Дайначу кIирнахь Нохчийчоьнца боьзначу коьртачу хиламех лаьцна
Ша йийсаре кхачарна Кадыровга гечдар дехар, Иракъерчу набахтехь Къилбаседа Кавказерчу зударша кхайкхийна мацалла, кхин а цхьа нохчийн оппозиционер федералан лехамашка валар, журналистана Гериевна Гуьржийчу ваp дехкар - цу дерригенах а, кхиндолчух а дуьйцур ду Маршо Радион иттолгIачу подкастехь. Йахка шайн лайкаш, тхо дIадуьйлало.
Your browser doesn’t support HTML5
Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:
Хорватера набахтехь мацалла сацийна нохчийн мухIажарша
Хорватерчу Ježevo (еживо) куьпахь шаьш кхайкхийна мацалла Нохчийчуьра мухIажарша сацийна. Шайн могушалла талхарна а, меттигерчу Iедалхоша шаьш тергал цадарна а. Нохчийчуьра мухIажарийн мацалла депортийн куьпахь сецор хенаца кхин а дахдарна дуьхьал кхайкхийна йара. МухIажарш хьалхо Оьрсийчуьра арабевлла бу. Украинерчу тIаме шайна даха цалаарна. Хорватерчу низамхоша исламан радикалхошца уьйр хиларна шеконе лаьцна, дозанехь совцийна латтош бу уьш. Амма цунна цхьа а тоьшалла Хорватерчу низамхойн дац, боху бакъонашларйархочо Дадуев Iийсас.
Хьалхарчу деношкахь хи ца молуш уьш охьаэгарна лоьраш кхойкхуш хиллехь а, мацалла йахйелча, цаьрга хьовса а хьовсий, уьш болччохь буьтура", элира цо. ХIумма а ца хийцалахь, политикан мухIажарийн статус шайна ца оьшу ала мега цара. Оьрсийчу дIа а ца луш, Европе сехьабовлуш, шаьш хадийначу Туркойчу дIадахийтаре сатесна бу уьш.
Лахьан-баттахь депортацин куьпарчу нохчаша дIахьедарш дира, куьпан белхалой шайца къиза бу, цара шайна таIзарш до аьлла. Хаамийн гIирсашлахь хилларг дийца даьккхича, Хорватин омбудсмено куьпахь дерг толлуш, зераш дийриг хиларх дIахьедира. Нохчийчуьра мухIажарш дIалийцар бакъонан бухца хилар, уьш дIабахийтарца доьзначух дерг а толлуш.
Оханан-беттан чакхенгехь Кавказ.Реалиин редакцино кехат дахьийтира Хорватин чоьхьарчу гIуллакхийн министралле, нохчийн мухIажарша мацалла кхайкхорах а, церан бакъонаш хьешна бохучух а лаций комментарий йар доьхуш. Амма масех кIира даьлча, цхьа а жоп ца делира.
КХИН А ХЬАЖА: Хорватерчу Ježevo куьпахь шаьш хIоттийна мацалла сацийна Нохчийчуьра мухIажаршаИракъерчу набахтехь кхайкхина мацалла
Мацалла кхайкхайарца дуьхьалонаш йира Иракъерчу "Русафа" зударийн набахтин тутмакхаша a, Къилбаседа Кавказерчу зударша. Шина кIиранчохь меца Iийра Нохчийчуьра, ГIалгIайчуьра, Дагестанера, ГIебарта-Балкхаройчуьра зударий. Царех дукхахберш "Исламан пачхьалкх" тобанца уьйр хиларна бехкебина, гуттаренна чубоьхкина бу. Телеграм-каналашкахула даржийначу дIахьедаршкахь акцин декъахоша бехк боцуш шаьш чудохкарах, шайн гIуллакхашка кхоччуш дикa цахьовсарах, шайна говза гочдархой а, адвокаташ цабалaрах дуьйцура. Кавказ. Реалии редакцин аьтто белира, цаьрца а, церан гергарчаьрца а зIенебовла.
Чохь йоллучу Зараъна 15 шо хан тоьхна. Сацам шина артиклаца бина бу: бакъо йоцуш доза хадор, терроризм. Телефонехула хIара къамел цуьнца тхан корреспондентан хилира мацаллин бархIолгIачу дийнахь.
