Your browser doesn’t support HTML5
Хмеймимера Кремло шен бомбанаш, ракеташ шемахошна тIееттачу тIеман кеманашна хадан хьажийна боху нохчий официало. Ткъа Нохчийчоьнан муфтина я ца хаьа, я бакъдерг цо ларамза Iорадаьккхина - Межиев Салахьа цаьрга дийцинчуьнга ладоьгIча, уьш ДАIИШера а, Асадна дуьхьаллаьттачу оппозицигара а цIийла керчаш лаьтта Алеппо яккха бахана.
Шема... ГIазоте?
Межиев: "Шуьга тоба а дайтина, негат дойтур ду. И дайтале шуна цхьа х1ума дагадаийта воллу со. Шу дIадоьлхуш йолу меттиг, Шема олу цунах. Вайн жайнийн маттахь "Хьалим" олу цунах, вуьшта - "Алеппо" олу оьрсийн маттахь.
Шен заманчохь Халид бен Валидо схьаяьккхина меттиг ю иза (Дела реза хуьлда цунна). Эзар тIамехь дакъалаьцна ву иза. ...И мохк бусалба наха ларбеш схьабеана бу. Тахнана Делан мостагIаша, шайтIанашана катоьхна цунах. Цара катоьхна ца Iаш, дехьарчу, шайн цIахь бу бохучу Делан мостагIаша а каетта, И мохк ларбан, Делан некъаца доьлхуш ду шу.
Iедалан шен Iалашонаш ю, амма вай бусалба ду, бусалба нахана муха хета шуна хаа лаахь, ошх1аду биллай, Делаца чIагIо ма йо шуна, Делан некъа тIехь доьлхуш ма ду шу, цхьа а шеко а йоцуш.
Цундела аш ладегIа оьшуш дац шуна, юхахьежа оьшуш дац шуна. Вайн паччахьа дина къамел, бакъ ма ду шуна, вай кхузахь латтар санна, оцу Путине дехар ма дина цо, ша вахийтахь цига, ша сатуьйсуш вара-кх цига ваха, бусалба нах ларбан.
"Тахана цхьаьнхьа дIа а хьовсийна, хIорш шайн бовхачохь" ... хIан-хIа, иштта дац шуна. ВаллахIи, цига баха сатуьйсуш, вайн паччахь ша коьртера дуьйна схьа, "цига боьлхучу нехан ма ирс ду" бохуш, оцу тайпа хьал а ма ду шуна. Цига гIо аьлча, гIур болуш дукха кIентий а ма бу шуна, цхьа а шеко а йоцуш.
Цундела, боккха болх бу шуна арабаьккхинарг. Вай хIинца шахьадат а далош, тобаден дешнаш дахкийна, цул тIаьхьа гIазотан некъа тIехь негат деш дешнаш дахкор ду вай, Дала мукъалахь".
"Дог лозу оцу берех"
ЦIен береташ техкина, пхьаьрсаш тIехь «тIеман полици» тIеяздина билзигаш йолу нохчийн кегийнах, Межиев Салахьа ир-кара хIиттабахь а, яьржинчу видеочохь самукъане ца го.
Уггаре хьалха Маршо Радионо теллира, муха го, муха туьду шайн махкахой Шема бахар Нохчийчохь. Кхеташ долчу бахьанашца, мил-мила а ца хIутту хетарг дийца, амма кху деношкахь лела юкъара ойла йовзийтира Соьлж-ГIаларчу яхархочо Амината.
Аминат: "Масийтта шо ду Шемара хьал нохчаша чIоггIа дог а лозуш, тIеэцна, хiоранна хала хета, социалан машанашкахь а дуьйцу, суьрташ, видеош а хьуьйсуш, Цигахь адам хiаллакдеш дог iийжа массеран а.
Къийсалург геополитика ю, Оьрсийчоь, Iамеркан пачхьалкх юкъагIортар, бухарчу нахана дика хилахьара аьлла лелаш цхьа а агIо а яц - адамийн дахар лардан гIерташ хилча, охьа а хевшина, къамелца луьстур дара, барт лохур бара.
ХIинца кху Нохчийчуьра и бераш дIахьажош видео массанхьа а дIасаяьржина. Уьш шаьш бахана олуш хеза, амма цхьамма бахийтина ца хилча, уьш цхьатерра духарш а доьхна гIур бац.
Церан гергарчу нахалахь хьахош нисло, хьажахь, муха гIур бу ша санначу бусалбачу нахана дуьхьал лата, олий, ойла йора. Талла воьлча, тоххана, Советан Iедал долуш, ОвхIанистане хьийсабора эскарера, цигахь вийна олий, цIавалавора хийланиг. Уьш цхьана Iедалана балхахь я эскарехь хилча, шайн лаамехь бац.
