Къилбаседа кавказехь тIаьххьарчу 24 сахьтехь динчу зерашца, 57 дархо велла COVID-19 уьнах, кхин а тIе цомгаш хилла 1114.
Iедалхойн хаамашца, Краснодаран кIоштахь велла 24 стаг, Норхчийчохь – итт, Ставропол-махкахь – ворхI, ГIебарта-Балкхаройчохь – виъ, Кхарачой0Чергазийчохь а, Адыгейхь а, Дагестанехь а – кхоккха, Къилбаседа-ХIирийчохь – шиъ, ГIалмакхойчохь – цхьа дархо велла.
Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандеми юкъаяьлчхьана велла COVID-19 вирусах 11 963 стаг.
Къаьсттина дукха буу н даьлларш тIаьххьарчу дийнахь-буса Ставрополан кIоштахь, кIезиг бу – Адыгейхь.
Ставрополан кIошт+ 229 (59 760 пандеми яьржичхьана)
Краснодар-мохк+ 226 (54 841)
Дагестан + 195 (38 309)
Нохчийчоь + 107 (13 856)
ГIалмакхойчоь + 107 (22 866)
ГIебарта-Балкхаройчоь + 66 (25 653)
ГIалгIайчоь + 59 (16 714)
Къилбаседа-ХIирийчоь + 50 (17 793)
Кхарачой-Чергазийчоь + 50 (21 431)
Адыгей + 33 (15 487)
Таханалерачу дийнахь Къилбаседа Кавказехь ун хааделла ву верриг а 2867 10 стаг. Йоллу Оьрсийчохь бу уьш тахана, Товбеца-беттан 14-чохь, официалан хаамашца, 5 857 002* коронавирус кхетта нах.
*Оьрсийчоьнан официалан статистикано чоьте эцна аннексий инчу ГIирмера хьал а цхьана.