"Набахтера тхайн хьелаш лартIе даладе оха боху йалх шо ду, тхоьга ладугIуш цхьа а вац, и баьхча а, тхан хIума а ца нисдели. Кхелехь лаьттачу тхуна Iарбийн маттахь ур-атталла ши дош ца хаьара. ГIуллакхаш 10 минотехь чекхдохура. Далош цхьа тоьшаллаш доцуш. Бацара тхан адвокаташ а, гочдархой а. ДоьалгIа шо ду суна сайн бераш ганза - бакъдерг дезахь, суна кхин йаха ца лаьа кху дуьненчохь."
Администрацино оьрсийн дипломаташ тIебохкуьйтар бац аьлла кхерамаш тесча, Оьрсийчуьра зударша шайн мацалла сацийна, боху цу хьолах дерг довзийтачу Prisoner of Baghdad телеграм-канало. Шаьш дипломаташ набахте кхаьчна, амма цхьа а гIо цаьргара хилла дац, дийцира зударша. Карарачу хенахь " Русафа" набахтехь латтош 400 зуда йу. Уьш бу Оьрсийчуьра, Йуккъерчуу Азера, Беларусера, Украинера, Туркойчуьра, Европин кхечу пачхьалкхашкара.
КХИН А ХЬАЖА: "Маршо йа Iожалла": Багдадерчу набахтехь Къилбаседа Кавказерчу зударша мацалла кхайкхорЙийсаре кхачарна Кадыровга гечдар дехар
Украинерчу йийсарехь Iийна, цIабаьхкинчу "Север-Ахмат" нохчийн полкан пхеа эскархочух цхьаммо, Хамидов Тамирлана, массарна а хьалха бехк цабиллар дехна мехкан урхалхочьунга Кадыров Рамзане, дош делла йуха а тIаме ваха. Гечдар доьхуш дIайазйина видео гучуйелира Кадыровн официалан телеграм-каналехь де хьалха. Хамидовс къамел дира "Север-Ахматан" 78-чу полкан тIеман гIала Серноводск эвлахь схьайоьллучехь. Оцу барамехь дакъалецира 3000 гергга полисхоша а, Нохчийчоьнан Iедалхоша а, иштта Оьрсийчоьнан тIеман министраллин векалша а.
Кадыров Рамзанах "мехк-да" аьлла Хамидовс – и цIе тиллира цунна кху шеран чиллин-баттахь. Кадыровс дIахьединера, йийсаре бахначеран патармаш чекхдевлча, уьш бехказабаха ца боху, аьлла. Эскархочо къинтIера ваьккхина регионан куьйгалхо а, боллу нохчийн салтий а. Нохчийн маттахь тешийна цо уьш, йийсарехь лаьттинарш, цитата, Украинана дуьхьал боьдучу тIамехь шайн синош дIадала догреза бу аьлла.
Бехказвийлар тIедожийна хилла Хамидовна, йа ца хилла, хууш дац. Бакъду, къурд алийтар Нохчийчохь могIарера хIума долу масех шо а ду. Шаьш тIамера цIадаьхкича, шайна лоьрийн дарба ца кхачадо бохуш, видео-аьрзнаш дина виъ йолахо а ваьллира иштта бехказавуьйлуш.
Охан-беттан йуккъехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо дIахьедира, "Нохчийн тIемалочун йийсаре кхача цхьаьллиг цхьа бахьана дац" - цитата. Цо дийцарехь цу бахьанна ца лиира цунна Украинерчу йийсарера цIабирзинчу махкахошца цхьаьнакхета а. Цу тIаме йуха а гIо, шаьш "тIамах уьдуш ца леллийла" дIа а гайта, элира цо. Нохчийчоьнан куьйгалхочо и дIахьедарш дале хьалха нохчийн тIеман йийсархошца цхьаьнакхийтира республикин парламентан куьйгалхо Даудов Мохьмад. Цо уьш "бакъболу нохчий " бу элира.
