Бехкала вахийта? Оьрсийчоьнан историн жайна а, Кавказан халкъаш махках дахар а

1944-чу шарахь махках ваьккхина, 2020-чу шарахь Нохчийчу йухавеана Битаев Данга. Гайтаман сурт

Нохчийчоьнан, Кхарачой-Чергазийчоьнан куьйгаллийн а, иштта цхьа могIа йукъараллин организацийн а аьтто хилла "Оьрсийчоьнан истори. 1914-1945 шераш"аьлла иттолгIачу классан жайни йукъара Сталина халкъашна депортаци йарх а, фашисташца церан йукъарлонаш хиларх а дакъа хийца. Изза хьесап динера Къилбаседа Кавказан къаьмнаш махках дахарх лаьцна цул хьалха а киншки тIехь, амма официалан хьаькамаша эргIадалла ца гайтинера.

Гезгамашин-беттан 23-чохь нохчийн парламентан спикеро Даудов Мохьмада дIахьедира телеграм-каналехь, мехкан урхалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца Оьрсийчоьнан президентан администрацига а, иштта жайна йазйеш йукъахь хиллачу, тоххара культурин министр лаьттинчу Мединский Владимире а ваьллера ша, Къилбаседа Кавказан а, ГIирмин а халкъашна депортаци йарх дакъа нисдар тIедожош аьлла.

"Халкъаш махках даьхна хиллачу регионийн куьйгалхойх белхан тоба вовшахтоьхна, цаьрца дийцаредийр ду билгалдаьккхинчу декъехь хийцамаш барх", - кхайкхийра Даудовс, оцу йукъанна цо бехкаш дехкира йукъараллин гIуллакхдархошка "хьал талхон" гIортарна хиллачух харцадерг а дуьйцуш.

Нохчийчоьнан парламентан спикеро иштта бохура меттигерчу школашкара схьайахарх керла арахецна киншкаш, амма дукха ца Iаш хаам нисбира, и дакъа дIа а доккхуш.

100 гергга шераш дIадевлла, амма вайна тахана а хеза, депортацин заманачохь йийцина аргументаш

Гезгамашин-беттан 25-чохь Кхарачой-Чергазийчоьнан куьйгалхочо Темрезов Рашида чIагIо йира, дешаран министро сацам тIеэцарх: депортацих лаьцначу абзацехь хийцамаш бийриг хиларх белхан тобанца дагадевллачул тIаьхьа.

"Сан сайн позици – дийнна къамнийн векалш махках бахарх лаьцна историн бакъдерг хийца йиш йац. Оьрсийчоьнан дешаран министрна баркалла олу аса, оцу хаттарехь гIо лацарна а, цуьнан йист йаьлла ала мегар ду", - билгалдаьккхина Темрезовс.

Iедалхоша дIахьедарш а дале хьалха Къилбаседа Кавказан йукъараллин гIуллакхдархоша шога критика йира керлачу жайнина. Вара царлахь - Кавказан халкъийн Оьрсийчоьнан конгрессан куьйгалхо Тоторкулов Алий а, гIалгIайн "Цори" тейп, гIалгIайн бакъоларйаран "Машр" организцин куьйгалхо Муцольгов Мохьмад а, иштта Магасан хилла мэр Цечоев Беслан а.

ХIара йу эргIад бахийтина абзац (къаьстачу шрифтаца билгалдаьккхина жайни тIехь а санна. – Редакцин билгалдаккхар):

"Кхарчоша а, гIалмакхоша а, нохчаша а, гIалгIаша а, балкхараша а, ГIирмин гIезалоша а ГКО-н (Пачхьалкхан тIеман комитет. – Редакцин билгалдаккхар.) оккупанташца йукъарлонаш делорах фактийн буха тIехь 1943-1944-чу шерашкахь сацам тIеийцира СССР-на йукъара пачхьалкхаш дIайохош, царна массарна а таIзар деш – бертаза малхбален регионашка дIакхалхош . Иштта бандиташна а, мостагIчун агIончашна а репрессеш йина ца Iаш, дуккхаъ бехк боцу адамаш а махках дехира. ДIакхалхийначара лайра дуккха а халонаш, баланаш. Церан хьокъехь реабилитаци йеш, харцо эшийра 1953-чу шарал а тIаьхьа.

ХIокху абзацо 2021-чу шарахьлера Мединскийн киншки йукъара текст йухайуьйцу. Цу тIехь жимма хийцина пунктуаци, бехк боцуш бала хьегначу нахалахь зударий а, бераш а, къаной а бара боху дакъа а дIадаьккхина.

