Кардиохирург, физик, режиссер. Кадыров Адамал хьалха хьанна, хIунда лора Кавказан республикийн совгIаташ

ГIебарта-Балкхаройчоьнан куьйгалхо Коков Казбек, Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIант Кадыров Адам, думин депутат Делимханов Адам а

Цхьана бетта чохь йалх совгIат делла Кадыров Рамзанан 15 шо долчу кIантана Адамна – Нохчийчоьнан Турпалхо, "Умматна хьалха хьуьнарш гайтарна" олу динан совгIат, иштта ГIезалойчоьнан, ГIебарта-Балкхаройчоьнан, Кхарачой-Чергазийчоьнан а кхоъ лаккхарчу совгIаташна тIекхетта "Даймехкан сий" олу орден а. Оцу кепара совгIаташ кхаьчначех уггар къона ву Адам. Кавказ.Реалиин редакцино теллина, хьанна, муьлхачу бахьанашца делла цуьнан санна совгIаташ, иштта Къилбаседа Кавказан республикашкахь хIун аьлла хета, кхиазхо оццул айъина лелорах.

"Даймехкан сий" олу карарчу хенахь тIаьххьара орден Кадыров Адамна лахьан-беттан 9-хь йелира республикерчу парламентан хьалханчас Даудов Мохьмада. Адамца цхьана Нохчийчоьнан парламентан совгIаташ делла цуьнан вежаршна, 18 шо долчу Ахьмадна а,16 шо долчу Элина а. Даудовс бахарехь, республикан куьйгалхочун кIентаршна и совгIат догIуш ду, хIунда аьлча, жималлехь дуьйна дин Iамош а, КъурIанан Хьафизаш (сийлахь Йоза дагахь хууш берш. – Ред.) а уьш хиларна, иштта дешарехь, спортехь, йукъараллехь кхиамаш бахарна" а.

15 шо долчу Кадыров Адамна тIаьхьий-хьалхий совгIаташ далар долийра КъурIан дагорна лаьцна волчу Журавель Никитина цо камерина хьалха йиттича. Оьрсийн йукъараллин цхьана дакъо кхиазхо жоьпалле озор тIедожийра, амма полици дуьхьал хилира гIуллакх долон, бехктакхаман гIуллакхе озоран хан кхаьчна вац Адам, аьлла бух балош.

Оцу хьоло новкъарло ца йира масех республикийн Iедалхошна жимстагна совгIаташ дала – цуьнан хенарчу наханна дала йиш йолуш дац уьш.

"Iинах доьлхуш ду вай"

ГIебарта-Балкхаройчоьнан Iедал дуьххьара реза дацара 15 шо долчу Кадыровна совгIат дан, дуьйцура "Вёрстка" зорбано. Нохчийчоьнан куьйгалхочо "лакхара мел хуьлу а, дикхо ду" аьлла совгIат далар доьхуш динчу дIахьедарна дуьхьал хилира Адыгейхь а – Iедална уллохь болчара журналисташка дийцинах цунах. Цара бахарехь, Адыгейн куьйгалхочунна Кумпилов Мурадна ца лиира Адамца долчу хьолаца воьзна хила, хIунда аьлча, Кремлана "тамашена хета" тарло кхиазхочунна рогIера совгIат дар.

И истори бакъ йалахь, ГIебарта-Балкхаройчоьнан куьйгалхо Коков Казбек "къера хилла" кIира даьлча – лахьан-беттан 7-хь Кадыров Адамна делира республикан лаккхара совгIат, "къаьмнашна, дин лелочу наханна а йукъахь машар кхолларехь ладаме дакъа лацарна" аьлла бух балош. И совгIат схьаэца воьдучу Адамца вара думин депутат Делимханов Адам а – цо ма-дарра элира, 15 шо долчу кхиазхочун "кхиамаш" доьзна ду, цо Журавельна йеттарца – тIаьххьарчунах депутата "шайтIа" олу. Шина республикина йукъахь дика йукъаметтигаш хилийтархьама делла ша совгIат элира Коков Казбека, тIаккха жимахволу Кадыров, цо бахарехь, "шен цIаналлица" шен ден некъ дIалелош ву. Корта охьатаIийна цаьрца цхьаьна стоьла хьалха вегIаш хиллачу Адама дош ца элира. Оцу бараме веара иза коьрта тиллина Iаьржа берет йолуш, Нохчийчоьнан Турпалхочун мидал оьллина тIеман барзакъ а доьхна – и совгIат дира цунна гIадужу-беттан йуьххьехь цуьнан дас, Кадыров Рамзана. ГIодайукъа оьллина дашон тапча йара Адаман.