Цунах кхета, царех къа а хета. Суьрте хьажча а ду гуш, уьш шайн бахарх баккхийбеш а бац. ДIаэриг-схьаэриг, Деллахь, цхьаьннан нана елхор ю-кх, Дала Iалашбойла уьш. олий хеза. Шайн лаамехь, бусалба нахах лата лууш уьш бахана аьлла хеташ дукха нах бац.
Уьш полицера, кхечу iедалан структурашкара бу. Кху Нохчийчохь белхаш бац, цундела шайн доьзалш кхабархьама юкъагIерта-кх уьш. Цигара лаамза буьгу Шема а. Уьш шаьш-шайгара бахана хилча, герзаш а карахь, дозанаша а хедош, бохуьйтур а бацара, шайггара бахана бохучух тешшал нах а ма бац Iовдал... Царна башха бехбуьллийла ду аьлла ца хета, къа а хета, царех дог а лозу".
Шема йоьду нохчийн тоба Путина, пачхьалкхан коьртачу буьйранчас, хьажош а йоцуш, Кадыров Рамзана шеггара хьажийча санна дуьйцу дуккхаъчу прессехь. Цундела дукхахболучара Нохчийчоьнан администраторе бирзина а до шайн мах хадабен къамелаш.
Маршо Радионо Малхбалерчу эксперташца къамелдеш а хезара ишта.
Малхбалерчу эксперташа - Маршо Радионе
Шемара оппозиционер, Асад Башаран некъ емалбечех ву Москох хан хьош волу аналитик Ал-Хьамза Махьмуд. Шемахоша «ахлен ва сахIлен» ( марша догIийла шу) аьндоцчу ца яхийтина нохчийн тIеман тоба, боху цо.
Ал-Хьамза Махьмуд: «АхIлен ва сахIлен», аьлла, уьш тIеоьцурш, Асадан,режиман, оцу чалтачан агIончаш бен ма бац. ЦIерачу тIемалоша шаьш дуьхьалонан тIом балабо бохуш дуьйцу хIинца, цхьаболчу буьйранчаша хIинцале а кхайкхийна. Цара боху, дуьххьара Iалашонаш хир ю шайн тIелетаршкахь оьрсийн каппаш.
Цхьаъ делахь, оьрсех оккупанташ олу, шолгIа делахь, цара режимна гIо до, маьрша нах а бойу Алеппохь а, кхечу гIаланашкахь а.
Духьалонан тIом болабо аьлларг лаккхара тIеман говзанча-эксперт ву, Туркойчоьхь волу, иза инарла ву, Шемахь тIеман министран гIоьнча а лаьттина – Раххьал Ахьмад. Цо аларцана, буха ховшош, ницкъаш дIахьовсийначух тера ду.
Маршо Радио: И нах цига хьовсор Iаьткъар дуй СаIуда Iаьрбийчоьнна. Кадыровца юкъаметтиг лаца гIерташ яцара иза?
Ал-Хьамза Махьмуд: «СаIуда Iаьрбийчоь дика ю Кадыровца, цунна гIодан а гIерта. Инвестицеш а хьийсайо Нохчийчу. Цо кхочушдийриг шена тIедиллинарг ду, иза маьрша стаг ма ваций. Иза Оьрсийчоьнан куьйгалхойн карахь инструмент ма ю.
Ас дагадоуьйту шуна, хьалхо йоккха исламан конференци хилира-кх Нохчийчохь, цо бусулба дуьненахь йоккха конфликт а эккхийтира. Стенна оьшу Кадыровна и тайпа дов эккхийта? Иза уггаре хьалха СаIуда Iаьрбийчоьнна духьал хIоттийна ма яра.
Ишта доллушехь, СаIудехь тIе а ма ийцира иза, цо барт ма лоьху цуьнца. Амма иза, гарехь, меттавогIур воцчух тера ду. Цундела, суна хетарехь, массо а Iаьрба мехкаш эгIа тарло цуьнца. ХIинца и ницкъаш Шема хьовсор а дуьсур дац саIудахошна ца гуш, иза жима хIума ма дац.
Баккъал а хаттар ду Кадыровга, оцу хоттала иза стенна гIерта? Ша суннато хилча, эша а оьший цунна оцу хоттала гIерта. Ткъа Кадыров цигахь Асадна гIодан воллу. Дика ду, Оьрсийчоь пачхьалкх ю, цуьнан цигахь геополитикан интерес ю. Ткъа хIара? Хаац суна-м, нахана хуур ду-кх, нохчийн къоманна шена хуур ду-кх. Суна хетарехь, цунна тешнабехк хилла, иза шена зуламна лелаш ву».