Сталинан депортаци толлучех цхьаммо, шен цIе къайлайахьа лиъначо, Кавказ.Реалиин корреспондентаца хиллачу къамелехь билгалдаьккхира историн керлачу киншкина гуш лаьтташехь идеологи йан хьийза уьш аьлла. Цо тергам бо, оьрсийн дуккхаъчу коллаборанташа йукъарло лелорах книги тIехь дуьйцуш цахиларан, ткъа гIалгIазкхийн КхоалгIачу рейхан вовшахтохараллаш хьехош цахиларан а.

"Власов [Андрей] (советан заманара тIеман эскарийн хьаькам, Сийлахь Даймехкан тIом боьдучу хенахь нацистийн Германин агIор ваьлла) цигахь хьахош ву, амма цуьнан декъехь хилларш мича къаьмнех бара а ца дуьйцуш. Делахь а, оцу коллаборантех декъера дийнна абзац лерина йу оккупанташа националистийн дог-ойланаш а, кхиндолу халкъаш а оьрсашна дуьхьал гIиттош хиларна. И бохург ду, акцент йина йуха а немцошца йукъарлонаш лелош хилла дукха хьолахь оьрсех боцчара бохуш", - дуьйцу къамел дечо.

Цо бахарехь, киншки тIехь хийцам бинчул тIаьхьа а дисина цхьанацадараш: авторша йемал йеш йац депортаци, ткъа нийсо меттахIотторах аьлларг цхьа сийсазе хета, 1990-чу шерашкахь реабилитаци йинчул тIаьхьа а репрессеш йинчу къаьмнийн бакъонаш меттахIиттийна йац барам боллуш.

Сталинан депортацех лаьцна керла хийцамаш бинчул тIаьхьа киншки тIехь йаздина иштта ду (къаьсташ билгалдаьккхина жайни тIехь а санна. – Редакцин билгалдаккхар.):

"Сийлахь Даймехкан тIеман историхь лазаме агIо хилира 1941-1944-чу а шерашкахь къаьмнашна депортаци йар, тIом герга кхочучу а, боьдучу тIамехь а къестамаш боцуш ГКО-но йамартлонна бехкебина. Бертаза махках лаьккхира 12 халкъ, шайн дай баьхначу латтанах бевлла ца Iаш, уьш бевлира къоман-территориалан автономех а. Йоццачу хеначохь бIеннаш эзарнашкахь адамаш тIехIиттина салтий а болуш пачхьалкхан кхечу йисте дIадигира – Сибрех а, Йуккъерчу Ази а. ДIакъастийначу нахаца а, йамартхошца а цхьаьна зенаш хилира бехк-гунахь боцчу бахархошна а, Советан Iедална муьтIахь хиллачарна а, иштта ЦIечу Армица тIемаш беш хиллачарна а. Дуккха а халонаш, эшамаш лайра дIакхалхийначара. Нийсо йухаметтахIоттон ка йелира жим-жима 1957-чу 2014-чу шерашкахь. СССР-хь а, цул тIаьхьа Оьрсийчоьнан Федерацихь а дийнна халкъашна йина репрессеш йемалйира, царна буьззинчу барамехь реабилитаци йеш, барамаш а кечбира.

ГIоьнчаш, бандиташ, даймехкан йамартхой?

Кавказ.Реалиин редакцино теллира кхечу школашкарчу жайнаш тIехь Сталинан депортацех лаьцна хIун дуьйцу, къастон гIоьртира, бIе шо даьллачул тIаьхьа а хIунда дийца дисина фашисташна дийнна къаьмнаша гIо дора боху миф.

ИссолгIачу классан "Оьрсийчоьнан истори. XX – XXI- чу бIешерийн йуьхь" (2013 шо, "Просвещение" арахецар) киншки тIехь охьадагардина, кхарачойн, гIалмакхийн, балкхаройн, нохчийн, гIалгIайн маса векал махках ваьккхинера. Царна депортаци йарх иштта йаздо: "Муьлхха а националан специфика гайтар, герзаца дуьхьал тасавалар муххале а, лоруш дара йамартло йу аьлла. КIезиг ца хуьлура йамартлонна немцошца йукъарлонаш хилла аьлла цхьа стаг бехке вина ца Iаш, доллу халкъашна а бехкаш дохку меттигаш".

400 сом – мел мах хадийна Сталинан зулам кху заманан Оьрсийчоьнан Iедалхоша

"Оьрсийчоьнан истори. XX-чу а, XXI-чу а бIешерийн йуьхь" (2016 шо, "Дрофа" арахецар) книги тIехь иттолгIачу классийн дешархошна дуьйцу ГIалмакхойчохь а, оккупаци йинчу Къилбаседа Кавказан а, дуккхаъчу ГIирмин гIезалойн эвлашкахь а немцоша вовшахтухуш хиллера шайна гIоьнна тIеман тобанаш бохуш. Эххар а охьадагардина халкъаш "гIо дарца, йукъарло лелорца, бандитизм, даймахкана йамарт хилла" бохуш, шайн дай баьхначу меттигашкара арабехира. Сибрех а, Казахстанехь а, Йуккъерчу Азихь а нисбелира уьш.

"Советан Iедална дуьхьал герзашца къийсам латтабора ГIирмин бусулба комитето, кавказхойн вежарийн къаьстинчу партино (Нохч-ГIалгIайчоь), кхинболчара а. ЦIечу эскаран го бинчу, йа йухадуьйлучу дакъошна герзашца тIелетарш дар нислора националистийн тобанаша. Цу тIехь (советан Iедалца къийсамехь. – Редакцин билгалдаккхар.) баккъал а оккупанташца йукъарлонаш лелийначарна бехкаш дехкина ца Iаш, оцу йа вукху халкъан векалш а цхьана бехке бора. Уггар а Сталинан къоман политикан реакци йаран амат дара дийнна халкъашна депортаци йар а, цхьа могIа къаьмнийн автономешна ликвидаци йар а", - дуьйцу оццу хиламех "Оьрсийчоьнан истори" ("Просвещение" арахецар, 2016 шо) жайни тIехь.

Оцу йукъанна НКВД-но шайн чоьташкахь билгалдаьхначу терахьаллехь "кавказхойн вежарийн партеша" а, иштта церан бахархоша а шуьйра гIортор латторца а цхьа могIа талламчийн шеконаш хуьлу. Амма хIетте а школан жайни йукъахь хьахийна и болам а.

КХИН А ХЬАЖА: "Тхо хIинца а оцу цIерпоштара охьадиссаза ду": нохчийн а, гIалгIайн а депортаци

Кремлан халкъашка йолу ойла хийцайелла йац

Iойрат-гIалмакхойн халкъан Конгрессан (йукъараллин организаци, Оьрсийчохь экстремистийн лерина. – Редакцин билгалдаккхар) куьйгалхочун гIовсо, Москван пачхьалкхан университетан историн факультет чекхйаьккхинчу Боромангнаев Батыра нийсо йоцуш а, хIуьтарена а, йиллинчу харцонца а йазйина йу бохура Мединскийн киншки тIера хьалхалера депортацех долу дакъа.

"СССР-хь а, кхузаманан Оьрсийчохь а дукхахдолчу зуламашна тахана а бехке бо оьрсийн къаьмнех боцурш. Цундела пропагандистийн Iалашонашца кеп-кепара историн хиламех хуьйцуш йаздо, тхо бехкала дахийта, бакъонехьа тхан аз дIалакъон. Цул тIаьхьа кегий къаьмнийн йиш йац Оьрсийчоьнан Iедална бехкбилла империн политикана. ХIунда аьлча, уьш йуьхьанца дуьйна а бехке бу – уьш "йамартхой", "сепаратисташ", "экстремисташ", "террорхой" бу", - кхетадо къамел дечо.

Цо тидам бо, оккупаци йинчу 1942-чу шарахь тIом бан гунахь болу божарий ГIалмакхойчохь бисина цахиларан - берриш а тIамтIе кхайкхина бара. Iедалхойн органашкахь белхаш бийраш а, къаной а, бераш а, зударий а бара бисина. Цундела царех даккхий коллаборантийн дакъош кхолла, царна лиънехь а, далур лоцург дара. Оцу йукъанна совгIаташца билгалбехира ЦIечу эскарехь тIемаш бина хилла виъ эзар сов гIалмакхой.

Книга схьа а йаьккхина, хIаллакйан йезаш йу, экстремистийн материалех дIатоха йеза и, цо биллгал къаьмнашна йукъахь барт эгIор бу

Боромангнаевс дагадаийтира, Хакасин Лакхарчу кхеташонан спикеро Штыгашев Владимира 2020-чу шарахь эргIадалла гIаттийна дIахьедар. Ма-дарра аьлча, гIалмакхойн къомана йина депортаци нийса йара элира цо. Цо дIахьедира: "Цхьа а доьзал бац фашисташца Iазапхочун болх беш хиланза". Сталина аьлла боху фейкан цитата йалийра Штыгашевс, гIалмакхо махках баха беза "цхьаъ висалц, гена мел воккху гIоле долуш", ца хуьлчу далахь "халкъ хIаллакдийр ду тIамтIера цIа баьхкинчу, бекхам бечу церан наха" аьлла. "Единая Россия" партин векал жоьпе озаве бохуш, йукъаралхоша а, цхьаболчу депутаташа а кхайкхамаш барх гIуллакх ца хилира, Iедалхоша тергал ца дина.

