ГIурбан дийнахь шайн-шайн цIахь совца, аьлла, хьехар дина Оьрсийчуьрчу бусалбанашна  

Москвара Коьрта маьждиг гIурбан дийнахь

Оьрсийчоьнан Бусалбанийн динан урхалло хьехар дина ГIурбан дийнахь рузба дан маьждиге баха дагахь болчу нахана шайн-шайн цIахь а совца, ткъа адамаш гуллучу меттигашкахь социалан дистанци а ларйе аьлла.

Москвахь цхьадолчу маьждигашкахь рузба дийр дац, коронавирусан ун даржаран кхерам хиларна. Ша аьлча, ламаз дийр дац Историн а (Большая Тверская улица), Мемориалан а (Поклонная гора) маьждигашкахь. Москварчу Коьртачу маьждигехь рузбан ламаз дийр ду имамаш а, муфтийн гIовсаш а, гIурбан де даздар вовшахтоха жоьпаллехь болчу маьждиган белхахоша а дакъа а лоцуш. Иза гойтур ду онлайн эфирехь.

Москван регионан кхерамазаллин а, коррупцина дуьхьало ярехула а йолчу департаментехь хаам бина, динца йоьзна мероприятеш хир йолу меттигаш толлур ю, аьлла, жIаьлешца баьхкинчу кинологаша. Юкъраллин къепе ларйеш хир ву 2,1 эзар сов стаг.

Регионашкахарчу динан урхаллашка кховдийна гIурбан де даздарца ламаз дар хьокъехь сацам бар, регионашкара эпидемиологин хьал тидаме а оьцуш.

ГIурбан Де даздеш ду хIора шарахь Маккахь хуьлу хьаж дIадерзош. Оцу дийнахь бусалба наха гIурбан боь уьстагI я кхин дийнат, цуьнан жижиг сагIийна дIаса а доькъуш.