Соьлжа-ГIалахь "ДНР-ра" эскархой тIаме кхийлар, Алаудинов Аптина дIовш даларна тIехула гIуллакх долор, Нохчийчоьан куьйгалхочун кIанта къайлаха той хIоттор, Кадыров Рамзанан Чехера говр тIепаза йар а – дайначу кIирнахь Нохчийчоьнца боьзначу коьртачу хиламех доьвзуьйту Маршо Радионо.
Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:
Кадыров а, "ДНР-чу" эскархошна вербовка йар а
Нохчийчоьнан куьйгалхо "Донецкан къоман республикера" эскархой гулош хьийза, цигахь шен Iедал дIахIотторхьама, дуьйцу ВСУ-н леррина операцеш йаран ницкъаша кхоьллина йолчу украинхойн къоман Центро. Сепаратистийн республикан куьйгалхо Пушилин Денис зазадоккху-баттахь Нохчийчу кхачарна тIехула бина эксперташа ишта сацам. Аналитикашна хетарехь, "ДНР-хь" Кадыров шен таронаш шорйан гIерташ хилар гойту республикехь 300 имамаш а, къеданаш а тIамна кечбеш хиларо а.
Оьрсийн спецназан университетехь хилла Пушилин – тIом болабелчхьана йолахой кечбо цигахь. Оцу центрера баттахь масехазза Украинина дуьхьал тIом бан эскархой хьийсабо. Сепаратистийн республикан куьйгалхочо дIахьедира, кхузахь "ДНР-ра" инструкторхой а Iамора бу аьлла. Уьш цигахь Iамабайта лууш хьийза Нохчийчуьра Iедал а, аьлла хета Центран эксперташна. Цара бахарехь, "ДНР-е" хьийсийна болу оьрсийн лаккхара хьаькамаш ларбан хадархой кечбийр бу Соьлжа-ГIалахь. Цул сов, тIеман кечамашка хьийсо дагахь бу кхо бIе сов нохчийн имамаш а, къеданаш а – бусулбачийн кхелахой. Цунах лаьцна дуьйцу бакъоларйархочо, "Евромайдан SOS" тобанан декъашхочо Савва Михаила:
"Баккъала а, буьззинчу барамехь агрессии йолайелчхьана, оккупации йинчу дозанехь шен таронаш шорйан гIерта Кадыров. Официалехь боцучу хаамашца, Оьрсийчоь чугIортале Кадыровна Донецкан кIошт лур йу аьлла дош деллера, цигахь дола а деш, экономикан пайда цуьнга эцийта ТIейогIучу хенахь оккупации дIа ца йалахь, КадыровгIарна даккхийра экономикан беркаташ хир ду цунах.
Амма "ДНР" шех олучу регионера эскархой Нохчийчохь Iаморах лаьцна дийцича, - иза днрхошна Кадыровн эскарна йукъа вербока йар дац, Нохчийн республикехь йолчу хьукматехь уьш тIамна кечбийр бу бохург ду иза. Цул а ладаме хаам бу, оккупации йинчу латтанаш тIехь 300 сов Нохчийчуьра къеданаш кхаьчна бохург – иза доккха терахь ду.
Амма тIеман тIехьенехь, цара бахарехь, "къепе ларйеш", амма баккъала аьлча, талораш лелош болчу нохчийн эскархойн терахьца дустийла йац иза. Оцуул дукха шариIатан кхелахой цигахь хиларо гойту, кадыровхошна йукъахь бахам боькъург, тIаккха хьанна хIун йогIу бохуш царна йукъахь хир долу девнаш листа деза царна йукъа хIиттийначу наха. И нах хир шариIатан кхелахой, аьлча а, къеданаш".
ГIадужу-баттахь Кадыровс иштта хаамбира, "ДНР" аьлла шаьш дIакхайкхийначу республикехь шен "векал" хIотторах – иза ву цул хьалха вевзаш хилла воцу Ростовера бизнесхо Мударов Рамзан. Алап а ца луш бийр бу цо бохура шен болх.
