Your browser doesn’t support HTML5
„Путин Владимир кIирандийнахьехь толам дIакхайкхина: оьрсаша керла парламент хаьржина, шена чохь цо куьйгалла дечу партино, хьалха санна, дукхах йолу меттигаш дIа а лоцуш, цу харжамашкахь дакъалаьцнарш мел кIеззиг хиллехь а“, - бохуш яздо Цхьаьнатоьхначу Штаташкарчу The Wall Street журнало.
Хаамийн гIирсо шен оршот дийнан лоьмаран хьалхарчу агIонтIехь кхоччуш дуьйцу Оьрсийчуьрчу харжамех лаьцна. „Регистраци ян кадяьллачу еа партех массо а аьлча санна Кремлан агIончех лаьтташ. Харжамийн хьалхарчу жамIаша ма-гайтара, урхаллерчу „Цхьаале Оьрсийчоь“ партина дукхах йолу меттигаш кхача езаш ю, хетарехь, 50 процентал сов, аьлча, и бохург ду, кхул хьалха хиллачу харжамашкахь чул а алсамо“, - бохуш яздо хаамийн гIирсан Москохарчу корреспонденто Феррис-Ротман Эмис.
Цо дуьйцу, харжамхой кхаж тасса бахар кIирандийнахь сел лахара хилар ши шо хьалха Оьрсийчохь экономикан кризис йолаяларца а, пачхьалкхан экономика рецессехь хиларца а доьзна ду, бохуш.
Ткъа иштта кIеззиг нах кхаж тасса бахар Оьрсийчоь 25 шо хьалха ша йозуш йоцуш хилар дIа а кхайкхина, яха хиъчахьана иштта гIийла хилла а дацара, бохуш цецйуьйлу The Wall Street журналан корреспондент.
Иза тешна ю, Кремло, цхьана агIор, метитгерчу бахархошна харжамаш цIена а, нийсонца а дIахьур бу бохучух тешо лууш, ткъа вукху агIор шаьш хьалхехь билгалдаьккхина долчу жамIе кхача Iалашо йолуш а хиларх.
Германерчу тIеIаткъамечу Шпигел журнало шен онлайн-версехь оршот дийнахь зорбане яьллачу „Шиъ арахь ха деш лаьтта, ткъа кхозлагIчо бюллетенаш чукхуьссу“ - аьлла, дерриге а кхеташ цIе тиллинчу артиклехь яздо, Кремлан агIончаша шайн оьшучу агIор харжамийн жамIаш хилийтар муха Iалашдора бохучух лаьцна.
Дуккхаъчу шерашкахь Шпигелан Москохар корреспондентийн болх бечу Биедер Беньяминс а, ХIебель Кристинас а яздо, Харжмийн комиссин куьйгалхочо Памфилова Эллас ша даржера дIаер ю, нагахь санна харжамашкахь харцонаш лелийна хилар гучудалахь, аьллера, амма „кIирандийнахь цу коммиссин куьйгалхочун балхахь керла йолчу цуьнан шорта тоьшаллаш ган йиш хилла хир ю, Пачхьалкхан Думин депутат харжар хила догIучу хьесапехь дIаца даьхьнийла гойтучу“, бохуш.
Шина журналисто масалш а дахкадо. Иштта, цара дуьйцу, Дон тIерачу Ростовехь 1958 -чу харжамийн куьпахь арахь хадеш, нахана хуьлуш лаьттарг дIа ца гайта хIоттийна ши зуда а йолуш, кхозлагIчо низамца йоцу бюллетенийн таппаш чукхийсина хилар.
Цара чIагIдарехь, и дерриге а видеокамернаша дIаяздина ду, интернетехь лайф эфирехь массеран а гайн йиш йолуш а дара.
И дерриге а кхачамбацарш карарчу харжамашкахь хилар а, уьш гучудийлар а цхьа тамашаш бан оьшу хIума ца хета политологна Асхабов Хьамзатна. Цунна хетарехь, Оьрсийчохь нехан Iер-дахаран хьелаш тиш мел ло а, Iедал кхин а чIогIа дар а луш, моттаргIанаш лелор а дита а дитина, шайн карара архаш чIагIйан гIуртур ду.
Асхабов: „Оьрсийчохь харжамаш иштта хиларх цецвала меттиг бац. Къаьстина хIинца, кху муьрехь, санкцеш бахьана долуш цигахь нехан дахар чолхе даьлла. Белхан меттигаш оьшуш йогIуш ю. Халкъ тешаш дац, шайга Iедалехь хийцамаш балур бу бохучух. Шайн карахь хIуммаъ доцийла кхета и халкъ.
Ткъа Iедал шайн экономика ледарчу хьоле мел йолу а эвхьаза, хьулдеш хIуммаъ доцуш, урхалла шаьш дIахоьцур йоцийла гойтуш ду“.
Цу юкъана харжамашкахь харцонаш лелийна бохчунна къар ца ло Кремлан векалш а, Оьсрийчоьнан лакхара куьйгалхой а. Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимирс харжамийн жамIаш дика ду элира, ткъа бахархойн доккхахчу декъо шайн аьзнаш Цхьаале Оьрсийчоь партина дIаделла хилар иза – ша тайпана аванс ю элира урхалерчу партина халкъо елла.
Харжамхойн терахь рекордечу кепара лахара хилар хьесап ца лерира Путинан пресс-секретар волчу Песков Дмитрийс а. „нах кхин а алсамох кхаж тасса бахнехь дика-м хир дара, амма вайгахь долуш долчу терахьийн маьIна лахдан гIерта а ца оьшу, - элира цо Интерфакс агенталлица ша цу хьокъехь динчу къамелехь.
„Гуш ду кхаьжнаш тессинчера доккхахчу декъо шаьш президентах тешаш хилар гайтинийла“, - аьлла тIе а тухуш.