"Дукха хан йоццуш хаьттира аса депортацихь винчу Нохчийчуьра гергарчуьнга: репрессиш лайнарг хиларе терра мел ахча ло цунна аьлла. 400 сом – оццул мах хадийна кху заманан Оьрсийчоьнан пачхьалкхо Сталинан зуламан", - боху "Европан машаран хIусам" йукъараллин хьалханчас Гашаева Зайнапа. Цуьнан да-нана а хилла махках даьккхина, ткъа ша дуьненчу йаьлла иза Казахстанехь 1953-чу шарахь.

Къамелдечунна хетарехь, историхь Сталинан ярлыкех валархьама, куьйгалло йухалиста деза къоман политика лелор, дIакъаста беза уьш пачхьалкх империн йолуш санна леларх.

"100 шо гергга хан йаьлла, амма тхуна тахана а хеза депортаци йолчу заманчохь хилла хьалхалера аргументаш. Нохчийчоьнан куьйгаллехь милла хилахь а – хуьлийла иза Путина [президенто Владимира] качвина Кадыров [мехкан урхалхо Рамзан], йа цхьа кхин стаг – хийцайелла йац Кремлан Нохчийчоьнехьа а, нохчашкахьа а, кхечу махках даьхна хиллачу къаьмнашка а йолу дог-ойла. Мединскийн киншка а дика иллюстраци йу цунна", - дерзийра Гашаевас.

Тахана а Iедало дина жамIаш дац, таIзар ца дина бехкечарна, ткъа депортаци лайначарна реабилитаци йеш, тIеэцна низамаш кхочушдина дац, билгалдоккху гIалгIайн бакъоларйаран "Машр" организацин куьйгалхочо Муцольгов Мохьмад.

"Хьал муха ду хьуна аьлча, федералан а, регионалан а Iедалхоша формалехь бен шайн декхарш кхочушдеш дац, халкъан интересаш цара кхочушйеш йац. Киншка бахьанехь республикехь дарбалар самсадаьлла гезгамашин-баттера схьа дуьйна, официалан хьаькамаша хIинцца бен цунах аьлла а дац. Юрист хиларе терра, оцу абзацехь [Сталинан депортацих] экстремизман билгалонаш йу, киншка схьайаккха йеза, хIаллакхйан а йеза. Къаьмнашна йукъахь билггал мостагIалла гIаттош хиларна экстремистийн материлашан йукъа йазйан а оьшу иза", - реза вац къамел дийриг.

  • Советан заманахь депортаци йира миллионаш наханна, амма шайн къоман билгалонца буьззинчу барамехь махках даьккхира 11 къам: немцой, полякаш, финнаш- ингерманландцаш, кхарачой, нохчий, гIалгIай, балкхарой, ГIирман гIезалой, туркой-месхетхой, гIалмакххой, корейхой.
  • Хьехархой а, историкаш а дуьхьал хилла оцу кепара арахецначу историн книгина. Путин Владимиро 25 шарахь гергга пачхьалкхана куьйгалла дарх, "леррина тIеман операци" (ишта олу Оьрсийчохь официалехь Украинерчу тIамех) дIайахьарх дийцарал сов, книги тIехь дуьззина дакъош хийцина. Царах цхьаъ – Нохчийчуьрчу тIамех. ХIинца оьрсийн дешархошна дуьйцу, Ичкерин йозуш цахиларехьа тIемаш бинарш "коллективан Малхбузено" гIо деш хилла болу радикалан исламисташ, зуламхой а бу бохуш.
  • Дагестанан Лакхарчу кхело дуьхьало йина меттигерчу вахархочун Хакиев Сурупашин мехкан куьйгалхошка лакаш дIакхалхоран хеттаршкахула чуйелла иск къобалйан. 1944-чу шарахь депортаци йинчу хенахь шегара схьадаьккхинчу цIенна дуьхьал компенсаци йехнера цо. Iедалхоша дIахьедира, 2022-2023-чу шерашкахь оцу программехула ахча дац шайн аьлла.