Шен нах дIахIитторна тIехь чекх ца делира Кадыровн цигара гIуллакхаш – тIом болабелчхьана "ДНР-н" а, "ЛНР-н" а куьйгалхошца совгIаташ дIайсакхийдира цо. Цаьрга кховдийра хIетахь Нохчийчоьнан лаккхара совгIат хилла долу Кадыров Ахьмадан цIарх йолу орден, тIаккха вукхара сепаратистийн республикий "турпалхо" вира Кадыровх. Оьрсийчоьно оккупации йинчу латтанаш тIехь кадыровхой шатайпа агIо дIалоцуш бу, аьлла билгалдаьккхира Европан Кхеташонан Парламентан ассамблейхь. Цигахь бохура, Нохчийчохь лелийна йолу репрессеш уггар шогачу хьолехь лелош йу оккупации йинчу Украинан латтанаш тIехь.
КХИН А ХЬАЖА: "ДНР-хь" шен таронаш хилийтархьама, цигара эскархой гулбо Нохчийчоьнан куьйгалхочо – ВСУАлаудинов Аптина дIовш далар а, бехктакхаман гIуллакх а
Оцу йукъанна, Оьрсийчоьнан Талламан комитетан хьалханчас Бастрыкин Александра тIедиллина, нохчийн спецназан буьйранчана дIовш дала гIортарна тIехула бехктакхаман гIуллакх долор, дуьйцу оцу хьукматан телеграмерчу каналехь. Алаудиновн адвоката Шапиро Дениса арз диначул тIаьхьа цхьа де-буьйса йаьлча долийна гIуллакх. Юристо бахарехь, Оьрсийчоьнан даржашкахь болу зуламна "шайн лаамехь гIо дина болу", йа ледарло йалийтина болу нах а жоьпалле озо беза.
Амма, масала, Оьрсийчоьнан Талламан комитет гуттара а дуьхьал хуьлу шогачу кепехь полицин декъехь наханна тIехь гIело латторца доьзначу орзашна тIехула гIуллакхаш делла. Иштта, 2020-чу шарахь Краснодаран махкахь талламхой йалхазза дуьхьал хилира Скиданов Евгенийна ницкъбарна тIехула гIуллакх долон – ницкъахоша тоькаца Iазап латтийнера цуьнгахь, телатан тIоьрмигца садукъийнера, бетах хIума йиттинера. Гезгмашин-баттахь Талламан комитет иштта дуьхьал хилира, полисхоша йиттиначул тIаьхьа 45 шо долу цигара вахархо Кавелидзе Георгий кхалхарна тIехула гIуллакх доло.
Дагадоуьйту, Алаудиновна Украинехь чиллан-беттан йуккъехь дIовш даларх лаьцна дIахьедира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цо бахарехь, чиллан-беттан 8-хь Алаудиновга "дIовш тIехь долу" кехат кхаьчна хиллера. Регионерчу хьаькамо бахарехь, хIетахь таллам болийнера, йуьхьанца жамIаш хилира – царах лаьцна хIумма а ца дийцина.
Американ пачхьалкхан департаментан санкцийн тептаре ваьккхира хьалхо Алаудинов. ТIаккха Латвин дозане кхачар а дихкира цунна. Украинан кхерамазаллин Сервисо Алаудинов шеконашка лецира Украинан цхьаалла йохо гIертарна аьлла бехкаш дехкина.
КХИН А ХЬАЖА: Талламан комитето бехктакхаман гIуллакх доладе аьлла Алаудиновна дIовш даларна тIехулаКадыровн кIанта зуда йалор, Путинца цхьанакхетар
17 шо долчу Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIанта Кадыров Ахьмада зуда йалийра зазадоккху-беттан 4-хь. Кавказ.Реалиин хьасташа бахарехь, цигарчу тойнехь видео йаккха йиш йацара цхьанна а хьешана. Амма цхьайолу видеош машанехь гучуйевлира – масала, цига кхайкхийна волчу реперо Тиматис (иза ву Юнусов Тимур) зуда йалочу машенийн ковра гайтира шен сторисашкахь. Цигахь полицино ларйеш масийтта премиум-классера машенаш йу гуш. Уьш боьлху некъаш къевлина дара, бохуш дуьйцу меттигерчу бахархоша. Кадыровн кIанта зуда йалоран той ишта къайлаха хIунда дIадаьхьира, дуьйцу Кавказ.Реалиин редакцига нохчийн бакъоларйархочо Янгулбаев Абубакара:
"Кадыров Рамзанан кIантана къайлаха зуда йалор ас дузу, оцу тойне лаххарчу барамехь, маса миллиардаш соьмаш хьежийна хир ду боху хаамаш къайлабахьа уьш гIертарца. ХIунда аьлча, боьдуш тIом болуш, леш нах болуш, хуьлучу эшамашна йуккъехула оцу кепара хаамаш томехь хир бац, тахана Кадыров шайна хьалха хазвала гIертачу оьрсийн йукъараллина".
