Зеделлачу мухIажирша бечу тидамца, масех шо тоьу стаганна, ша ваханчу меттехь дIаие. Керла дахар а, керла юкъаралла, тIаккха, шен долуш санна тIеоьцу цара. Гуттар атта ду, шен Даймахках жималлехь бевлачарна. Церан баккхийчеран санна яц и гуш йоцу зIенаш. Амма, муьлххачу а нохчочунна, шен бер, геннарчу пана махкахь дуьне чу даьллехь а, шен коьрта декхар хета, цунна ненан мотт а, гIиллакхаш а Iамор. Атта доцуш хIума ду иза. Делахь а луучо иза чекхдоккху.
ТIаьхьарчу 4-5 шарахь Нохчийчу цIа эха буьйлабелла Европе дIаихина болу мухIажираш. Шо шаре мел долу Соьлж-ГIалан урамашкахь алсам юьйлуш ю кхечу пачхьалкхашкара номерш йолу машенаш. Иштта, схьайиллина ю Европерачу пачхьалкхашка лелаш йолу автобусан официалан рейсаш. Ши-кхо де бен кхин хан ца оьшу цунна цхьанхьара, кхечанхьа кхача.
ХIун бахьаншца цIа оьхуш бу Европехь дIатарбелла нохчий? Цхьаъ ца товш лелаш бу теша, я Даймахкана а, гергарчарна а гаттаделлачу сино хьийзош бу? И хаттар делира аса Соьлж-ГIалара вахархочуьнга Хьасане. Цуьнан шен ваша а, йиша а ду иштта дIадахана. Цундела шена хаа боху цуо церан хьежам цIехьа хIунда лаьтта.
Хьасан: «Арабевлла цIаоьхучу нехан тайп-тайпана бахьанаш хир ду. Шен-шен ду иза. Цхьаберш хьажа-хIотта цIа богIу, вуьйш, цигахь тIе а ца оьций, сагатталой, шайн Даймахкахь, Iан а, баха а меттиг гIоле ю олий цIа богIу. Хьалхалерачул гIоле ю кхузахь меттиг».
Нохчийн вевзаш волу пластикан хирург Баиев Хьасан а ву Iамеркехь вехаш. Бераш ишколера цIа ма хецнехь, цуо уьш баттан а, шина баттан а, цIа бахкабо. Цкъа интервью луш, цуо шена, чIогIа мехалла хеташ хIума ду иза, элира. Иштта хета, Соьлжа-гIаларчу Хьасанан а. Берийн доьхь, дIа а бахна нохчий цIера, оццу берийн доьхьа уьш, хIинца ханна далахь а, цIа а гIерта, элира цуо.
Хьасан: « оцу цIа богIучу нахана юккъахь, дуккха а доьзалш бу, шай бераш цIа далош. Цара нохчийн мотт а, гIиллакх-гIуллакх а диц ца далийта, богIу уьш. Даймахкаца йолу уьйра ца хадийта гIерта уьш. Цундела богIу цIа».
Хьалха, уозалора Европера мухIажираш цIа эха, амма, тахана, царна бахка-бан цхьа а новкъарло яц. Шаьш тIеэцначу пачхьалкхан дозаналла аравала бакъо луш долу кехаташ дерш Москоххула боху, ткъа, и бакъо йоцурш, цхьацца, бозбунчаллашца, кхечу, кхолагIчу пачхьалкхехула богIу. Уггаре а атта дерг ду, шен машенца цIа вар, боху Ризван цIе йолчу Францехь вехачу мухIажиро.
Ризван: «Европера машенца цIа вар, дуккха а гIолехь ду, кема хьоьхкучулла. ЦIахь машен а оьшу, шен гIуллакхе дIасаваха. Со а моссуьйтуза цIа а вахна машенца. Цхьа ши кIира даьлча, марханаш даста юха а ваха дагахь а ву».
Стохка, Нохчийчуьрчу Iедалша терго ян йолийна Европера цIа оьхучу мухIажирашна. Гуш, неIарга оьхуш хIума ца до, амма, къайлахьчу сервисехула, царна хаа, мила ву, муха веъна, мел Iийра волуш ву цIахь. Нагахь санна, цхьа а низамехь доцу хIума лелош, я лелийна вацахь, иза, ша ма цIа ма варра, дIа юха кхача а мега.
ХIинца, дийна делкъа хенахь, нах дIа а луьйцуш, байар а, дIалийцар а, хьалха санна хуьлуш дац. Кхиамечу амалехь, Нохчийчоь гайтаме яьккха лууш дукха хан ю, меттигерачу Iедалийн. Шена, цхьанна а тайпа, новкъарло ца хуьлу, я некъаца, я цIахь а, бохуш кхин дIа а дуьйцу Францерачу Ризвана.
Ризван: «Сан машен Европера номерш ю аьлла, кхечарелла, дукха сецош,ас тидам бина-м бац. Низам дохийча, Европера ялахь а, миччара валахь а, сацо везаш ву. Вуьшта, со Европера цIа веана ву аьлла, суна новкъарло хилла-м яц цIахь».