Царнаев Жовхаран гIуллакхехь керла агIо йиллина

Цхьанатоьхна Штаташ -- Кхелехь суртдиллархочо Царнаев Жовхаран Моклей Джозефан Федералан кхелан цIа чохь диллина сурт, Бостон, 10Тов2013

2013-чу шарахь Охан-баттахь Iамеркерчу Бостонехь марафон дIахьуш динчу эккхийтарна бехке веш волу Царнаев Жовхар, шен воккхах волчу вешин Тамерланан урхаллин кIел хилла ву аьлла дIахьедар дина Жовхаран адвокаташа. Оцу дIахьедаро цуьнан гIуллакхехь хIун хийца тарло?

Охан-беттан 15-чу дийнахь Бостонехь дIаяьхьначу марафонехь шиъ эккхийтар хилира. Официала хаамашца кхо стаг велла, кхин а 282 стагана чевнаш йина. И лелхийтарш толлуш дIахьучу талламо билгал а ваьккхина, кхеле озийна пхи стаг ву, Царнаев Жовхар царах цхьаъ а волуш.

Царнаев Жовхаран адвокатана тIе а тевжаш, и тайпа хаам бина Associated Press агенталло. Адвокато аьлла, «Царнаев Тамерлана шен жимах волу ваша цу зуламна юкъаозийна хилар юьхьар а лаьцна, цу тIера хьовсуш ду тхо».

агахь санна, Царнаев Тамерлана шен жимах волчу веше цу зуламехь нуьцкъала дакъа лацийтина хилар адвокаташка тIечIагIлахь, иза вен таIзар кхайкхорах кIелхьарвала мега. Нагахь санна цунна тоьшаллаш ца карадахь, кхело Жовхарна вен кхел кхайкхон сахьт дац.

Юхьанцара дуьйна а кхеташ дацара, цуьнга кхийдочу бехках хIун таIзар догIу. Эккхийтар хилла Бостон-гIала Массачусетс штатехь ю. Ткъа цу шататехь вен кхел яр тоххар дIадаьккхина. Амма низамаш бахарехь, меттигера барамехь динчу зуламна ца йогIу вен кхел.

И зулам федералан барамехь лоруш делахь, вен кхел кхайкхон йиш ю кхелан. Прокуратуро и теракт федералан барамехь лерина. Ткъа меттигера бахархой – 57% - дуьхьал бу Царнаев Жовхарна вен кхел кхайкхорна.

Охан-беттан 20-чу дийнахь лаьцнера Жовхар Iамеркан полицино. Цул а цхьа де хьалха Тамерлан вийнера герз а тоьхна, Жовхар а, Тамерлан лечкъаш хиллачу Бостонан йистехь. Карарчу хенахь Массачусетсан федералан кхело толлуш ду Царнаев Жовхарна дуьхьал долу гIуллакх. Ша и кхел, даханчу шеран Товбеца-беттан 10-чу дийнахь йолаелла. Цуьнга кховдош болу бехк 30 артиклх лаьтташ бу. Царах цхьанненгахула а ша бехке ца хета Жовхарна.

Цуьнан адвокаташа кхеле кховдийна, Iамеркан Федералан Талламан Бюро Тамерланах информатор ван гIерташ хилла хиларан. Баханчу Зазадоккху-беттан 29-чу дийнахь 23 агIонах лаьтта документ чуделла кхеле. Цу тIехь дуьйцуш ду, и Бюро Тамерлане Iамеркан къайлахчу сервисашца болх байта гIерташ хиларх лаьцна.

Нохчийчура бусулба юкъараллех лаьцна хаамаш гулбан безаш хилла Тамерлан, цу сервисийн планашца а догIуш. Ткъа адвокаташа чIагIдарехь. Iамеркан лерринчу сервисаша кховдийна ойланаш нийса тIе ца эцна Тамерлана. Цуьнан «паранойя а, сингаттам а» алсам а баьккхина, теракт ян карзахваьккхинчух тера ду, бохуш яздина Boston Globe газето, Царнаев Жовхаран адвокаташна тIе а тевжаш.

Зазадоккху-беттан 27-чу дийнахь Iамеркан Конгрессо хааме даьккхина, Бостонехь йинчу терактан бинчу талламан рапорт. Цу рапортан хьесапехь, Iамеркан бакъонийн органаша цхьанаболх баран лахара тIегIа гайтина. Кхераме лоруш хиллачу Тамерлане 2012-чу шарахь хаттарш дан гIерташ хилла леррина сервисаш.

Амма, дийцарехь, хаамийн базехь йолу цуьнан длен цIе кхечу кепара язъйина хилла. Оццу рапортехь дуьйцуш ду, оьрсийн лерринчу сервисаша Iамеркан сервисашка хаам бина хиллера, Тамерлан радикалан бусулба нахаца цхьа уьйраш йолуш хила тарло, аьлла. Амма, Iамеркан Федералан Талламан Бюрона хIумма а ца карийнера, цуьнан террораца уьйраш хилар тIечIагIдан.