Iедалан зуламах ларйийр йац: Нохчийчуьра хьаькамаш зудчун меттиг айъа муха гIерта

Соьлжа-ГIаларчу митингехь Кадыров Рамзанан сурт лаьцна лаьтта зуда, 2023 шо / Гайтаман сурт

Нохчийчохь кхеташо кхоьллина, дIахьедина ма-хиллара, зударийн бакъонаш ларйан а, йукъараллехь церан меттиг айъа Iалашонашца. Декъашхошлахь цхьа зуда бен йац йац – Кадыров Рамзанан йоI Iайшат. Регионан вице-премьеран даржехь йу иза хIинца. Виссина ворхI декъашхо, шайлахь церан хьалханча волуш, – божарий бу.

Кадыров Iедалехь волчу йерриг хенахь республикера нуьцкъаха арайаьккхира йерриг бакъоларйаран организацеш – тIаккха оцу кепарниг эшахь а, Iедалан зуламех зударий ларбархьама оьшу иза, хета эксперташна.

Кхеташонан декъашхой

Нохчийчоьнан могушалла Iалашйаран министр хIоьттина зударийн бакъонаш ларйаран кхеташонан хьалханча Алханов Адам. Регионан чоьхьарчу гIуллакхийн министр хиллачун кIант а, Кадыровн шолгIачу йоIан Хадижатан хIусамда а ву иза.

Комитетехь бу иштта: къинхьегаман министр Баширов Iусман, цуьнан гIовс Ибаков Тамерлан, дешаран министр Дааев Хож-Бауди, къоман политикан а, хаамийн а министр Дудаев Ахьмад, могушалла Iалашйаран министр лаьттина волу Лорсанов Сулейман а, спортан министр Ибрагимов Iийса а.

Комитетан цхьаболу декъашхой хьалхо дискриминацин къамелаш деш, йа нуьцкъаха ламасташ кочаухкуш лелла бу.

Кхеташонан декъашхо Ибрагимов Iийса а (аьтто агIор), пачхьалкхан думан депутат Делимханов Адам а

Масала, Ибрагимовс 2022 шеран зазадоккху-баттахь социалан машанашкахула эфирашка бовлучу нохчийн зударшна кхерамаш туьйсура. Буьйсанна социалан машанаш лелон ца магийра цо, тIаккха аьлларг дан ца луурш дIалеца, нахала баха, "йоккха-йоккха сюрприз" йарца кхерамаш тийсира.

2019 шарахь цо къобалдира Соьлжа-ГIалин мэро Кадыров Ислама лелийнарг – зударий электрошокерца Iазапехь латтийнера цо. Оцу кепара комментари йазйира цо Исламца хиллачу эфирехь. "Аферисташна электрошокерш а кIезга йу", – йаздира цо хIетахь.

Редакцин хьасташа дийцира, Ибрагимовс кхиамца лелайора Нохчийчуьра троллийн фабрика, оцу бахьанца хIоттийна бохура иза министран дарже.

Министр Дааев хьалхо кхечу даржехь вара – культурин министр. Тайп-тайпанчу комиссешца шайн эшарийн хьокъехь иллиалархой дагабовла декхаре барца вевзира иза. 2016 шарахь Дааев, цуьнан хьукмат а "ламастехь доцу" духаршца къийсам латтон хIоьттира, цул тIаьхьа – республикерчу тойнашкара "ламастехь доцу" хелхаршца.

2020 шарахь Дааев йуха а эшарш талла волавелира, культурин министраллица барт ца беш шайн зурма социалан машанашка хIиттон кегийрхой йемалбора цо. "Нохчийн ламасташ сийсаздо" оцу артисташа аьлла дIахьедира цо.

Оцу 2022 шарахь Дааевс къийсам латтабора нохчийн культура "дIасайоккхучаьрца". Кхин къаьмнаш бехкедира цо, "хьалххе дуьйна нохчийн къоман а, культурин а долахь дерг шайн дола даккха гIерта" аьлла: эшарш, туьйранаш, аларш, легендаш. И хьал листар, оцу хьокъехь "дан дезачун" план хIоттор тIедиллира хьаькамо.

2019 шарахь Дааевс Нохчийчуьрчу модина тIехь тидам латтийра. "Оскар-2019" бараме зударийн коч-фрак йоьхна гучуваьллачу Голливудерчу Портер Биллин масалца критика йира цо, регионехь божарийн, зударийн духарш иэдарна. Зударийн духарна тIехь божарийн духаран битамаш лелор йемалдира цо шен инстаграмехь, бохура, "культурехь сийсазалле хийцамаш бар массочу кепара сацон деза".

Зударийн дахар тадарна леринчу кхеташонера йеккъа цхьа зуда – Кадыров Рамзанан йоI Iайшат

Кхеташонан кхин цхьа декъашхо – Баширов – кхин башха гIарваьлла вац шен леларца. Кхечу министрашца, ницкъахошца Кадыровн 10 шо долу йоI декъалйира цо йинчу денца. Оцу постехь цо бере вистхулуш цуьнан ден цIе цхьаьна йоккху, оьрсийн маттахь "вы" дош леладо цуьнгхьа.

Лоьрашна мобилизаци йийр йу аьлла аудио йаржийна йолу Хьалх-Мартан кIоштан дарбан хIусамера лор шена къинтIера бовла баха декхаре йира министр лаьттина волчу Лорсановс. Оцу аудиохаамехь цо олу, тIеман билеташ шайн хеннахь схьадохьуш боцучарна Украинерчу тIаме мобилизаци йийр йу.

Министраца къамел хиллачул тIаьхьа лоьро хаам бира, ша лаамхо санна тIема йаха кийча йу. Цо гуш-хезаш къинтIера бовлар доьху видео гайтира ЧГТРК "Грозный" телехьожийлан эфирехь.

Кхеташонан декъашхо волчу министро Дудаевс бохура, бехказвийлийтар – иза къоман ламаст ду. Амма 2019 шарахь Дудаевс Кавказ.Реалиин сайтаца хиллачу интервьюхь бохура, нохчийн Iедало цхьа а декхаре ца во нуьцкъаха бехказавийла, хIунда аьлча, низамо магош дац иза.

Зударийн бакъонаш, церан маршо вуно чIогIа ларйеш йу Нохчийчохь, дIахьедора цо 2021 шарахь. Амма оцу къамело новкъарло ца йира цунна, бакъоларйархоша Тарамова Хьалимат лачкъийна баха – Дагестанерчу шелтерере кадыровхоша нуьцкъаха цIа йигина Нохчийчуьра йахархо йу иза. Доьзалехь ницкъбарх йеддера иза.

КХИН А ХЬАЖА: Кадыров Исламах видео гайтаран бахьанах кхетийна Нохчийчохь

Нохчийчуьрчу зударийн бакъонаш

Республикерчу хьаькамаша сих-сиха дуьйцу, зуда мел лакхара йу, гезгмашин-беттан тIаьххьарчу кIирандийнахь хуьлу иза гуттара а – официалерчу нохчийн зудчун Дийнахь. Кавказ.Реалиин сайто бинчу тидамца, Кадыров Iедалехь волчу йукъанна республикехь зударийн бакъонаш гуттара а хьешна.

Кавказ.Реалиин сайто масийттаза дийцира регионехь дуккха а зударий бахкор магадайта гIерташ хьийзарх, иштта мехкарий лечкъо гIертарх, доьзал къаьстича бераш схьадахарх, духарца дозанаш деттарх, доьзалера дIабахна зударий нуьцкъаха йухаберзорах, зударшна электрошокер йеттарх.

Ур-атталла Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнгара а хезара дискриминацин кепехь дIахьедарш.

Масала, нохчий нуьцкъаха Украинерчу тIаме хьийсош, уьш цигахь кхелхачу хенахь, Кадыровс 2023 шеран дечкен-баттахь дIахьедира, буьззина боцучу доьзалшкара бераш оьшучу кепара кхиийна ца хуьлу. Цхьалха болчу наношна бехкбиллира хьаькамо, "бакъволу къонах" кхион ца хаьа царна, хIунда аьлча, "ден леларан кеп дегара бен ца кхочу".

2006 шарахь Нохчийчоьнан премьер-министр волчу Кадыровс дIахьедира, зуьдаршкара мобилан телефонаш схьайаха йеза аьлла – оцу аппараташа "божаршца зIене бийла, хин йисте кхайкха аьтто ло" аьлла кхетийра цо шен къамел.

