Your browser doesn’t support HTML5
Хазачу йоьIан тIулг
Мамакаев Мохьмад
Тхойшиннан говраш йоргIа эцна йоьлхуш яра.ТIаьхьаюьсуш, кIунзал баьла корта санна, буц йоцуш гIамарин таммагIанашца бIаьрго схьа ма лоццу еса аре яра. Цкъа а дIакхочур вуй-те аьлла, дIахьаьжча йист йист ца гуш изза аре хьалха а яра. Сан накъост, урс хьаькхча иккхина хIума санна, готто беха ши бIаьрг а болуш, Iаьржачу аматахь къона стаг вара. Иза Илесан Iимран вара. Шен сира-Iожа говр юха а оьзна, Iимрана хаьттира:
- Муха хетта хьуна тхан аренаш, хаза юй?- аьлла, шеен йоккхачу юьхьца вела а къежна, гондхьа бIаьрг туьйхира цо.
- Хаза ю, делахь а гIа-буц кIеззиг ю-кх кхузахь, IиндагI а дац, бIаьргашна гуш цхьанхьа агIишло а яц, -элира ас, айса и муха олу а ца хууш.
- ГIа-буц яц бохург хIун ду? ДIахьажал!- аьлла, шеен шовдан кхожаца малхо макхъеш ягийна кондаршший, аренан кIохцалшший гайтира Iимрана, леррина арене шеен хьажар духа сунна тIе а дерзош.
- Шу Iемина даккхийчу диттйн IиндагIашкахь Iен, кемсийн таьллангаш кIел садеIа, тхуна –м ю хIара аренаш хаза а, ненан дукха езаш а, эшначохь дагна IиндагI долуш а.
Деа дагахь йилбазалла доцуш, айса аьлларг сайн накъостана чIогIа халахеттийла хиира сунна, цундела:
-Iеминарг, дезаш дагах доьлларг, бIаьрго безамца лехнарг муьлххачунна а хаза ду. Шуна беза хIара мохк, дайх бисна шайн болу дела, тхуна а беза тхешаниг, -элира ас.
- Иза а бакъ ду, - элира Iимрана, вуха а соьгахьа а вирзина, - дуьне хIоьттичхьана схьайогIуш адаман амал ма ю и.
Юха тхойшиннан говраш йоргIахь йоьлхуш яра.
Генна хьалхахь дежаш жа гучуделира.
Тхойшиъ тIе а кхачале, леташ даккхий жен жIаьлеш даьхкира дуьхьал.
-ДIадовла, йовсарш!- аьлла, шен беха коьжалг а айина дIачовхийра къеначу жаIуьно жIаьлеш.
-Ассалам Iалайкум! Де дика хуьлад хьан, воккха стаг!
- Ва Iалайкум салам! Марша догIийла шу!- аьлла, тхойшинна роггIехь куьйгаш лецира, малхой, мохой дахчийна, Iаьржа, замано хершнаш тийсина декъано юьхь-сибат а долуш, лекхачу дегIахь, хана кхузткъа шо хир долуш волчу къеначу стага.
- ХIра ву-кх хьуна вуьйцуш хезнагIараваьлла жаIу Аслан! Тхан кхиамаш тIехь кIеззиг меттиг яьккхина-м вац хьуна хIара, -ша хестор ца дезаш велахь а, элира Iимрана, вела а къежна.
- И мА дийцахьа, Iимран, массара а бо дика болх. Ас динарг-м доккха хIума дацара, сайн къеналлина кIел саца ца лууш лела-кха-аьлла, куьг ластийра жаIуьно.
- Ас-м бакъдерг боху, Аслан-ата, кхечара динчуьнца а ду хьан алсам дакъа, ахь гойтуш, хьоьхуш цара иза дина дела.
- Ас и ца динехь а, со хестош бен хьо Iийра-м вацара, -аьлла, вела а къежна, дIадерзийра къеначу стага къамел.
- Кху аренийн а, тхан совхозан а гIуллакхаш Асланна дика хаьа хьуна. Кхуо дуьйцур ду хьуна мел дезарг а, -аьлла, тхойшиннан Iодика а йина, тIахъаьлла говра хиира Iимран.
Кхоссаеллачу говро цхьа иттех гIулч яьккхича, иза юха а озош, тхойшингахьа схьа а вирзина:
-Аслан-ата! Акхболте а, кхечаьрга а суьйранна хьо волчу гулло алал, сарахь вогIур ву, вайн дан къамелаш ду, -элира Iимрана.
- Мегар ду! – аьлла, корта таIийра къеначу жаIуьно.
- ДIахьажал цуьнга, муха хетта хьуна и бере?- аьлла воккхавеш соьга хаьттира Аслана, чехка йоьдучу говрахь боьгIна хьостам санна, Iачу Iимране а хьаьжна. – Партин стаг ву хьуна иза. Массо а хIума хаа лууш, массанхьа а кхочуш, халаниг уггар хьалха шена тIеоьцуш и дан гIерташ стаг ву Iимран. Со хIунда лела моьтту хьуна кхузахула? И ву хьуна со айвинарг а.
- ТIам тIехь цхьаъ бен воцу кIант а вийна, бер карахь нус а юьсуш, сайн йоккхачу стагца , суо воцург хи белхало а воцуш, висира со. Цхьана сарахь ван а веана: «муха веха хьо? ХIун хьал ду хьоьгахь?», - аьлла, хеттарш а дина и дIавахана кхо-диъ де а далале бераца йисинчу несана а, суна а пенсеш хIиттийра, тхан хIусам тояйтира, шурина етт кхио нисделла шинара делира суна. Ткъа, иштта Iалашвеш хилча, муха Iийр ву хIуммаъ ца деш чохь, аьлла , Iимрана шен ах къоналла суна схьаелча санна, къонвелла араваьлла –м дера ву хьуна со, -аьлла , Iимран хастийра къеначу жаIуьно.
Начало формы
Начало формы
.
Кху арарчу олхазаршна юккьехь yrrapе а йоккханиг иза. Дарта атта еззар ю, цо шина метре кхоччуш дIа-схьа тесначу т!емех а, цуьнан парг!ат леларх а.
|