КХИН А ХЬАЖА: Нохчийн тIемалочо гечдар дехна Кадыровга ша Украинехь каравахарнаНемцов вейтина аьлла бехкелорург декъалвина Кадыровс
Кхин цхьа боцо хаам бу Нохчийчуьра. "Север" батальонан хилла командир, Украинана дуьхьал бечу тIамехь дакъалаьцна, оппозицин политик Немцов Борис вер вовшахтоьхнарг ву аьлла, шеконашкахь латтон Геремеев Руслан винчу денца декъалвина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Шен телеграм-каналехь Кадыровс "ваша" аьлла Геремеевх, билгалдаьккхина, Мариуполь йоккхучу хенахь "уггар а чолхе меттиг нисйеллера цунна". Иштта Кадыровс чIагIдо, Геремеевна "хийра дац сий, доьналла, лаккхара оьздангалла а, Делах кхерар а" бохуш.
Оьрсийчоьнан Украинина дуьхьалчу агрессехь Геремеев тIом болабелчхьана ву - дIадаханчу шеран зазадокху-баттахь Оьрсийчоьно оккупаци йинчу территори тIехь йаьккхинчу видеохь хаавелира Геремеев – Мариуполехь, цул тIаьхьа лазийна дарбанан цIийнехь гайтира. ХIетахь дуьйна Геремеевс тIамехь дакъалацарах лаьцна кхин дийцина дац. Кху шеран оханан-баттахь цунна Нохчийчоьнан турпалхо цIе йелира. СовгIаташ доькъучу заманчохь 44 шо долу Геремеев вовзийтира "запасан майор" аьлла.
КХИН А ХЬАЖА: Немцов вер вовшахтохарна бехкелорург винчу денца декъалвина КадыровсКхин цхьа Янгулбаев федералан лехамашка ваьккхина
Суьдхо лаьттинчу Янгулбаев Сайдин кIант, нохчийн жигархойн ИбрахIиман а, Абубакаран а жимахволу ваша – Байсангур - федералан лехамашка велла хилла. Цунах лаьцна дуьйцу чоьхьарчу гIуллакхийн базерчу хаамашна тIетевжина "Коммерсанто". Жигархо мича бахьанашца лоьхуш ву – хууш дац. 2022-чу шеран лахьан-баттахь Росфинмониторинган экстремистийн а, террорхойн а федералан тептаре вазвира иза – и сацам хIетахь кхайкхийна бацара.
Кавказ. Реалии сайтаца хиллачу къамелехь Янгулбаев Абубакара дийцира, шен ваша экстремист лара бахьане хIоьттинарг 1ADAТ телеграм-каналан чатехь цо дина къамелаш хила тарло аьлла.
Янгулбаев Байсангур Оьрсийчуьра дIавахна 2021-чу шарахь шен вешица ИбрахIимца. Янгулбаев Абубакар пачхьалкхера араваьлла стохка гIуран-баттахь. 2022-чу шеран йуьххьехь кхерамаш тийсича шен йоIаца Алияца дIавахара церан да Янгулбаев Сайди а.
ЯнгулбаевгIеран вежарийн нана Мусаев Зарема лачкъийра нохчийн ницкъахоша Лаха Новгородера 2022-чу шеран дечкен-баттахь. Карарчу хенахь Нохчийчохь СИЗО-хь йу иза – полисхочунна тIелетта бохуш, бехкейо иза, йоьдуш цуьнан кхел а йу. Адвокаташа цунна бехке лорушдерш бух болуш дац, харц тоьшаллашца вовшахтоьхна ду аьлла.
КХИН А ХЬАЖА: Нохчийн жигархойн ЯнгулбаевгIеран жимахволу ваша федералан лехамашка веллаГериевна Гуьржийчу ваp дехкар
Нохчийн журналист Гериев Жалавди шайн пачхьалкхе вита дуьхьал хилла гуьржийн дозанхой. И сацам къовса дагахь ву иза. Цо бахарехь, дозанхоша зераш дан цуьнан документаш дIаийцира. Йуха журналист цхьалхачу кабинет чу кхайкхина, цунна пачхьалкхе вар дихкина ду элира. Бахьана ца дийцира.