"ГIебарта-Балкхаройчоьнна хьалха хьуьнарш гайтарна" олу республикан лаккхара орден 1999 шарахь йукъайаьккхина. Низамехь цхьа а дехкарш дац и совгIат даларан хьокъехь, амма хIинца Кадыров Адамна лерина хIора баттахь оцу республикан чоьтера ахча хьажон деза – пачхьалкхан даржерчу цуьнан алапан 25%. Лахьан-беттан 5-хь жимачу Кадыровх цуьнан ден кхерамазаллин сервисан куьйгалхо вира – 16 шо кхачанза болчу нехан, оьрсийн низамашца а догIуш, кхераме боцу атта болх бен бан йиш йац. Адаман белхан графикех, цуьнан алапах хууш хIумма дац.

Республикан куьйгалхочуьнгара совгIаташ кхаьчна болчу нахах чIогIа къаьсташ ву 15 шо долу Кадыров. Оцу тептарехь "номиналан" адамаш ду, масала, берийн бакъонашкахула векалвина волу Астахов Павел. Амма доккхачу декъанна орден лора, шайн балхахь кхиамаш даьхна болчу республикан бахархошна, йа регионан кхиамехь дакъа лаьцначарна:

  • Сокуров Александр – режиссер, Оьрсийчоьнан къоман артист, кинематографисташна гIо даран фонд кхоьллинарг, режиссурин, телехьожийлан, кинон кафедран – А.Н. Сокуровн КБГУ-ра говзаллин доьшийлан куьйгалхо
  • Ласицкене Мария – олимпикан толамхо, исторехь хьалхара а, ша цхьаъ бен кхи йоцу, лакхаллехь кхийссайаларехула кхузза дуьненан къовсамашкахь толам баьккхинарг
  • Акчурин Ренат - кардиохирург, академик, Оьрсийчохь уггар хьалха йина йолчу пIелгашна реплантаци йаран операцийн авторх цхьаъ ву
  • Канчукоева Римма – 50 шо гергга зенделларг долу СССР-н къоман хьехархо, ШолгIачу дуьненан тIеман ветеран, ГIебарта-Балкхаройчоьнан гимнан автор
  • Карданов Хьасан – композитор, РСФСР-н къоман артист
  • Темирканов Юрий – дирижер, РСФСР-н, СССР-н къоман артист, Санкт-Петербургерчу филармонин исбаьхьаллин куьйгалхо
  • Чазов Евгений – кардиохирург, профессор, академик, СССР-н могушалла Iалашйаран министр лаьттинарг.

ГIебарта-Балкхаройчоьнан бахархой реза бац, оцу кепарчу нахаца цхьана могIаре нисвеш Кадыров Адамна совгIат дарна, аьлла хета оцу республикерчу бакъоларйаран центрерчу Хатажуков Валерийна. Кавказ.Реалиин корреспондентаца хиллачу къамехь цо дийцина, реза болчу нехан цхьа комментари гина йац шена меттигерчу пабликашкахь, телеграм-каналашкахь а.

"Оьрсийчоь цанахь Iинчу йоьдуш йу. Муьлхха а бакъонийн пачхьалкхан билгало – иза ницкъбаран монополи йу, хIинца иза дац. Къаьсттина цхьана тобанийн интересаш йоцуш, Оьрсийчоьнан баккъала йолчу интересех дерг аьлча, [оцу хьоло] пачхьалкхана кхерам латтабо", – аьлла бакъоларйархочо.

Ламасташна дуьхьал

Нальчикехь цунна совгIаташ даларан барамаш хилале де хьалха Кадыров Адамна Кхарачой-Чергазийчоьнан ши орден йелира. Хьалхарниг – динан совгIат ду "Умматна хьалха хьуьнарш гайтарна" I-чу тIегIанера. Республикан муфтис, Къилбаседа Кавказерчу бусулбанийн Координацин центран хьалханчас Бердиев ИсмаьIила. Черкесске а веара Адам тIеман барзакъ доьхна, Делимхановца цхьаьна.

Координацин центран, йа регионашкарчу муфтиятийн цхьанакхетараллийн, церан хьалханчан Бердиевн санна, къаьсттина зIенаш йу Нохчийчоьнца. Официалехь дIахьедо, центр кхолларан идей йийцинарш бара 1998 шарахь Нохчийчоьнан, ГIалгIайчоьнан муфтиш Кадыров Ахьмад а (республикан хир волу президент), Албогачиев Мохьмад а. 2017 шарахь Кадыров Рамзана бохура, республикан чоьтера ахча билгалдаьккхинера оцу центрана офисана, царна лерина гIагIдиллина машенна а (ахчан барам ца бийцина цо). 20 шарахь оцу центран куьйгаллехь волчу Бердиев ИсмаьIила цхьаьна дешна Кадыров Ахьмадца бухаран "Мир Араб" хьуьжарехь а, Ташкентерчу исламан институтехь а. Бердиевн совгIаташлахь цхьаъ бен дац регионан тIегIанера – 2008 шарахь центран хьалханчана Кадыров Ахьмадан цIарх таханалерчу Нохчийчоьнан лаккхара совгIат делира.

"Умматна хьалха хьуьнарш гайтарна" орден, официалан билгалонца а догIуш, "ислам кхиорехь, бусулбачийн йукъаралла чIагIйарехь дакъа лаьцначунна" луш йу. Кадыров Адама хIун дакъа лаьцна, Бердиевс ца аьлла.

2007 шарахь дуьйна и совгIат иттанаш политикашна, хьаькамашна кхаьчна. И йеллачарлахь уггар бевзачех бу Адаман ден да Кадыров Ахьмад (веллачул тIаьхьа), Оьрсийчоьнан прокурор лаьттина волу, Къилбаседа Кавказан федералан гонера президентан векал Чайка Юрий, пачхьалкхан динан мозгIар Кирилл (Гундяев Владимир), иштта Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир а.

Кавказ.Реалиин редакцино 11 официалан кехат дахьийтира оцу совгIат кхаьчначийн тептарерчу нахе, динан орден йаларх дийцар доьхуш – хIара текст арахоьцучу йукъанна царахь цхьамма а жоп ца делла.

"Кхарачой-Чергазийчоьнна хьалха хьунарш гайтарна" боху шолгIа орден а йелира Адамна оцу республикан куьйгалхочо Темрезов Рашида. Амма 15 шо долчу кхиазхочунна и йалар оцу регионан низамашна дуьхьал ду. Омраца а догIуш, мел кIезга а 20 шарахь шен балхахь къахьегначунна бен луш дац и совгIат, - Кадыров Адама ур-атталла лаккхара доьшийла чекхйаьккхина йац. Цул сов, орденца цхьаьна 50 эзар сом ду луш, царна тIера ясакх ца йоккхуш – Кадыровн кIантана кхочур дуй и ахча, хууш дац.

Низамна дуьхьал хиларал совнаха, Кхарачой-Чергазийчоьнан лаккхара орден йалар ламасташна дуьхьал а ду, тешна ву чергазийн жигархо, хIинца Туркойчохь веха "Хабзэ" цхьанатохараллин президент Кочесоко Мартин.

"Оьрсийчохь низамаш, Конституцин дозанаш лелаш ца хилар рогIера схьагойтуш кеп хIиттор ду иза, аьлла хета суна. Этикаца, моралаца а ца догIу иза, къаьсттина кавказхойн ламасташца. Йукъараллехь резабацарш кхоллалуш хилар гуш ду, оцу хьолах белар а. Амма [и совгIаташ далар] – цамгаран тIаьхьалонаш йу, цуьнан бахьана кхин а кIорга ду", – аьлла Кочесокос.

