Your browser doesn’t support HTML5
Марха а дести. Даздарш дирзинчул тIаьхьа, зударийн дийцарш дуьйлалур ду, хьенан стол хаза кхачаме, хьенан къен яра бохуш.
Хаза дацахь а, и ламаст чIогIа даьржина махкахь. Цундела, цкъацкъа моттало цхьаболчу доьзалехь кечдеш долу и пхьор нахана гергахь дозаллана хIоттош ду.
Цхьаболчара-м, "нуц ву марха къобалдан ван везаш" бохуш, оцу шуьне бер улле а ца доуьйту. Царна-м бакъдерг дийцича иза эша а ца оьшу. Хьенна а керта болхахь, мерза кампеташ а, кхидолу совгIаташ ду хIора доьзалехь царна кечдина.
Бераша Марха къобалдар ерриге Нохчийчохь хилла ца хилар къаьстина, масала суна. И гIуллакх тахана массанхьа даьржаш хиларна саготта берш а кIезиг бац.
Оцу берийн ламастна дуьхьал болчарна хетарехь, къона чкъор хьалххехь сагIа деха Iамадаран кеп ю иза.
Вукхарна чам бац, цу бераша сатийсинчу дийнахь церан самукъадалар а дойуш хилча.
И къйисам Фейсбукан нохчийн декъехь боьду 2-3 де ду. Оцу гIиллакхна дуьхьал верг ву Йоккхачу АтагIара вахархо Чучаев Русланбек. Цунна хетарехь, нохчашна юкъахь догIуш хIума дац иза.
Чучаев: "92 шо тIекхаччалц тхо АтагIахь даьхна ду. Суна цигахь а ца хезна, гина а хIума дац нехан чу а оьхуш, тIоьрмигашца лелар. Вайн нохчийн гIиллакхашца догIуш ду аьлла а ца хета суна иза. Дагестанна уллерчу ярташкахь Кошкелдахь а, Ойсхарахь а бехачара олуш хезна суна, шаьш иза мел а леладора бохуш. Вайн гIалахь-м дацара и хIума".
60 шарера ваьллачу Хьалха-Мартан кIоштарчу вахархочо Арбиев Висамас ша а ца лелла боху, жимчохь тIоьрмиг а эцна Марханаш къобал деш.
Амма цунна иза эхье хIума-м ца хета.
Арбиев: "Со ца лелла жима волуш иштта. Бераш а ца лелара царна и кампеташ а луш. 70-чу шерашкахь юккъадаьккхина иза. Цу тIехула сагIа доьху амал хир яц берийн. Иза сагIа дехар дац".
Махкахь вевзачу политологан Бено Шамалан жималла дIаяхна Урданехь. Кхиъна вогIучу хенахь бен иза Нохчийчу а ца кхаьчна.
Урданехь шаьш марха достучу деношка леррина са а туьйсуш, иза къобал дан оьхура нах болчу аьлла, дийцира цо.
Бено: "Марха даста денна чIогIа сатуьйсура. Буьйсана кечамаш бора. ТIоьрмиг чохь гулдора шекар. ХIоранна цхьацца-шишша бIелиг шекар лора. Нахана юкъахь марзо хилар билгало яра иза".
Дагестанца дозанехь Iуьллучу Ишхой эвларчу вахархочун Мадаев ШаIманан шатайпа дагалецамаш бу, кегий долуш шаьш марханаш къобал деш леларх.
Мадаев: "Дукха кегий долчу хенахь дуьйна сатуьйсура оха цу дийне. ТIоьрмигаш тоьгуьйтура. Сайниг тегна, кийча бу бохуш, дозалла а дора. Бераш а лелара, баккхийнаш а лелара ги гали а тосий. Со хаъал хилчхьана дуьйна иштта хилла ду-кх. ХIинца юкъадаьккхинчу хIуманех со кхеташ а вац. Машенаш луш, бедарш луш хIума хилла а дацар хьалха".
Нохчийн этнографна Хасиев Сайд-Мохьмадна а дага ца догIу ширачу заманахь ша ваьхначу меттигехь Марханаш къобалдинчу берашна совгIаташ луш.
Хасиев: "Тхо кегий долчу хенахь хIума кховдош яцара. Ткъа кхечу даздаршкахь лора, масала Керлачу шарахь а, ялта чудерзийча а, бIаьсте тIееъча а бераш ара а довлий лелара нахехула. Царна лора цхьацца хIума".
Карарчу заманан кхиаме технологи яьржинчу хенахь атта ду хьайна хетарг къовса а, оцу къийсамехула бакъонна тIеван а.
Марха дастаран билгалонаш цхьатерра ца хиларо гойту, нохчийн юкъаралла шен сица маьрша хилла хилар.