Карарчу беттан 10-чохь Дагестанерчу кризисан центрна чулилхина, кадыровхоша Нохчийчу дIайигинчу Тарамова Хьалиматах бахьана даьлла, юха а дийца даьккхина Кавказерчу, аьлча а, Нохчийчуьрчу зударийн хьолах лаьцна. Кеп-кепара ду хетарг, дуьйцург, олург, яздийриг. Маршо Радионо хеттарш дира махкарчу бахархошка, муха еха тахана нохчийн зуда, юй-те иза шен дахарх йоккхаеш, ирсе?
Нохчийн яздархочо Эльдарханова Зайнапа яздо: "ЙоI йина хьуна!" аьлча, цу кхоана велавелла вац цхьа а да. ЙоI йича, ур-аттал зингатна а новкъа догIу боху. "ХIан, хIинца хIара а еа, цуьргаш охьаэга ца дуьтург", – олу боху цара а.
Делахь а, зуда ю хIусам латториг, доьзал кхиориг, юкъараллин белхашкахь а, шен чохь-кертахь а, мало ца еш, къахьоьгург, къеначу ден-ненан де эшча, уьш лелориг а. Доцца аьлча, доллу дукъ дIатекхориг. Амма дуккха а меттигаш бу, цхьацца бахьанаш хьалха а дохуш, шена ца тайна зуда цIийнадс чуьра арайоккхуш. ТIаккха шен дена-нанна хьалха цIа а еана, кхин дIа яха гIорта деза цуьнан.
КХИН А ХЬАЖА: "Полисхошца уьйраш ю цуьнан". Нохчийчуьрчу зудчунна кхерамаш туьйсу хиллачу цIийндасМаршо Радиоца къамел динчу Нохчийчуьрчу школехь хьехархочун болх бечу (шен цIе яккха ца лиира цунна), эр вай цунах Зарема, цо шен масална тIехь дийцира, дIоггара темаш-товраш ца хилахь а, муьлххачу йоьIан а, марехь аьтто боьхнехь, паргIат децIахь Iойла ду аьлла.
"Гобаьккхина вайн цIахь декъаза хьал ду аьлла, ца хета суна"
"ЙоIана маре нисдалар, ца нисдалар иза цуьнан ирсах доьзна ду. Амма, ца нисделла иза цIа еанехь, кара-мара схьаэцна ца лелаяхь а, децIахь шен меттиг хуьлу цуьнан. Гобаьккхина вайн цIахь декъаза хьал ду аьлла, ца хета суна. Шен даге хьожуш цIийнда а волуш, хаза онда децIахь бух а болуш хилча дика дара.
Масала, сайх доьзна аьлча, со оцу маре чу мел гIерта - чохь йитина со, майра тIехвала волавелча: тIе куьйгаш кхехьарх шайна ма-дарра хиъча, ког дIа боккхур бац аьлла, цIахь сацийра со. Цхьана дийнахь суо децIахь сов а ца хетта суна. Соьлжа-ГIалахь хIусам а лаьцна, балха а яхийтина, сайн кхаа бераца маьрша яха йитира со дас-нанас", - аьлла, дийцира Заремас.
КХИН А ХЬАЖА: Доьзалехь гIело латтийначу нохчочунна набахтехь яккха хан тоьхна Францин кхело"КIант ца хилча, нус а ца хуьлу"
ЦIийндас куралла йина, шина берах яьллачу Iайшатан йоккхайоьйла дацара шен ондачу децIийнах. Цуьнан дас кхуьнан вежаршка ша кхалхале хьалха дитина весет хиллера: кураллина, я тIе зуда ялийна шен йоI цIа хьажаяхь, цуьнга бераш керта ма даладайта аьлла.
Тхан кертахь дас дитина шина чоьнах а, ученах а лаьтташ цIа дара юьстах, шен йоI йитина я йисина ягIахь, чохь Iен оьшур ду аьлла, хьаладина
"Сан цIийнда со а, ши бер а дIатесна, оьрсийн зудчунна тIевахара. Дийнна шарахь ларвира ас иза цуьнан хIусамехь, цуьнан нахаца гIиллакх-гIуллакх лардеш, хIинций-хIинций цIа вогIур ву-кх иза, со ца эшахь а, шен берийн дуьхьа, бохуш. Шо дузуш, кехат даийтира цо, ша хьо йитина, хьайн цIа гIо аьлла. ХIетте а, ши бер охьа ца диллалуш, дикка хан яьхьира ас.
