Интерпол: Керла зуламаш кечдеш ю ДАIИШ

Малхбузерчу пачхьалкхашкахь кху муьрехь керла терроран акцеш дIаяхьа там бу ша шех Исламан пачхьалкхе олучу тобано. И хаам официалехь баржийна Интерполо. Дуьненаюкъарчу полисхойн цхьаьнакхетаралло Европера бахархой сема хиларе кхайкхина.

Your browser doesn’t support HTML5

Террорхойх кхоьру Европа

Даханчу шина шарчохь гIура бутт уггаре а алсамох полисхой а, кхинболу нуьцкъаллин структурийн белхахой а урамашкахь къепе ларъан арабовлу хан хилла дIахIоьттинера Малхбузерчу пачхьалкхашкахь.

Иза доьзна дара ша шех Исламан пачхьалкхе олучу ДаIиш тобано Европехь бехачу шайн агIончашка сих-сиха кхайкхамаш беш хиларца, Керла шо тIедарца а, керистанийн коьрта дезде – Iиса пайхамаран вина де ларалуш долу де тIедарца а доьзна вуно дукха адам цу муьрехь урамашкахь хуьлуш хиларна ка ма-долу дукха цу деношкахь тIелатарш де бохуш.

Дахначу аьхка Шемахь вийна волу ДаIишан пресс-секретар хилла ал Iаднани а, цунна тIекхетта нохчийн къомах ДаIишан тIемалойх волу Абу Муса а вара доккхачу декъехь и кхайкхамаш бинарг.

„Шайга кафирашна кхин зе ца далахь, ур-аттала урамехь воьду-вогIуш тIулг мукъане а кхосса царна, церан бахамаш бохабе, туйнаш детта царна, машен тIе а ховший, некъахошна тIе и машен хьажае“,- иштта бара цу шиммо интернетехула бинчу кхайкхамийн чулацам.

ХIинца ал-Iаднани а, Абу Муса а вийна хиларна, ткъа царна метта, хетарехь, пропагандин декъан куьйгалхой харжа ДаIишан я йиш яцахь а, я похIамалле бIахой ца тоахь а, амма кху шарахь и тайпа кхайкхам халипатан де дийне мел долу гатталучу лаьттанашкара кхаьчна бац.

Амма, Малхбузерчу Iедалхошна хетарехь, иза бохург данне а дац, ДаIишера европахошна болу кхерам дIабаьлла я иза мехала лара ца оьшучу барамехь лахбелла бохург. Кху деношкахь Европол олучу Европерчу массо а пачхьалкхийн полисхойн юкхарчу хьукмато хаам баржийна, кеста ДаIиш тобанца озабезам болчу я церан могIаршкара болчу радикалечу исламхоша Малхбузехь террорхойн тIелатарш дан мегаш ду, аьлла.

Иза, Европолерчу аналисташна хетарехь, ДаIиш тобанна тIаьхьарчу хенахь хуьлучу тIеманийн зенашца а, цара цхьа ши шо хьалха Шемахь а, Иракъехь а схьадаьхна хилла долчу лаьттанийн доккхах долу дакъа цаьргара юхадаьккхина хиларца а, и дерриге а бахьана долуш ДаIишера террорхой Малхбузерчу пачхьалкхашна тIелатарш а дина реванш эца лууш хиларца а доьзна ду.

ХIаагехь шен коьрта бюро йолчу Евробертан полисхойн хьукмато еари дийнахь зорбане яьккхинчу рапортехь даханчу шина-кхаа шарчохь Малхбузехь радикалечу исламхоша дина хилла тIелатарш талла а теллина, ткъа иштта а шайн аналистийн а, къайлахчу сервисийн а информацина тIе а тевжаш, яздо, Евробертана юккъе йогIучу муьлхачу а пачхьалкхашкахь ДаIишхойн тIелатарш хила йиш ю, бохуш. Талорш тобанаша я цхьа-цхьаццачу террорхоша дан там бу.

Ткъа уггаре а боккхах террорхойн тIелатарийн закъалт хила кхерам Францин хьалха хIоьттина, Европолан эксперташа дийцарехь. Цхьа могIа бахьанаш а дагардо цара цу хIуман - цкъа делахь, Франци, кхин цхьа а Европера пачхьалкхе йоцучу агIор, Малхбузерчу мехаллийн а, дахаран кепан а, културин а символ хилла лаьтташ ю.

Цул совнаха, джихадхоша Франци бехке йо, хьалхара дуьненан тIом дIабаьллачул тIаьхьа Iосманийн халипат йохорна. Ткъа иштта кхин цхьа бахьана ду, Францера я францхойн мотт лелачу меттигашкара вуно дукха джихадхой ДаIишан могIаршлахь хилар.

Амма Франци, хIинцалца схьа а масийтаза террорхоша шена тIелатар дина йолу, хилла ца Iан, ДаIишан талорийн Iалашонашна юккъехь. Европоло ягарйина кхерамехь йолчу пачхьалкхашна юккъехь иштта Германи а, Британи а, Белги а, Нидерландаш а.