Кадыров Рамзана дIайолийна "Нохчийн воIарий Оьрсийн империн гIаролехь" цIе йолу керла проект. Цу балхо дуьйцур ду 12 нохчочун дахарах. Царех цхьаберш шен-шен историн муьрехь Оьрсийчоьнехьа къийсина бу, империца цхьаьна нехан латтанашна оккупаци йечу тIемашкахь дакъалаьцна бу, иштта къоман гIаттамаш эшош лелла бу. Кавказ.Реалиин редакцино говзанчашца дийцира, кхин муха бевза меттигерчу Iедало къоман турпалхой бу бохурш.
"ГIуллакхашкахь кхиамаш барна"
"Нохчийчоьнан воIарий" проектан автор республикан куьйгалхо ву, боху меттигерчу зорбанаша. Проектехь вуьйцуш верг Паччахьан Оьрсийчоьнан виъ жигархо, виъ ЦIечу эскаран декъахой хилла Дуьненюкъара шоллагIчу тIемехь хилларш, Украинерчу тIамера виъ кадыровхо. Царех хIораннан биографи йуьйцуш йоцца видеороликаш йаьхна – Нохчийчоьнан бахархошна бакъо йелла церан биографеш йузуш, дакъалаца, нагахь царна "цхьа ладаме дерг довзахь": масала, суьрташ, видео, историйн тексташ а, тептараш а.
Видеороликийн авторша йуьхьарлаьцна Iалашо, Оьрсийчоьно схьайаккхар бахьана долуш Нохчийчоь "кхиамца" йаха хиъна, "массийта шарахь лаьттинчу девнан" чакхе а йуьллуш. Цу керлачу историн проектан турпалхой цу новкъахь къахьоьгуш а хилла аьлла, дIахьедар до цара.
Царех цхьаъ ву Чермоев Орца, нохчо, оьрсийн инарла-майор, паччахьан Оьрсийчоьнан йерриге тIеман титулаш шен йелла волу, Оьрсийн-кавказхойн (1842-1864), Оьрсийн-туркойн (1877-1878) тIемийн дакъалацархо. Оьрсийчоьнах дIакхетахь, "нийсонан низамехь нисдалар, массо кепара кхиар" хир ду нохчашна аьлла хетачу ламанхойх цхьаъ хилла иза, боху видеороликан авторша.
КХИН А ХЬАЖА: Кадыровн фактор: пропагандист хилларг Нохчийчоьнан Iилманийн Академин куьйгалле стенна хIоттийна1877-чу шеран гIадужу-баттахь оьрсийн эскарша Оьрсийн-туркойн тIеман болар хуьйцуш, дIадаьхьначу Авлияр-Аладжинскан латарехь дакъалацар а Чермоевн дикачу гIуллакхех цхьаъ лору цара. Йозанашкахь иштта дIайаздина дара 1877-чу шарахь "туркошца къийсарехь кхиамаш барна" Чермоевна сийлахьчу Святославан, Георгийн, Аннин орденаш йеллера – уьш цуьнан совгIатех жима дакъа бен дац.
Цу муьрехь Нохчийчохь маршонехьа гIаттам беш, адам араделира . ТIаккха Чермоев цу гIаттамхошца вуно къиза летачу меттигерчу милицин куьйгалхо хIоьттира. Паччахьан куьйгаллехь болучара репрессеш йира гIаттамхошна а, Нохчийчохь мел болчу бахархошна а. 1878-чу шарахь зазадоккху-беттан 9-хь Соьлжа-ГIаларчу майданахь цу гIаттамхойх 11 хьалханча вийра.
Императоро хастор
Мехкан историн проектан кхин цхьа турпалхо – паччахьан эскаран тIеман инарла Алиев Эрисхан. Оьрсийн-туркойн, Оьрсийн-японхойн, дуьненан Хьалхарчу тIеман дакъалацархо ву иза. 1919-чу шарахь Деникин Антонан лаамхойн кIайн эскар Къилбаседа Кавказе дарца Алиев Нохчийчоьнан куьйгалхо хIоттийнера. КIайн эскар эшначул тIаьхьа шо даьлча, инарла а, цуьнан эпсар-воI а Соьлжа-ГIалахь большевикаша герз тухуш, вийра.
Нохчийчоьнан куьйгалхочун исторерчу турпалхойх таханлерчу дIахьедаршкахь вовшашна ца догIуш хестамаш бар хаало. Масала, хьаькамо сих-сиха хестабо Оьрсийчоьнна дуьхьал тIом бина, шайн дахар къоман паргIатонехьа, маршонехьа къуьйсуш дIаделла болу нохчийн къонахий. Цаьрца цхьаьна цу Оьрсийчоьнна тIехIиттина леттарш а турпалхой лору цо.
"Байсангур... Иза тер-мера ТIемло ца хилла. Иза - эзарнашкахь болчу мостагIашна тIехула доьду луьра дарц санна хилла ву",- бохуш, дийцира Кадыровс Бенойн Бойсхарх, XIX бIешарехь Кавказан тIамехь Оьрсийн империна дуьхьало йинчу нохчийн буьйранчах.
"Цу заманерчу нохчашна а хилла, хIинцалерчарна а йу йеза сийлахьчу Шейхан цIе!"- дозаллица дуьйцура Нохчийчоьнан куьхгалхочо XVII-бIешарехь Оьрсийн империца леттачу Къилбаседа Кавказерчу гIаттамхойн хьалханча хиллачу, Къилбаседа Кавказан дуьххьарлера имамах Шейх Мансурах дуьйцуш.
Республикерчу Iедалхоша йолийначу проектерчу нехан мах хадош, "уьш баккъал а "къоман турпалхой " хилла аьлча нийса хир дац, боху ша вовзийта ца лиинчу, Кавказ.Реалии редакцица къамеле ваьллачу, Оьрсийчохь вехачу нохчийн историко.
"Чермоев Арцуна коьрта дерг шен амбицеш хилла, бахам безар, ша вовзийта лаар, амма къоман баланашна иза гена хиллийла хууш ду. Мелхо а къомана дуьхьал хилла ву иза. Къайлах агентан болх а бина цо. Кавказан тIамехь паччахьан ницкъашна некъ гойтуш, ломан меттигашкахь, церан гIоьнча хилла лелла ву и. Цу хьокъехь и турпалхо вац, антитурпалхо ву. Къоман дуьхьа цо дина хIумма дац", – боху историко.
Чермоев тIеман хьелашкахь лелла ву, ткъа Алиев Эрисхан тIом дIабаьллачул тIаьхьа, Нохчийчоь а, йерриг Къилбаседа Кавказ а оьрсийн тIеман-административан системе йерзийначул тIаьхьа, олий тIетуху цо.
"Алиевс йоккха карьера йина, амма цуьнан дерриге дарж - иза "оьрсийн артиллеристан болх" бу. Нохчийн къоман баланашна тIехIуттуш цо дина хIумма дац. Революцин луьрачу шерашкахь Нохчийчоьнан тIеман куьйгалхо, лаамхойн эскаран хьалханча а хила лууш-м хилла иза. Амма цу халачу хьелашкахь иза дан цуьнан ницкъ ца кхаьчна", – чекхдаьккхира историко.
КХИН А ХЬАЖА: Цхьа пачхьалкх – тайп-тайпана турпалхой: Кадыровна луучу кепара истори муха хуьйцу Нохчийчохь"Хьаштдоцуш дагадеънарг"
Иштта "Нохчийчоьнан воIарий" проектана йуккъе оьзна - Тагиров Бисолта а, Дубаев Пажа а. Царех йазйинчу роликашкахь турпалхойн диканаш дуьйцуш хьахийна шайн балханна тIера хилар а, тIаккха тIаьххьарчунна – "монархан доьзалан тешам хилар".
Ша вовзийта ца лиинчу Дагестанерчу историко редакцица хиллачу къамелехь элира, и нах турпалхой бина дIахIиттон лаар пайда боцуш дуьсур ду. Нохчийн йукъараллехь царех йолчу ойланца и догIуш ца хиларна.
"И тайпа проект шеконе йу таханлерчу оьрсийн историн политикица йуьстича а. ХIунда аьлча, Оьрсийчоьнан йукъараллин турпалхойн "пантеон" махкарчух тера хир йац. Масала, Шейх-Мансуран цIе стенга йахьа йеза? Иза вуно шатайпа, нахана вевзаш, лоруш стаг хилла. Иза ву Оьрсийчоьнца тIом бинчу Туркойчоьнца уьйр хилларг а, Оьрсийчоьнна дуьхьал гIаттам болийнарг а", – охьадагардо къамелахочо.
Цу могIарехь ши паччахьан эпсар нисвар нохчийн "йоккхачу историна" декъехь хилар гойтуш дина, боху эксперто, хIунда аьлча, Чермоев Оьрсийн-туркойн тIамехь лелла ву, Алиев – Оьрсийчоьнан-японхойн тIамехь дакъалаьцна.
Иза рогIера цIарматалла, нохчийн къомаца тIом кхин а дIабахьар, къоман син-мехаллаш хьешар а ду
"Чермоев Орца, Алиев Эрисхан – нохчех схьабевлла Оьрсийчоьнан баккхий эскархой хилла. Мехкан куьйгаллехь болучарех цхьанна дагадеана и нах цу могIаре хIиттош, уьш мехкан исторехь а, пачхьалкхан исторехь бисийта беза аьлла а. Амма цу шина стагах Нохчийчохь йолчу ойлане хьаьжча, иза дика дагадеана хIума дац. Оьрсийчоьнан исторехь башха бевзаш нах а бац уьш", – боху спикеро.
Нохчиьйчуьра таханлерчу Iедална историн тайп-тайпачу муьрашкахь Оьрсийчоьнна муьтIахь леллачу нохчех турпалхой бан лаар - иза "рогIера цIарматалла, нохчийн къомаца тIом кхин а дIабар, къоман син-мехаллаш хьашар а ду" боху редакцица хиллачу къамелехь Европехь вехачу кхин цхьана историко. Даймахкахь бехачу шена нехан кхерамзаллин дуьхьа, цунна а ца лиира шен цIе йовзийта.
"Чермоев Орца, шеко йоцуш, коллаборант а, нохчийн къоман мостагIа хилла ву. Кавказан тIамехь цо лелийнарш дика девзаш ду. Кавказхойн къаьмнашлахь геноцид латторехь дакъа лацарна цунна делла совгIаташ а ду. Оьрсийчоьнан эскаро зударий, бераш дIа а луьйцуш, меттигаш йагорах, йохорах геноцид ца аьлла кхин хIун эр ду?" – боху цо.
Цо дийцарехь, уггаре тамаше дерг, Чермоев "цIанван" луурш тахана Соьлжа-ГIалахь Iедалехь берш бу. Цара шайх суфизман шейхана Кишиев Кунта-Хьаьжина мурдаш (тIаьхьахIиттинарш) бу шаьш олу.
"Чермоев Арцу 1864-чу шарахь Кунта-Хьаьжин мурдашна зуламаш дина ву. 1877-чу шарахь Нохчийчуьрчу гIаттамна, жигара дакъа лоцуш, дуьхьало йина ву. Цигахь а Кадыров а, [Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхо Мохьмад] Даудов, [Кадыровн накъост, Госдумин депутат Адам] Делимханов схьабевллачу кIоштана зуламаш дарехь болх бина ву", – боху къамелахочо.
"Оьрсийчоьнна дуьхьа са ца кхоор"
"Нохчийчоьнан воIарий" проектехь нисбелла Украинерчу тIамехь гIарабевлла кадыровхой а: Кадыров Ахьмадан цIарах йолчу полкан буьйранча Чалаев Замид а, Нохчийчоьно Госдуме хьажийна депутат Делимханов Адам а, "Ахмат" спецназан буьйранча Алаудинов Апти а, 96-чу Кадыровн цIарх йолчу полкан буьйранча Тушаев Мохьмад а.
Царех хIора а "Кадыров Ахьматан тобанан" векал ву. Церан цIераш бакъоларйархойн, журналистийн дIахьедаршкахь массийттуза хаайелла йу, уьш адамийн бакъонаш хьоьшуш бу бохуш.
"Новая газета" гIирсо дийцарехь, Алаудинов Апти политолог Кутаев Руслан Iазапехь латторехь дакъа лаьцна ву, Кадыров Ахьмадан цIарахчу ППС-н полицин полкан кертахь ткъе итт стагана тоьпаш тохарехь дакъа лаьцна аьлла гIараваьлла ву. Цул совнах, Алаудинов Iедална муьтIахь боцчу кегийрхойн гергарчарна йетташ лелла хилар хууш ду, Давыденко йуьртарчу бахархошна а, дозанал арахьа бехачу а, республикехь болчу а Кадыровн критикашна а кхерамаш тийсинийла а. Америкехь а цхьаьна хууш ду инарлас адамийн бакъонаш эшорехь болх бинийла: 2014-чу шарахь "Магнитскийн тептаре" вазвина ву иза. Марсхьокху-баттахь Украинин кхерамзаллин урхалло Алаудинов пачхьалкхан кхерамзаллина а, латтанашна а тIекховдорна бехке лерира.
Тушаев Мохьмад 2018-чу шеран оханан-баттахь дуьйна схьа "Север" цIе йолчу 141-чу полкан буьйранча вара. Киево дийцарехь, охан-баттахь Киеван кIоштахь маьршачу нахана зуламаш деш леллачех а йара и полк.
Оппозицерчу 1ADAT телеграм-канало дийцарехь, оханан-баттахь Кадыров Рамзана герз духкуш гучуваьлла Тушаев – цхьана ханна даржера дIаваьккхира иза боху. ТIаьхьо 96-чу оперативехь болх бечу полкан куьйгалле хIоттийра иза. Цу даржехь волуш Тушаевс украинхойн Запорожан-махкахь кхиазхой кхерорехь тIехь болх бира. Кхиазхоша оьрсийн эскарх лаьцна хаамаш ВСУ-га дIало бохура цара.
Пачхьалкхан думин депутат Делимханов Адама массийтта зуламехь бехке лаьрра ву: оппозицин политик Немцов Борис верехь, вежарий ЯмадаевгIар байъарехь, вийна хила тарлон телеграм-каналан модератор Тепсуркаев Салман къайлаваккхарехь а.
Кадыров Рамзанна критика йан волавелла хилла волу подполковник Байсаров Мовлади вийначул тIаьхьа, оьрсийн хьаькамаш буьйлира Делимхановна талларш доладайта бохуш деха, – амма Iедал дуьхьал хилира. Украинехь тIом болалучу муьрехь депутато бакъоларйархочун Янгулбаев Абубакаран доьзалан "коьртеш дохур ду" аьлла, кхерам тесира – и къамел дича а, цунна цхьа а таллам ца бира.
2021-чу шеран аьхка кхечу оппозицин политико Яшин Ильяс Делимханов "Оьрсийчуьра уггаре кхераме депутат ву" аьлла дIахьедира. Москвахь коьрта "гIуллакхаш чекхдохуриг" аьлла цIе дIайахна ву иза. Делимхановс кхерамаш тийсира ММА-н латархочунна Емельяненко Федорна а, Москван Мещанскан кIоштан депутатийн кхеташонан куьйгалхочунна Закускин Александрана а.
Чалаев Замида куьйгалла дечу полкан кертахь къайлах нах латтабо, царна тIехь Iазапаш леладо, йа бойъу республикера дIалецна латтон нах – царна таIзараш до чоьнаш а, тоьпаш тоьхна нах дIабихкина меттигаш цу кертахь хиларах "Новая газета" гIирсе дийцира цу полкан хиллачу ницкъахочо. Нохчийчохь бозбуончаллаш лело зударий дIалийцар а, нах бехказабийлитар а, кегийра зуламаш диначарна, йа гIарабевллачу бакъоларйархошна кхерамаш тийсар а Чалаевн болх бу.
***
Украинехь тIом болабелчхьана дуьйна "тикток-эскарш" аьлла цIе дIайахна кадыровхойн – тIеман эксперташа дийцарехь, Оьрсийчоьно дIалаьцначу латташ тIехь бу уьш. Цара цигахь дохийначу цIеношна герз детташ, маьрша нах "кIелхьарабохуш", видеош йоху.
Америкхойн тIом талларан институтерчу (ISW) эксперташа дукха хан йоццуш динчу дIахьедаршца а догIуш, Кадыров Рамзан кхоьруш ву меттигера адам шена дуьхьал даларна а, Путин Владимирца долу гергарло галадаларна а. Кавказ.Реалии сайто ISW эксперташца цхьаьна теллира, Украинехь иккхинчу тIамо Нохчийчоьнан политикина тIеIаткъамаш бар.