Your browser doesn’t support HTML5
Кадыровн цIарах йолчу фондо дIакхайкхийра, Кадыров Ахьмада зуда йалочу дийнахь кхоьллинчу 100 доьзална хIоранна а 100 эзар сом лур ду аьлла. Нохчийн оппозицин NIYSO телеграм-канало бахарехь, КадыровгIеран тойна тIера тидам дIабакхха гIерташ долийна дара иза. Канало чIагIдо, той кечдаран барамашка бюджетхой йукъаийзийна бохуш.
Той хилале 17 шо долу Кадыров Ахьмад Кремлехь цхьанакхийтира Путин Владимирца –президент дуьххьара кхеташ ву оьрсийн регионан куьйгалхочун доьзалхочуьнца цхьана. Нохчийчоьнан урхалхочо бахарехь, жимачу Кадыровс президенте дийцира республикерчу "кегийрхойн политиках" лаьцна. Кхузахь билгалдаккха деза, Кадыров Ахьмад шен 16 шо долчу хенахь хIоттийра кегийрхойн а, берийн а боламан Кхеташонан Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхо. Оцу даржехь цо бинчу кхиамех хууш дац.
Кавказ.Реалии редакцин хаамашца, Кадыров Рамзанан бIе сов гергарстаг тайп-тайпанчу хенашкахь пачхьалкхан даржашкахь вара.
Кадыровн говр а, цуьнца доьзнарг а
Чехерчу Крабчицехь 16 шо кхаьчна йолу "Зазу" цIе йолу говр лачкъийна. Меттигерчу Iедало бахарехь, иза Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан долахь йу. Говран мах 18 эзар доллар бу бохуш дуьйцу (оьрсийн ахчанца иза 1,3 млн сом хуьлу). Зазу говр йайна аьлла болчу хаамна реакци йира ша Кадыровс. Цуьнан мах лахбина бу аьлла, дIахьедира цо, бохура, 10 млн доллар доьхуш йу шен говр. Баккъала болчу цуьнан мехах хьалхо дуьйцуш дацара.
Полицин хаамашца, говр лачкъор зазадоккху-беттан 4-5 деношкахь нисделла. Къолахочунна аьтто баьлла божал чу а ваьлла, зIе дIа а йаьстина, и говр дIайига. Darhorse завод карахь йолчу Копецкий Ростислава журналисташна кхин башха комментареш ца йелира, амма тIечIагIдира, таллам боьдуш бу аьлла. Чехерчу финансийн министралло и говр баккъала а Кадыров Рамзанан хилар билгалдаьккхира, амма цара а ца йира кхин комментареш.
2017 шарахь бинчу хаамца, цу Чехехь Кадыров Рамзанан кхоъ йоду говр а, йезачех ши бекъа а хилла. Церан мах 6 млн доллар бара. ГIирмана аннекси йиначул тIаьхьа, царна дуьхьал санкцеш йехира. Говраш Евробертера дIайига а, йа цара даьккхна ахча Кадыровна чоьташка даккха а санкцийн сацамца дихкина дара.
Коррупцина дуьхьало латточу талламийн а, инициативийн а "Трансперенси Интернешнл – Россия" проекто дийцира, 2014-2018 шерашкахь Чехехь хиллачу говрийн идаршкахь Кадыровн говраша даьккхинарг 110,5 млн сом дара, Немцойн махкахь - 1 млн сов сом (2014-чу шеран Централан Банкан курсаца дуьстича), амма Американ а, Европан а санкцеш бахьана долуш и ахчанаш Кадыров Рамзанна дIаделла дац.
КХИН А ХЬАЖА: Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен Чехехь лачкъийначу говран мах 10 млн доллар бу аьллаТIаьххьарчу кIирнахь Нохчийчоьнца боьзна коьрта хаамаш бара хIорш. Йазло Маршо Радион социалан машанашка, йазйе комментареш, йахка лайкаш.
Йазло Маршо Радион подкасте: