Your browser doesn’t support HTML5
Нохчийн культура лаккхарчу тIегIане яккха аьлла болх цхьанна а ханна гIел а ца беш, дIахьош бу махкахь. Цу гIуллакхна тIехьажа леррина болх беш культурин министерство юкъайоьдуш йолу кхеташо ю. ПIераскан дийнахь шайн болх бийца, цуьнан декъашхой, шайна юкъахь махкахь а, дозанал арахь а гIарабевлла мукъамхой а, поэташ а, артисташ а болуш, гулбеллера. Оцу кхеташонан коьртехь волчу поэто, литературан критико Уциев Абус хаийтира шаьш цхьаьна а кхетта, и болх бар хIун бахьана ду.
Уциев: «Тахана аранжировка ечу хенахь, цIена нохчийн илли олуш хилча, суьйлийн кепехь ца йогIу. Хаза вайн нохчийн шира иллеш, карла а дохуш, олуш, хIора дош нийса ала деза. Тахана профессионалан а, лаххарчу тIеганера кхолларалла а цхьаьнаэн йоьлла.
Кехатан а, дечиг-пондар дIа а баьлла, тахана эстраде синтезатор яьккхина. Со кхета рэп ша ю, рок ша ю, эстрада а ша ю, иштта нохчийн эстрада а ша ю. Хьалха Усманов Iимрана ма-аллара: «Хьалха ала хуучо олура, хIинца ала луучо олу и илли».
Бакъдерг ала деза, тахана Нохчийчохь тIехсов дукха баьржина йишлакхархой а, поэташ а, мукъам бало нах а. Царах дукхаберш леррина говзалла йолуш а бац. Цундела, меллаша цхьана хенахь экаме а, ховха хетта оцу тIегIанера нохчийн культура йоьд-йоьдуш кIелйоьдуш ю оцу кхачамбацарна. Уциев Абус, шаьш беш болу болх декхарш я цензура олийла дац боху. ГIуллакх, къоман ламасташца дIанисдар ду, элира цо.
Уциев: «Бух, бохь а боцуш, чулацам а боцуш долчу дешнаша мукъамаш талхийна. ТIаккха, ноташ тIера дехьа а, сехьа а кхийссалуш лела. Оха беш болх хьехаман амалехь бу. Доьхкуш дац хIумма а. Вайн къомана зен деш йолу агIо чекх ма ялийтахьара аьлла болх беш ду-кх тхо».
Ахтаева Фатима йишлакхархо ю. Цо ша леррина хоржу боху шен репертуар. Цундела, шен кхолларалле цхьаьннан а хаттарш ца хуьлу элира цо.
Ахтаева: «Дукхахдолчу адамашна эшар лакхар атта болх бу аьлла хета. Иза тIедуху духар санна хIума ма ю. Шегахь товш ерг, йоцург а ма хуьлу. Хала ду шегахь йогIуш ерг харжа. Тахана эстрадехь дуккха а конкуренташ бу. Цхьаболчара, бен-башха а доцуш, дIалоькху уьш».
Тахана даре деш дацахь а, нохчийн эстрадехь магийна боцу артисташ бу. Уьш хезар бац я радиохь а, я телехьожийлехь а. Официале дихкина дац, амма Iаьржа список олучунна юкъахь бу цхьаболу артисташ.
Селхана шайн белхан жамI динчу кхеташоно массийтта илли а, эшар а дIаяьккхина артистийн репертуарера, уьш нохчийн гIиллакхашца йогIуш яц аьлла.