Етташ, нийцъбора шена доьзалехь аьлла, еддачул тIаьхьа Тарамова Хьалимат лачкъийна юхайигарх лаьцна журналисташ деллачу хаттарна жоп дала дуьхьал хилла Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретарь Песков Дмитрий.
"И тхан хаттар дац. Иштачу меттигехь бакъоларъяран органашка дIахоуьйтуш хуьла", - аьлла Песковс, Тарамован исторех лаьцна хаамийн гIирсашкахь яздинарг Кремлехь гарх билгалдоккхуш.
Зорбанан гIирсаша яздарехь, Кадыровн гонерчу, Соьлжа-ГIаларчу "Гранд-паркан"директоран Тарамов Аюбан йоI ю Тарамова Хьалимат. Дийцарехь, кадыровхоша ХIинжа-ГIаларчу зударийн къайлабохучу хIусамна чу а лилхина, Мангал-беттан 10-чохь нуьцкъаша Нохчийчу дIайигина иза. ЦIера ядале хьалха видео дIаязйинера Тарамовас, ша лехамашка ма ло аьлла. Делахь а, ша Соьлжа-ГIала дIайигинчул тIаьхьа цо дIахьедира, хIусамехь цхьаммо а хьийзош яц ша аьлла.
Оцу юкъанна, республикан къоман политикан, арахьарчу зIенийн, зорбанан а, информацин а министра Дудаев Ахьмада хиллачунна бехкебина зудчунна Кавказера яда аьтто бан гIиртина бакъоларъярхой.
Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело Оьрсийчоьне схьадехна Тарамова Хьалимат лачкъйина йигарх документаш.