Цхьана дийнахь сан мардас-марнанас дIахьедира соьга: "Тхо а оьгIаз дахна тхайн кIантана, тхо ца оьшуш волу иза тхуна а ца оьшу. Ткъа кIант ца хилча, нус а ца хуьлу. Хьо йитина, нехан зуда а ю, хьайн цIа гIо аьлла. Ши бер дуьгуш, хьажа-хIотта санна цIа яхара со. КIира даьлча, шекбевллачу вежарша ненехула хабар туьйхира, ден весет дохон шайн йиш яц, ши бер дехошка дIало ала аьлла",- далхийра Iайшата шен кхолалмах.
КХИН А ХЬАЖА: Умаеван яларца доьзна бехктакхаман гIуллакх доладе, аьлла Талламан комитето. Амма юха а НохчийчохьIайшата дийцарехь, и доцург а, цуьнан дас дитина кхин а дуккха а весеташ хиллера, делахь а, вежарша чIогIа ларам бира оцу цхьаннан: "Тхан кертахь дас дитина шина чоьнах а, ученах а лаьтташ цIа дара юьстах, шен йоI йитина я йисина ягIахь, чохь Iен оьшур ду аьлла, хьаладина.
Дас бIаьргаш хьаббинчул тIаьхьа, тхан вешин зудчо оцу шина лаппагIно куц дохадо уьйтIара, аьлла, хьехча, цIенош доха а дина, цигахь рагIу дIахIоттийра вашас. И весет а дохон мегаш хиллера, сан ши бер керта ца хьизийчхьана".
Оцу тайпа масалш, кхин гена йийла а ца оьшуш, шайн эвлахь дуккха а ду бохура Iайшата. Цо йовзийтира шен лулахь яьхна Зарема а.
"Стаг зудчух леташ а хуьлу, дов деш а хуьлу"
Дукха жимчохь дуьйна ша хаьржина, луларчу юьртара кхин везар а волуш йолчу Заремина тIе захало деанера кхеран эвларчу цхьана дас-нанас шайн кIантана йига дагахь. ЙоI дуьхьал хилира, ткъа нанас дийнахь а, буса а зурманаш лоькхура кхуьнан лерехь: баа межарг болуш, таро йолуш нах бу уьш, паргIат Iойла хир ду, важа мискалла валла воллу, бохуш.
Дас-нанас аьллачунна тIера яьлча эхь ду моьттуш, кхиийначу Заремина кхин некъ ца битира. Нанас аьлларг дира цо. Ши доьзалхо хилира церан. Ден-ненан лаам кхочушбарна дохкояьккхира иза цхьана дийнахь. ХIусамдас тIе зуда ялийра цунна. Доьзал буьйхира.
"Суо Нохчийчохь ехаш хиларе терра, суна гуш ма ду кхузара хьал. Шалха схьакхуьйлу зударий, доьзалан ца ден пусар, хIусамнаношна тIехь латтон къизалла, дуьхьал дош алахь - зуда кагйой охьаюьллу. Цо шолгIа зуда ялийча, ас со йита элира.
Оцу тIехула йиттира цо суна дуьххьара: хьо марш батIа лууш хир яра, жеро а яьлла, бохуш. Сан мочхал чуьрадаьккхира цо, дегIа тIехь йиттина таммагIаш дара. Нене дIадийцира ас, "стаг зудчух леташ а хуьлу, дов деш а хуьлу, ахь цуьнан дешнаш ма кегде, цо боххург де, кхин догдика ца хилахь а, сарахь хьайн ши бер мара а доьллина, дIайижа йиш ю хьан" бехира нанас. "Сатоха, собарде" бохуш, кхин дог ца оьцура сан нанас", - дуьйцу Заремас.
Тоххара майра витина шен цIа дIаяхна хир яра ша, боху Мадинас, амма дас бераш дIа ца дуьгуьйту цуьнга
Балхара а цIахь сацийнера иза майрчо, да-нана долчу яханза а хан елира. Эххар а, шен шина берах ка а тоьхна, яда ойла хилира цуьнан. ЦIиндас охьадиллинчу ахчана тIера шена тоъал схьа а эцна, шолгIа ялийначу зудчун йоI эцна иза Москва вахча, ка елира цуьнан цIера яда.
Тахана Европерчу цхьахйолчу пачхьалкхехь ю иза, шена тховкIело йоьхуш. Цунна ца лиира шех лаьцна совнах дерг дийца, ша муьлхачу махкахь ю, кхин дIа ша дан леринчух хаийта а. Амма ойла яц цуьнан юхаяла ша арабьккхинчу некъатIера.
