Your browser doesn’t support HTML5
Дикаев Мохьмад
ПХЬЕРАН НАНА
Хьо йилхира, кIентан нана,
Iаьржа бIаьргаш цIийбаллалц,
Хьайца елхош Iаьржа мархаш,
Мокха стигал сенъяллалц.
Мархаш зарзъеш, генара хьаьжна,
Малхо стогар латийра,
ГIенах санна, велакъежна,
Iуьно шедаг лекхира.
Хьан кIантана хезаш яцара
Iуьно арахь лоькху шок,
Цкьа а хьуна дагахь дацара
Тийна ган хьайн кIентан дог.
Хьо, гатъелла, гIийла тийжарх,
Цо хьаббина бIаьрг беллалц,
Нана, и ма чIогIа вижна?! –
Хьо мел кхайкхарх, вистхилац.
ЦIepгa цо хьийзийна морзах
Ца кхиина шелбала,
ХIай, къинхетам, балахьа орцах,
Наб кхетта кIант гIаттаван!
Эрна ду хьан елхар, нана,
Орцахдовлар тIаьхьа ду,
Яйна кIентан кийрахь алу,
Пхьеран пхьалгIа шеллуш ю.
Суна-м хаьа, хир буй пхьераш,
Юьртахь алу йогур юй,
Цунна дукхадезна бераш,
Байлахь доцуш, кхуьур дуй.
ХIетте, кхоларш даг тIе хьийза,
Шийла хета маьлхан де,
Дарцехь санна, жIаьла а цIийза,
Къахеташ шен дикчу дех.
Валар-висар когаш кIел ду,
Дуьне дезар вайн ницкъ бу,
КIентан нана, хьо ма гIелло,
Хьуна тIаьхьа яхар ду,
Со-м ца воллу нана Iexoш,
Сан догцIена декхар ду:
Iожалло шен мангал хьекхарх,
Дуьне дезарш бехар бу.