Кхечу экспертна, Москох Лаккхарчу экономикан школехь политологи хьоьхучу ал-Къалъюби Рамис, мисархочо, нохчий Шема бахийтар шашах ца нисделла, Кадыровс дуккхаза а бехира, шена цига шен ницкъаш хьовсо лаьа, боху. Амма нохчийн тоба Iедало хьажийнехь, иза цхьана статусехь хир ю, ткъа ца хьажийна ша Iедало бахахь, уьш шайггара тIаме бахана лаамхой хуьлу, цаьргахь да хьоьгу хьал а хир дац, боху Къалъюбис.
Ал-Калйуби Рами: «Нохчий Шема бахийта беза аьлла кхоллабелла лаам, иза дуьххьара бац. Хьалха а хьахийра иза Кадыров Рамзана, Оьрсийчоьно Шемахь тIеман операци йолочу муьрехь. Нохчийн тобанаш лаьттахь тIом бан хьовсо шаьш кийча ду, нагахь санна ТIеман буйранчас Путина омра дахь, элира цо хIетахь. ГIашсалтий бара буьйцурш.
Нохчийн тIемалой, уьш лаккхара тIеман корматалла хиларца бевза. Ала дац, информаци яцарна, цара цигахь хIун лелор ду, уьш мел бу, муьлхачу меттигашкахь.
Нагахь санна дIахьовсийнарш лаамхой, шайггара баханарш белахь, уьш кхелхича царех жоп лур дац Оьрсийчоьнан Iедало, я халкъо а хоттур дац. Эскархо вийча, тIеман министралло даздой тIеоьцу, ткъа шеггара, шен лаамехь ваханарг вийча, пачхьалкхе цхьа а претензеш хуьлийла дац. Иза цига цхьаммо а ницкъаша вахийтина вац».
"Вайн тIом бац иза"
Мел-мухха а делахь а, кегийнах тIаме хьовсорах уггаре хьалха хуьлу дика а, вон а, жимчу нохчийн къомана ду. Муха го, къоман цIарх даккхий къамелаш а деш, Шема уьш хьовсор шайна нохчашна? Жоьпех яьккхина ю кху деношкахь Фейсбук, Одноклассники, Вконтакте, Твиттер, Ватсап.
Маршо Радиоца, шен цIе цо хийцичхьана, къамел дан реза хиллачу я партехь а, я политикехь а воцчу говзанчас-эксперто дуьйцург догIу социалан зIенашкахь нохчашлахь яьржинчу ойланашца. КIезиг бу Шема «кадыровхой» бахаро къам сийлахь до аьлла хетарш.
Эксперт: «Вайн тIом бац иза, вай жима халкъ ду. Вайн тIемаш - вайн чохь берш бен а бац.
Цкъа делахь, цигарчу нехан шайн куьйгаллехь ву бохучу оцу Асадна дуьхьалбовла бакъо яра, хIунда аьлча, иза а, цуьнан да а мохк шайн дола а баьккхина лела тIех дукха зама ю, шемахой маьрша а бацара церан куьйга кIелахь.
ШолгIа делахь, Путина цигахь бомбанаш а етташ бен и тIом дуьнено тIелоцуш а бац. И вайна бомбанаш йиттина кеманаш, кеманхой хила а там бу нохчаша хIинца ларбийр бу бохурш. Я цара байаза бисинарш байийта хьовсийна хила а тарло. Цхьана а агIор нийса дац нохчий цига бахар.
БайIат дина, Путинна динехь а, хьанна а динехь а, зуламе омра делахь, иза кхочуш ца дан пурба ло Оьрсийчоьнан низамаша, дуьненан низамаша а ло изза бакъо.
Нохчий хIунда г1ерта цу юкъа, вайн хIун бала бу?
Амма бакъду, со цец ца ваьлла. Оьрсийчоьнан Нохчийчоьнна тIехь толам баккха, долаяккха аьтто белира цхьаболу нохчий нохчашна дуьхьалбовларца. Нохчийн куьйгашца охьатовIийна ма бу нах вайн цIахь.
Нохчашна дуьхьал тIом бинчу цара стенна ца беш бу тIом цига а бахана?!"
Закаев Ахьмад: Шаьш стенна ца боьлху "ялсамане яккха"?
Муха го Шема, дехьа – ДАIИШ-ан могIаршка, сехьа – Асадан агIо лаьцначу Путинан экаршка, Кадыровс нах хьийсор даймахкана юьстахарчу нохчийн политикашна. Ичкерин дозанал арахьа, тховкIелонехь долчу Iедалан лидеро Закаев Ахьмада мах хаддош емалбо оцу хьокъехь децIера Кремлан верасаш.
Закаев: «И видео гичхьана, вас хилла суна. Деши санна к1ентий буйла уьш го видео хьаьжча а. Лаамехь уьш цига ца боьлхийла а гуш ду.
Гуттара а санна, вайн нохчийн доьналла, майралла хьалха а туьйсуш, царех шайна дивидендаш эца лууш нах махкахь хилар - иза а дац вайн исторехь дуьххьара. Тахана цаьрца лелориг нохчийн историно гегдийр долуш а дац".
Закаев Ахьмадна хетарехь, нийса бац Шема лела нохчий, я Ислам толадо шаьш бохуш, ДАIИше хIиттина эгарш а, я Асад кIелхьараваккха баханарш а. Шина а декъо ишта а кхин ирс хьоьгуш а доцу цIера шайн къам дакъаздоккху цара.
Закаев: "Цигахь гIазот доцийла а хаьа царна, бусалба нахана дуьхьал тIемаш беш кхелхинарш, дехьаранаш а, сехьаранаш а, уьш ЖоьжахатIе гIур буйла а хаьа царна. Иштта ду динехь хьаьжча.
Дуьненан низаме диллича а дац яц нийса я важа агIо а, я хIара агIо а. Вайн къоманна беш эшам бу иза. ДIахьийсораш, шина а агIор нах дIахьийсораш, уьш Москох бу - ФСБ-но цхьаберш, хIинца санна, Iедалан цIарх - вуьйш.
Дийриг хIун ду? Луьрачу шина тIамера даьлла къам, цуьнан тIекхиина чкъор юха а хIаллакдар ду-кх. Нохчийн къоман кхане дIахадорхьама".
Социалан машанашкахь нохчашкара хезаш йолу, Шема нохчий хьийсорах кхин цхьа ойла а къадийра Ичкерин лидеро Закаев Ахьмад. Оццу деза цига вахар дуьйцуш хилча, ша къона а волуш волу муфти Межиев Салахь стенна ца воьду гIазот даккха, я лаамо дог хьоьстуш бухавуьсуш ву цо боху Кадыров Рамзан стенна вац Асадан-Путинан могIаршлахь ша леташ, хоьтту Закаев, ша ло жоп а.
Закаев: "Цигахь дериг гIазот а хилча, Эхарна уьш кечамбеш а хилча, нохчийн къомаца кху дуьненан хIума шаьш ма къийссара, шаьш еш йолу дашо гIаланаш, шайгара дуьненан хьал - уьш санна, къовса а къевсина, оцу Ялсаманенна а цара хьалхе йоккхур яра. Царна хаьа иза Ялсамане йоцийла.
Шайн доьша шайна тIехь лаьттачуьнга дIа ца хададайта, кегий нах Шема а хьийсош, хIаллакбеш бу. Ша гучуваьлча, пхи эзар дIаведира тIамехь бохуш, ша шех туьйранаш дохург а ца воьду цига тIаме, имам ваьлла лела муфти а ца воьду, цaра дIаоьхуьйтурш кхин нах бу, бац ур-атталла шайн гергарнаш а.
Церан хьожа-мода йолу стаг цхьа а вац боьлхучарна юкъахь, я хир а вац. Дерриг дIадоладелчхьана цара хIаллакйойтург къоман тIум ю. Доьналлица болу нохчийн къонахий бу цара бойуьйтурш кху тIаьххьарчу 25 шера чохь. Цигахь хинберг дика болх белахьара, уьш шаьш гIур бара цига, амма уьш гIур-м бац".
Чухьажа куьзга а доцуш...
Оьрсийчоьно биъ тIом бина Путин Кремлехь волчу юкъанна. Оцу беа а тIамехь жигара пайдаэцна нохчех, хьийсийна шен цIарх нах байа нохчий. Олуш ма-хиллара, царна цIий а догIуш, вайна шура а йогIуш лаьттар дац даима а.
Нохчийн къомо хIинцале а ду шен некъех жоп луш дуьненна хьалха. Цхьа зама хьалха, иза ша Iалашдархьама, оьрсийн эскаршца тийсалучу тIамехь къонаха къам, майра къам, яхь йолу къам дина дуьйцура массанхьа а. Ткъа Кремлан дуьхьа ша-шен хIаллакдан доладелча, шен доцу сибаташ, хийрачу нахера церан дине болу хьежамаш тIеэца доладелча, нехан тIемашка леста доьлча, цIе йожа юьйлира.
Нохчийн къам тахана чухьажа куьзга доцуш дисина. Ца карадо цунна шен куц тодан васт я кремлхочун Кадыровн политикехь а, я шен карара яьккхина маршо меттахIотто хьаьгначу политикийн леларехь а.
Ткъа хууш-м ду, тахане йоцчохь кхане кхоллалуш йоцийла.