"Со кхеташ яц сайн цIийндена хIун ца тоьа"
Соьлжа-ГIаларчу дарбан цIийнехь лор ю рогIера Маршо Радиоца къамел дина Мадина. Кхаа беран нана ю иза. Ша маре еанчу итт шерачохь ша ца ловш, шена тIе ца хIуттуш хIума дисина а дац, боху цо. И дерриге а лайна цо, шен децIа ца хиларна. Цхьаъ бен воцу ваша Германи дIавахана вехаш ву цуьнан.
Да-нана Нохчийчохь тIом боьдучу заманчохь еттачу бомбанашна буха нисделла, дийна. ЦIа ван йиш йоцчу шен вешин дог дохон ца лууш, хьулдина цо ша ловриг. Леташ ву, боху цо, шен цIийнда. Тоххара цуьнгара дIаяхна хир яра ша боху Мадинас, амма дас бераш дIа ца дуьгуьйту цуьнга, ша царех хьегор ю бохуш. Ткъа берех яла ца ло.
"Со кхеташ яц сайн цIийндена хIун ца тоьа... Цуьнца цхьана болх беш, цо санна алапа а оьцуш, схьайогIуш ю со, гIаланаш санна цIенош дина охашиммо, хохкуш машенаш ю шиннан а, чохь цIано латтайо, бераш хаза лелош ду, цуьнан нахаца гIилаккхца а ца йоьхна со, уьш а Iаламат дика бу соьца.
Шен балха тIехь цатам хилча а, цхьаммо дог датIийча а, суна тIехь доькху цо. Дов даьлча, цо соьга ца олуш хIума ца дуьту, оьзда мел доцург. Со аьшнаш еш, сийсаз еш. Цо еттарх дIайоьлла со, меженаш лаза а ца йо хIинца, амма цуьнан багах долучу дешнех чевнаш хуьлу суна", - балхабо шегара бала Мадинас.
Шен цIийндех лаьцна ма-дарра ша дийцича, цхьа а тешар вацара боху зудчо, хIунда аьлча, нахана юкъахь цул а оьзда, гIиллакхе, хабаре стаг хир а вац: "Нахаца кIеда-мерза, чохь дера ву иза", - дерзийра къамел цо.
Оьрсийчоьнан бакъоларъярхоша хIоразза а Нохчийчуьрчу зударшна тIехь лелочу харцонех дийца даьккхича, нохчийн журналисташ а, меттигера бакъоларъярхой а дуьхьал бовлу царна. Нохчийн зуда маьрша ю, цуьнан бакъонаш муьлххачу а Оьрсийчуьрчу зударшкахьчул а алсам ю, цхьана Iалашонца негативе гойту аш нохчийн зудчун хатI, васт, дахар бохуш, дIахьедо цара социалан машанашкахь а, лучу интервьюшкахь а, язъечу материалашкахь а.
Амма, стохка Мангал-беттан 12-чохь елла карийра Гуьмсехь 23 шо долу, кхаа беран нана Умаева Мадина. Ша Кадыров Рамзанна хьалха хIоттаяллалц цуьнан нанас чIагIдора, шен йоI цуьнан цIийндас йиттина, йийна, цуьнан дегIа техь чевнаш яра бохуш.
Кадыровс дIахьедира, йоI йийна алла цхьана а кепара тоьшаллаш дац цуьнан ненан, марехь девнаш а хуьлу, къийсамаш а хуьлу, майрчо тухуш а хуьлу аьлла.
2019-чу шарахь Нохчийчохь талла долийра 23 шо долу шен зуда йийначу 26 шо долчу стагана дуьхьал айдина бехктакхаман гIуллакх. ХIусамненаца дов даьллачу цо, масийттазза тапча йиттина, йийра шен зуда. Дарбан хIусаме юьгучу хенахь, новкъахь елира иза.
Нохчийчуьрчу Дишни-Веданарчу Ибахаева Амната ватсапехула дехар дира Кадыров Рамзане, Гуьмсехь марехь йолу шен йоI герз тоьхна, йийна цуьнан хIусамдас, иза кхеле озавайтахьара ахь бохуш. Махкарчу Iедалхошна ца хезира ненан мохь.
Делахь а, хIора шарахь Гезгамашин-беттан кхозлагIчу кIиранан дийнахь нохчийн Зудчун де ду олий, пачхьалкхан тIегIанехь билгалдоккху деза де. Цу дийнахь мехкан куьйгалхо Кадыров Рамзан хьалха а волий, даздо и де. Дерриг а зудчун дуьхьа хуьлу! Тоьлла эшарш лоькху, байташ йоьшу, зезагаш доькъу, хестайо баьрчче а йоккхий. Амма, Iехалой-те Iедалехь болчийн десачу къамелех и зударий?