"Критика йан бакъо йу сан. Амма зудчун – йац. Вайн зударий – хIусамнаной бу. Зудчунна шен меттиг бовза беза", – дIахьедира Кадыровс цхьайолчу кхеташонехь.

2019 шарахь Нохчийчоьнан Йукъараллин палатехь дуьхьал хилира доьзалехь ницкъбарна йухатохаран низамна. Регионан куьйгалхочо цунах "доьзалш бохаран" низам элира.

Кхерамаш тийсарна тIера ницкъбаре кхачалц зударийн хьолех дерг гIардолуьйтур дац вайн ламасташ бахьанехь

2020 шарахь Нохчийчохь йийна карийра 23 шо долу Умаева Мадина. Шен йоI доьзалехь ницкъ лайна йу, хIусамдас йийна иза, дIахьедира цуьнан нанас. Оцу хьоло йоккха резонанс гIаттийра, тIаккха Кадыров Умаевин майрчунна тIехIоьттира.

"Европехь къамелаш до, Нохчийчохь кхел йац, зударий хьийзабо бохуш. Нохчийн ламасташца а догIуш, маре йахна, бераш долчу зудчунна шен меттиг хаа беза. Цунна дов дан мега, йетта мега, нанас шен берана а йеттий иза", – дIахьедира цо.

ТIаьххьаре а Умаевин нана шена къинтIерабовлар деха декхаре хилира Кадыровн хьалха, шен невцан доьзална хьалха а. ТIаккха кхелхинчу зудчун майранна керла хIусам йелира Iедало.

Йелла йолу Умаева Мадина а, цуьнан бер а. Архивера сурт, 2020 шо

Нохчийчохь тIаьххьарчу шерашкахь даьржина, доьзалехь ницкъбарх бевдда зударий нуьцкъаха йухаберзор. И деш хуьлу ур-атталла Iедалан белхахой а, ницкъахой а. Нохчийчу шаьш йухабахкийча цара гуттара санна телехьожийлехула комментареш йо, шайн лаамца йухабаьхкина шаьш олу, ницкъбина бохург тIе ца лоцу.

Нохчийчохь зударий долара даьхний санна бакъонаш йолуш бу, уьш сийсазаллехь латтабо, шайн лаамехь бац уьш, бохура хьалхо Кавказ.Реалиин сайтаца хиллачу къамелехь Францехь йехачу нохчийн жигархочо, журналисто Бакаева Хазмана.

"Гуш-хезаш тIехь таIзар деш латточу доларчу лайн кепе йерзийна нохчийн зуда: бехказайийлийтар, йеттар, масала, хьаькамаш бу бохучаьрга дош аларна йемалйар – и дерриге рогIера хIума хилла дIахIоьттина. Таханалерчу султанатехь санна цкъа а хилла йац нохчийн зуда иштта сийсаз йаьккхина, дозанашца лаьцна", – бохура цо.

Бакаевас бахарехь, оцу кепара хьал хIинццалц дацара политикан ражца доьзна хета цунна иза.

КХИН А ХЬАЖА: "Кадыровс къобалйо и мачизм" Нохчийчоьнан Iедал а, доьзалехь ницкъбар а

Iедало лаьхкина бакъоларйархой

Нохчийчуьра Iедал кху шерашкахь зударшца тIом латтош ду, боху Европехь йехачу нохчийн бакъоларйархочо Гашаева Зайнапа: "Дуккха а зударш бахкор йукъадаккха гIоьртира, шайн товриг бедар лелон йиш йацара, йа шайна хетарг ала, уьш массарна гуш сийсазбора, бехказбуьйлуьйтура. КадыровгIар Iедалехь болчу 20 шарчохь оцу тайпа меттигаш эзарнаш йу. Цул сов, и дарехь дакъа лоцурш куьйгалхой а бара, тахана цIаьххьана церан бакъонаш ларйан гIоьвттина болу".

Цунна хетарехь, зударийн бакъонашкахула йолу кхеташо регионехь баккъала а оьшуш йу, амма политикех маьрша хила йеза иза. Нохчийн йукъараллина вуно ладаме ду иза, хIунда аьлча, доьзал уггар хьалха зудчух боьзна бу, боху цо.

"Кадырия" пачхьалкх мел къевлина йалахь а, вайн ламасташца вай кхиийна нах бу цигахь биссина

Регионехь болх бина йолчу социалан-психологин ресурсан "Синтем" центран цхьалйолчу жигархочо бахарехь, тахана Нохчийчохь бакъоларйаран организацеш йиссина йац. Церан цхьа дакъа арахьарчу агентех лаьцна низам даьккхича дIакъовлайелла, йиссинарш бехктакхаман гIуллакхашца, йа ницкъбарца кхерамаш тийсина, сацийна.

"Нах кхерабелира, – кхетадо жигархочо. – Амма Нохчийчохь ша-шех жоп луш стаг ван а вац тахана, берриг доьзал жоьпалле озабо. Дукхачу хьолехь Нохчийчохь зударийн бакъонаш ларйеш зударий хуьлура. Амма шена а, гергарчу наханна а зулам ца хилийтархьама, цхьажимаа бакъоларйаран гIуллакх лелош хилла йерриг организацеш дIакъовлайелира".

Зударийн, берийн бакъонаш ларйеш, тайп-тайпана ницкъ лайначарна гIо деш, ненан, беран могушалла ларйеш хьийзина йу "Синтем" цхьанакхетар.

"Ма дукха йара тхан дика кечйина программаш, – дагадоуьйту къамелахочо. – Тхан организацин неIарш цкъа а дIакъовлуш йацара, гIо-накъосталла дарна наха баркал олура тхуна. Амма билгалдаккха деза, тхо цхьалха болх беш дацара – масех зударийн цхьанакхетараллаш йара тхоьца".

Бакъоларйархочо бахарехь, Нохчийчохь хIинца а бу бахархошна гIо латтош нах, амма уьш цхьанакхетараллаш йац, къаьсттина жигархой бу.

Къастийначу нехан кхеташо

Зударийн бакъонехула йолчу кхеташоно пхеа агIонехула болх бийр бу: социалан кхачамбацарш йухатохар, зударийн могушалла ларйар, йукъаралла кхиорехь цаьрга алсам дакъа лацийтар, церан йукъараллин-политикан позицеш чIагIйар, Оьрсийчоьнан социалан-экономикан кхиамехь дакъа лацийтар а.

Зударийн бакъонаш ларйаран организацеш хила йеза, амма Iедалх йоьзна йоцуш

Билггал барамаш бу цигахь хьахийна: "аборташ лахйарна лерина" репродуктиван могушаллин школаш кхоллар, йоIаршна болх хоржуш гIо дар, техническан говзаллашна тIе алсам тидам бохуьйтуш, цаьрга Iилманан гIуллакхехь дакъа лоцуьйтуш.

Европехь вехачу нохчийн бакъоларйархочо Кутаев Руслана бахарехь, дIахьейина Iалашонаш вуно дика йу: "Амма со тешна ву, Нохчийн Республикера дукхахболчу зударех хьакхалур дац и гIуллакх, Нохчийчоьнан Iедало кхоьллина кхинйолу органаш санна. Оцу кхеташоно луш йолчу бакъонех пайдаоьцур берг цхьа жима зударийн го бен хир бац – Iедалехь, йа цуьнца боьзна болу, йа Iедалехь болчу нехан гергарнаш".

Кхеташонан декъашхой доккхачу декъанна божарех лаьтташ хилар цо кхетадо, уьш министраллийн а, хьукматийн а хьалханчаш хиларца. "Шен профилах" хьакхалуш йолу проблемаш толлуш хир ву царах хIора а, тIаккха хаамийн, зорбанан министро цунах лаьцна "йаздийр ду, дуьйцур ду", кхетадо Кутаевс.

И гIуллакх дика дагадеана ду боху Гашаева Зайнапа а, иштта цунна а хета, къаьсттинчу зударийн гонна бен гIо ца латтош Iедало кхоьллина рогIера орган хир йу иза аьлла. Кадырова Iайшатан Iалашо – и кхеташо Iуналлехь латтор йу, амма зударийн хеттарш, йа проблемаш "царна бен йац", хета бакъоларйархочунна.

"Европерчу схемехь санна гайта гIерта уьш, зударийн хьокъехь мел дика болх беш йу шайн бакъонаш ларйаран система. Кхерамаш тийсарна тIера, ницкъбаре кхачалц зударийн хьолех дерг гIарадолуьйтур дац вайн ламасташ бахьанехь", – тешна йу Гашаева.

Оцу кепара кхеташо эшахь а, Iедалан зуламех ларвархьама оьшу иза, тешна ву Кутаев.

"Дахарехь хуьлу рогIера зуламаш, йа лулахочо дийриг, йукъаралло дийриг дац дуьйцург. ХIан-хIа. Ишттачу меттигашкахь нохчийн зударийн шайн институташ йу – вежарий, кIентий, хIусамдай, иштта кхин а, – кхетадо цо. – Амма Iедалан зуламах ларвархьама и тайпа кхеташо эша тарло. Бакъду, Iедало кхоьллинчу кхеташоно хьо Iедалан зуламах ларвойла дац. Вовшашца ца догIу и дерриге тIаккха".

Гашаевина хетарехь, зударийн бакъонашкахула йолу организаци Нохчийчохь баккъала а оьшуш йу. Амма политикашца, Iедалца йоьзна хила ца йеза иза, боху цо.

  • Къоман стратегин гурашкахь Нохчийчохь кхоьллира зударийн бакъонашкахула йолу кхеташо тIедожучу ворхI шарна. Ростовн кIоштахь зударийн дахар аттачу даккха Iалашонца кхоьллинчу кхеташонан куьйгалле хIоттийна борша стаг: регионан губернаторан гIовс Пучков Андрей. Делахаь а, Ростовра кхеташона йукъара 14 декъашхошлахь зударий алсам бу: бархI зуда а, йалх стаг а.
  • Журналист, бакъоларйархо, "Мемориал" центран белхахо хилла йолу Эстемирова Наталья 2009-чу шеран товбеца-баттахь лачкъийна йигира иза Нохчийчуьра ГIалгIайчу, тIаккха герз тоьхна йийра. Марсхьокху-беттан 31-чохь ЕСПЧ кхело сацам тIеийцира "Эстемирова Оьрсийчоьнна дуьхьал" гIуллакхехула. Цхьана агоIр кхело и журналист, бакъоларъярхо резонансе йерах гIуллакх кхачам боллуш теллина дац элира, вукху агIор – Нохчийчоьнан Iедалхой оцу зуламна бехке цахиларх юхататта йиш йолу тоьшаллаш ца гира. Оцу йукъанна кхело йийначун йишина 20 эзар евро ахча кхачийра.
  • Къилбаседа Кавказан мехкашкахь иттаннаш къона мехкаршна тIехь ницкъ латтабо доьзалехь, цхьаболчара цIера бовда сацамбо. Оцу кепарчу хиламех лаьцна а, иштта тIом болабеллачул тIаьхьа муха хийцабелла бакъоларйархойн болх а дийцаредира Кавказ.Реалиин редакцино "Марем" тоба кхоьллинчу, Кавказерчу зударийн хьолах лаьцна яздечу "Даптар" ресурсан коьртачу редакторца Анохина Светланица.
  • Къилбаседа Кавказан кхечу регионашкахь а санна, и проблема Нохчийчохь а цхьаьна ю ира лаьтташ – сий лардеш нах байина а, дайша-наноша лечкъийна а, бераш карара даьхна а дуккха а меттигаш бу, Кавказ.Реалиин редакцино хеттарш динчу эксперташа билгалдоккху, кху хIоьттинчу политикан рожехь республикехь зударшна тIехь ницкъбар цхьа могIарера гIуллакх санна тIелоцу.
  • "Мемориал" дIакъовлахь саца тало оцу бакъонашларъярхойн юкъаралло 32 шарахь доккхачу декъанна Къилбаседа Кавказехь бина болх. Iедало низамашна бухаийзош болчу нехан аьрзнаш Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле кхачадора "Мемориалан" юристаша, гIиттайора бусалбанашна, мигранташна ечу гIелонна дуьхьал программаш, къахоьгура тIеман конфликташ лелхачу меттигашкахь.