Ша Гериевс церан сацам бузу гуьржийн дозанхой Къилбаседа Кавказера бахархошца гIоьртина хиларца, къаьсттина Нохчийчуьра. Цул совнах, цунна хетарехь, Гуьржийчоьно дуьхьало йо Оьрсийчоьнан Iедална критика йечу журналисташна а.
2016-чу шарахь "Кавказский узел" гIирсан журналист волу Гериев лачкъийра герзашца болчу наха. Гериев бехкевира марихуана латторна, цунна набахтехь йаккха кхо шо хан туьйхира. "Мемориало" политикан тутмакх лерира иза. Маьршаваьккхира Гериев 2019-чу шеран оханан-баттахь.
2022-чу шеран гезгмашин-баттахь Оьрсийчохь мобилизаци кхайкхийча, Гуьржийчоьнан дозанехь арахь буьйсанаш йохуш Къилбаседа Кавказера адамаш латтар гIараделира.
Хьостанаша дийцарехь, цу лаьттачех 90% адамашна пачхьалкхе чубахар, дуьйцуш бахьана доцуш, ца магийра. Амма шаьш дозанхоша и хаамаш бакъ хилар тIе ца дитира.
Гуьржийчохь беха иттаннашкахь нохчий, ПIаьнказан чIожера бахархой, пикете бевлира Тбилисeхь. Hицкъахойх а, Оьрсийчуьра мобилизацeх а уьдуш болу шайн махкахой чубита аьлла, Гуьржийчоьнан Iедалхошна тIе а дожийна.
КХИН А ХЬАЖА: Нохчийн журналист Гериев Жалавди Гуьржийчу ца витнаАлапийн динамикица регионашлахь уггаре эшнарг - Нохчийчоь
Нохчийчуьра ах бахархойн беттан алапа 100 эзар соьме дер ду 17,5 шо даьлча – иза уггарe а гIад дайна жамI ду йоллу Оьрсийчоьнан регионашлахь. Иштта ду пачхаьлкхан РИА "Рейтинго" официалан статитиске* хьаьжна, бинчу талламан жамIаш.
Итт аутсайдершлахь нисйелла Дагестан, ГIалмакхойчоь, Ставропол-мохк, Кхарачой-Чергазийчоь, Къилбаседа ХIирийчоь, ГIебарта-Балкхаройчоь, ГIалгIайчоь. Оцу регионашкахь бIе эзар сом алапе сатуьйсийла йу 13,3 шарна тIера 17,3 шо даллалц.
Оьрсийчоьнан Къилбера а, Къилбаседа Кавказера а регионашлахь тоьлла гайтам бу Адыгейхь – 48-чу меттигехь ю иза, цигахь медийн алапа 100 эзар сом хир ду 10,9 шо даьлча.
Кегийчу а, юккъерчу а гIаланашкара бахархоша пачхьалкхехь мел а лахара алапаш оьцу аьлла, зазадокху-баттахь арахецначу рейтингехь йара Нохчийчоь.
Зазадоккху-беттан 13-чохь президенто Путин Владимира Кремлехь тIеийцира Кадыров Рамзан. Кадыровс бахарехь, регион хьалхайаьлла йогIу дуккхачу къоман проекташкахь. Официалан Оьрсийчоьнан статистикаца а догIуш, стохка Нохчийчоь хьалха йара белхазаллин терахьца а, некъаш тIехь ДТП-хь кхалхаршца а, банкроташ хиларехь а, пенсеш а, хьехархойн алапаш лахара хилар тIехь а, нехан банкашкахь ахчанаш кIезгa хиларехь а, нехан таронаш ледара хиларехь. Ткъа цунах лаьцна Кадыров Рамзана президенте ца элира.
КХИН А ХЬАЖА: Оьрсийчоьнан регионашлахь уггар а эшна йогIу Нохчийчоь алапийн динамикехьЦу тIехь со дийцина вели. Аша ладуьйгIира Нохчийчуьра хаамашка. Тхуна лайкаш йахка диц ма ло. Тхан ладогIархой алсамбовлийта лаахь, дита кхузахь шайн йозанаш.
Йазло Маршо Радион подкасте: