Кадыровн боташ: Нохчийчохь кхоьллинчу контент-центро хIун лелор ду

Хучиев Муслим а, Кадыров Рамзан а. Архивера сурт

2024 шарахь Нохчийчохь шен болх дIаболор бу регионалан контент-центро. Цуьнан белхахоша меттигерчу министраллийн а, хьукматийн а социалан машанашкарчу агIонашна лерина посташ йазйийр йу. Республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен васт медиа гIирсашкахь хьалхатеттарна боккха тидам латтабо, дуьйцу Кавказ.Реалиин сайтаца къамел динчу эксперташа: бюджетан белхахой декхаре бо цуьнан посташкахь хестош комментареш йазйан, тIаккха меттигера зорбанаш пропагандехь а, бакъоларйархошна критика йарехь а лелайо.

Нуьцкъаха везийтар

2023 шеран мангал-баттахь контент-центр йелларх дуьххьара дIахьедечу йукъанна Нохчийчоьнан премьер-министро Хучиев Муслима билгалдаьккхира: "регионера пачхьалкхан органийн белхан жамIаш, ладаме хиламаш, керланаш, проекташ, дIадолораш" – цунах лаьцна дуьйцур ду керлачу хьукмато.

Нохчийчоьнан куьйгалло социалан машанашна тIехь тидам латтор масийтта шарахь дуьйна дIахьош ду. Ур-атталла кхузахь шайн социалан маша кхолла а гIоьртира: 2017 шарахь Эсханов Мохьмада кхоьллина йолу @Mylistory проектана анонс йира Кадыровс. Авторша чIагIдора, инстрагамал а тоьлла йу шайн социалан маша, амма нохчийн аналог кхерамазалле ца хийтира пайдаэцархошна. Аппликацино йоккха аудитори ца йаьккхира, тIаьххьаре а сацийра цо шен болх 2020 шеран стигалкъекъа-баттахь.

Президентан харжамашца дерг хьалхататтарна а кхуллуш йу контент-центр

Украинера тIом болабалале, Оьрсийчохь инстаграм къевлина йоцучу хенахь, Кадыровн гоно цуьнан аккаунт жигара хьалхатоьттура, сих-сиха цунна блокаш йетташехь. Оцу гIуллакхна бевзаш болчу блогерашкара, шоу-бизнесера седарчашкара релама оьцура цара, агIоне базбеллачарлахь кхаьжнаш туьйсура, масала, Range Rover машен йукъайуьллуш.

Инстаграмера "ya_pomoshnik_kra_95" аккаунтана лерринчу программашца йинчу анализо гайтира: 8,2 млн йолчу аудиторина йукъара 1,3% бен "дийна" аккаунташ дацара, тIаккха ах эзар аккаунтех баккъала нехан долахь йолу агIонаш 0,3% йара. Аккаунте хьоьжучу нехан процент, аьлча а, тIебазбеллачу нехан терахь церан жигараллица дуьстича, 2,5% бен дацара.

2022 шарахь Кадыров шен телеграм-канал кхион хIоьттира, тахана цунна тIевазвелла ши млн сов стаг ву. Украинерчу тIамна пропаганда йарехь коьртачех цхьа гIирс лору иза.

Делахь а, Кадыровн гоно инстаграм лело гIертар дуьтуш дац – социалан машанна блок тоьхнехь а, дуккха а нохчийн хьаькамаша а, ур-атталла хьукматаша а ца сацийра аккаунташ лелор. Кху шеран гIадужу-баттахь инстаграмо блок туьйхира хIетахь 15 шо долчу Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIентан Кадыров Адаман аккаунтана. Цул хьалха цо йиттинера СИЗО-хь латтош волчу КъурIан дагорна бехкевеш волчу Журавель Никитина.

Республикерчу бюджетан хьукматийн белхахой декхаре бо Кадыровн посташкахь и хестош комментареш йазйан а, иштта меттигерчу хьукматийн агIонашкахь а. Масала, 2020 шеран аьхка зорбанан министро Дудаев Ахьмада ГИБДД-н белхахошца хиллачу цхьанакхетарехь тIедиллира ницкъахошна, регионехь адамийн бакъонаш хьоьшу бохучу хаамашна жоьпаш дала.

Ша Кадыровс Хо-эвлахь хиллачу шуьйрачу кхеташонехь "кхераме" бу элира ЧГТРК "Грозный" телехьожийлан агIонашка базбелла боцу бюджетхой.

АгIонашка базбала а, вовшех тера хесторан комментареш йазйан республикера бахархой Iедало декхаре бо бохуш дийцира Кавказ.Реалиин сайто.

Хесторан посташа къайлабаьхнарш

Республикерчу зорбанашкахь бIеннашкахь нах бу болх беш, амма хIинца а цхьанна новкъа дацара регинехь контент -центр цахилар. Кадыровн пропагандин коьрта офис хилла дIахIотта тарло иза, боху тхан редакцица къамел динчу адамийн бакхонаш ларйаран "Мемориал" Центран хаамийн сервисан белхахочо. Шен цIе ца йаккхар дехна цо.

Хучиев Муслима центр кхолларх дуьйцучу хенахь Оьрсийчоьнан президентан администрацин куьйгалхочун хьалхарчу гIовсан Кириенко Сергейн тIедилларца долийна и гIуллакх элира, тидам тIебохуьйту "Мемориалан" белхахочо. Билггал муьлха тIедиллар ду иза, дуьйцуш дац, амма хууш ду, оцу лакхарчу хьаькаман кIант Кириенко Владимир 2021 шарахь дуьйна VK-н куьйгалле хIоьттина – оьрсийн "ВКонтакте" социалан маша йу иза. Къамелдечунна хетарехь, билггал и социалан маша хир йу 2024 шеран харжамашкахь коьрта агитаци йаран майда.

"Цундела президентан харжамашца дерг хьалхататтарна а кхуллуш йу контент-центр бохург ас йукъара ца доккху, – дуьйцу цо. – Нохчийчуьрчу Iедало контент кхолларх дерг дийцича – и дарехь церан проблемаш йац".

Регионехь хуьлучух бакъдерг дуьйцурш хесторан посташа къайлабаьхна

Дерриг а магийна хиларан масала далош цо дагабоуьйту кадыровхойн пропагандин инстаграмера коьрта гIирс – ЧГТРК "Грозный". Инстаграм ша Meta-н долахь йу. Миллион гергга стаг ву телехьожийлан аккаунте вазвелла. Оьрсийчохь магийна йоцу, "экстремистийн" социалан машанехь пачхьалкхан телехьожийлан агIо лелош хиларна тидам ца бо Роскомнадзоро а, кхинйолчу хьукматаша а.

"Важа хаттар – муьлха хаамаш дIакхачабо нохчашка официалан хьасташа, – дуьйцу къамелдечо. – Доьзалехь ницкъбарх бевдда нохчийн мехкарийн лечкъабеш, уьш республике йухаберзош, тIаккха ЧГТРК "Грозный" телехьожийлан камерашна хьалха цара шайца дерриг дика ду бохуш меттигаш йевза тхуна. Амма оцу видеошкара церан йаьххьаша гойтург кхин ду. Буьйцурш бу Исмаилова Селима, Тарамова Хьалимат, Сугаипова Заира".

Медиакоммуникацин диплом ца оьшу ма-дарра схьагучух кхета: Нохчийчуьра зорбанаш – цIенна пропаганда йу, цуьнан ма-йарра эталонан кеп, дуьйцу "Мемориалан" векало.

Регионерчу Iедало леррина толлу арахоьцу посташ, шога реакци йо республикехь адамийн бакъонаш хьешарх дуьйцучу бакъоларйархошна, тIетуху "СК SOS" кризисан тобанан векал йолчу Мирошникова Александрас.

"Суна хетарехь, "троллийн фабрико" лелориг дийр ду керлачу "контент-центро" а, – боху спикеро. – Дуккха а нехан цхьатерра ойла йолуш санна хоьтуьйту цу белхо – и йу цуьнан эвсаралла. И комментареш беламе йелахь а, бен дIа доцучу наха уьш ахчана дуьхьа йазйеш йелахь. Регионехь хуьлучух бакъдерг дуьйцурш оцу хесторан посташа къайлабаьхна: церан терахь кIезга ду мотта тало".

Боташ: Соьлжа-ГIалара а, Кремлера а

Хаамийн повестка хьалхататтарехь Нохчийчуьрчу Iедало таханалера seo-гIирсаш лелабо. Масала, 2015 шарахь дуьйна кхузахь болх беш долара "троллийн фабрика" йу – "Грозный-Сити" олучу комплексан цхьайолчу стигал-бохьан 11-чу гIатта тIехь йара иза. "Крахоботаш" аьлла цIе тилла ларийна кадыровхойн "киберэскарна", кхузахь "кра" – иза республикан куьйгалхочун инициалаш йу.

ХIинца тексташ йазйерахь кхоьллина (искусственный) интеллект лелош хила тарло

Нохчийчуьрчу ражна критика йеш болчу оппозицин блогерийн посташна кIелахь негативе комментареш йуьтучул сов, цуьнан белхахоша кадыровхойн хаамийн политика лелайо. Республикан куьйгаллин посташ кIеларчу вовшех тера йолчу комментарешца гучудолу иза. Масала, цхьайолчу пост кIелахь "Дала аьтто бойла шун, вежарий", "Дала тIаьхье беркате йойла", бохуш 700 гергга цхьаэшшар комментареш йитина.

Кху шеран марсхокху-баттахь Iилманан тематика дIахьош болчу Techinsider гIирсо къамкъаргах лаьцна (оьрсийн маттахь "кадык") пост хIоттийнера "ВКонтактехь". Цу кIелахь цIаьххьана Нохчийчоьнан куьйгалхо хестош шортта комментареш гучуйуьйлура. ТIаьххьаре а авторийн и пост дIайаккха дийзира.

"ХIунда аьлча, дан амал дацара: оха комментареш цIанйо, тIаккха боташа йуха а богIий негативе йозанаш Iенадо шозза дукха", – дийцира "Подъем" зорбане Techinsider сайтан коьртачу редакторо Василенок Никитас.

Къамкъаргах лаьцна (кадык) Iилманан текстана кIелахь йозанаш дуьтуш болу боташ нисса дIа Кадыровца боьзна ца хила тарло, амма федералан заказхочуьнца боьзна хила мега, боху фейкан аккаунташ лоьхучу "Ловушка Повара" аналитикан проектан авторо.

Цунна хетарехь, заказхо – "Единая Россия" парти йу, йа президентан администрацица йоьзна хьукматаш. Кадыровн тема реакци йан йезачу темийн тептаре нисйеллачух тера ду, боху цо.

"Хьалха боташ шайн кечйина тексташца богIура билггал цхьа дешнаш долчу посташна кIел. ХIинца и тексташ йазйарехь кхоьллина (искусственный) интеллект лелош хила тарло", – тIетуху спикеро.

Дерриг 2022 шарахь "Ловушка Повара" канало ботийн жигаралла совйаларна тIе тидам бахийтира, царлахь йара Кадыровс Украинерчу тIамах лаьцна дуьйцу посташ.

Масала, Мариуполь дIалацарх, дуккха а украинхойн эскархой йийсаре кхачарх хаамашкахь, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Украинин президенте Зеленский Владимире динчу дIахьедаршкахь, кхинйолчу посташкахь а. И боташ а хила тарло Кадыровца боьзна боцуш, тIом къобалбеш йолчу кхечу центро "тIехецна", дуьйцу каналан авторо.

Республикехь уьш ца йоьшу

Кадыров Iедале веъчхьана шогачу кепехь кегийрхошна тIехь Iуналла латтон гIерта иза. Даккхийра ахчаш цо хьежош делахь а, цуьнан аьтто ца болу и дан, аьлла хета Европехь йолчу нохчийн "Единая сила" политикан цхьанакхетараллин куьйгалхочунна Сулейманов Джамболатна. Боташа а, шайна тIедахкарш динчу наха а тидаме лоцу и посташ. Амма шаьш нохчий Европехь, Туркойчохь бехачу оппозицин блогерийн каналашка хьоьжу, боху цо.

"Хетарехь, Кадыровга дIахьедина оцу хьолах лаьцна, цундела и болх жигарабаккхар тIедожийна цо – контент-центр кхоьллина тIаккха. Арахьа йолчу диаспоро меттигерчу кегийрхойн ойланаш хийцарна кхоьру Соьлжа-ГIалахь. ТIаьххьарчу хенахь гIарйаьлла телеграм-каналашкара озан чаташ – Нохчийчоьнан деоккупацех, цуьнан кханенах дуьйцу цу чохь. Цигахь декъашхойх, ладогIархойх доккха дакъа – Нохчийчуьра кегийрхой бу", – дерзийна спикеро.

***

КарадогIучу шарахь дуьйна меттигерчу телеканалийн белхахойн алапа шозза ца кхоччуш хьала а даккха, цкъа луш долу 100 эзар сом царна хIоранна а дIа а декъа аьлла, тIедиллина Кадыров Рамзана. Формалехь царна там бар тIехьажийнера телехьожийлан Денна лерина, бакъоларйархошна хетарехь, оцу кепара Нохчийчоьнан куьйгалхочо билгалдаьккхина бюджетан зорбанан гIирсийн балхахой шена тешаме хилар а.

Нохчийчоьнан Iедалхоша сагатдо, шаьш рожана муьтIахь хилар ца гойтуш, йа дуьхьал а ца бовлуш, "бен-башха доцчу" бахархошна. ТIаьххьарчу беттанашкахь оцу тайпа нахах лаьцна хьаькамаша кест-кеста дуьйцу, ткъа регионан куьйгалхочо Кадыров Рамзана "уггар а кхераме" лерина и дакъа. Дукха хьолахь кегийрхой бу буьйцурш. Кавказ.Реалиино хеттарш динчу бакъоларйархоша билгалдоккху, оцу кепара Кадыровс шен Iедал чIагIдеш ду махкахь.

  • Кадыровс урхалла дечу шерашкахь Нохчийчохь раж хIоьттина кест-кеста журналисташна а, жигархошна а, бакъоларйархошна а тIаьхьабуьйлуш, цунах лаьцна масийттаза йаздира Кавказ.Реалии сайто.
  • Оьрсийчоь шуьйрачу тIамца Украинана тIелеттачул тIаьхьа Нохчийчохь пачхьалкхан пропагандин дикка дакъа дIалоцу украинхошна дуьхьал долчу повестко. ТIом боьдучу йукъанна Iедалхошна муьтIахь йолчу медиашна а, шена мехкан урхалхочунна Кадыров Рамзанна а "украинхойн лар карайо" уггар а кегам-мерса гIуллакхашкахь а. Украинана дуьхьал республикера пропагандин тIегIанех лаьцна къамел дира Кавказ.Реалии сайто эксперташца.
  • Кадыров Рамзан Iалашвеш шуьйра информацин кампани меттигерчу хаамийн гIирсаша йолийра "Новая газетан" хаамашца, 2017-чу шарахь Кадыров Ахьмадан цIарахчу полкан ларми чохь кхел йоцуш 27 стаг вийна аьлла, резонанс хиллачул тIаьхьа. ХIетахь меттигерчу медиаша йаздора, кадыровхошна бехкаш дахкар "доллу къам аьшнашдар ду" бохуш. Масала, оццу зорбанан министран Дудаев Ахьмадан дешнашца, талламо оьгIазбахийтинчу бахархоша тIедожийра "нохчийн къомаца диллина оцу хьасто лелон мостагIалла сацадайта" бохуш. Ткъа полкан эскархоша президенте Путин Владимире орца дийхира, журналистех шаьш ларде аьлла.