – низамехь дац иза лаца гIертар боху.
Саратоврчу туберкулезан цIийнахь лелларг лелла Ростоврчу и санначу №19 дарбан цIийнехь (МОТБ-хь). Цигахь тутмакхаш маьнгех а боьхкий, психотропан молханаш а мийлош кхаьбна, хьийзош, "стен беш" хилла. Цунах лаьцна дийцина 60 сов тутмакхо, амма Ростов-мехкан талламан урхаллин хьукмато дацаредеш хилла аьрзнаш. Регионера прокурор а, набахтешна тIевиллина коьрта хьаькам а хийцича долийна гIуллакх талла.