Кланийн къийсарш?

Йукъараллина девзаш доцу Кадыров Рамзанан кIентан хьуьнаршна дуьхьал совгIат динарг Къилбаседа Кавказан республика йацара, Татарстан йара. Хьалхалера барамаш кхечу кепара хиллехь а, республикан куьйгалхо Минниханов Рустам ша веара Нохчийчу, лакхаллехь шолгIа йолчу "Дуслык" ("ДоттагIалла") орденца – "къаьмнашна а, динашна а йукъара машар, барт кхиорехь дакъа лацарна" аьлла бух балош. "Татарстан республикина хьалха хьуьнарш гайтарна" олу мидал йелча бен луш йац и орден. Жимачу Кадыровн и мидал йац.

Кхиазхочунна совгIат дала Минниханов Нохчийчу вале хьалха регинехь скандал хиллера. Цул а де хьалха Татарстанан пачхьалкхан Кхеташонан депутата Хамаев Азата ша реза цахилар хаитйиира Кадыров Адамна Нохчийчоьнан Турпалхочун чин даларна, цо Журавель Никтина йиттиначул тIаьхьа.

"Ас сайга дуьххьара делла хаттар: муьлхачу бакъонан бух тIехь деха вай тахана? ХIара дахарера масала ду: Оьрсийчоьнан субъектан куьйгалхочо, шен кIанта адамна йеттарна, цунна турпалхочун совгIат до. Кхин дIа, [Кадыров Рамзана] шен идей дIайахйеш олу, иза [Адам] – берриг бусулбачийн турпалхо ву. Цхьамма жоп лой?", – аьлла Хамаевс, Рамзанан, Адаман цIерш ца йохуш.

Оцу дийнахь Минниханов Рустама депутатан дешнаш "цунна шена хетарг ду" элира, "цхьанна а агIор республикерчу бусулбанийн позицешца догIуш доцуш". Цул тIаьхьа Хамаевс шена бехк ца биллар дийхира, "ойла ца йеш дош аларна", цо бахарехь, "вежараллин къаьмнашлахь йолу йукъаметтиг талхо мегара" оцу дIахьедаро.

Шайн республикан лакхаллехь шолгIа совгIат Кадыров Адамна далар – иза Минниханов бехказвийлар санна гуш далахь а, гIезалойн политолого Айсин Руслана боху, кланаша Iедал къийсар санна хета шена иза.

"Хамаев Азат – рогIера стаг вац. [Латтанийн, даьхнийн] министр, думан депутат, иштта ГIезалойчоьнан хьалхарчу президентан Шаймиев Минтимеран гергарстаг а ву. МиннихановгIеран, ШаймиевгIеран кланашна йукъахь цхьацца кхачамбацарш ду Iедал къийсарехула. Цундела ШаймиевгIеран клано [КадыровнгIарна] критика йолийна, йа Хамаевга цхьамма [вистхила] аьлла Москвахь, ницкъаллин хьукматашкахь", – аьлла хета политологна.

Цо кхетийна, таханалерчу президента Миннихановс жимачу Кадыровна орден йаларца гайтина, ГIазалойчоьнан а, Нохчийчоьнан а барт хилар – тIейогIучу хеначохь Iедал хийцадалар нислахь. ШаймиевгIеран кланна гайта лиъна, оцу кепарчу йукъаметтигашца реза йоцуш элитан ресурсаш йуйла ГIезалойчохь.

"Вуно дика политикан хьекъал ду Кадыровн, суна хетрехь, шен когаш цостуш, бетонах тийсавала кийча ву иза, Iедалехь ша виссичхьана. Соьга хаьттича, Кадыров шайн уллорчийн декъеш тIехула дIаваха кийча ву. Хамаевн дешнашна оьгIаз вахна лелар ву бохург – иза цунах лаьцна дац", – аьлла Айсина.

Амма ГIезалойчуьрчу йукъаралла вуно хала тIелецира Кадыров Адамна совгIат делла бохург. Политолого бахарехь, республикехь дуккха а хьакъболу нах бу цхьанна кепара совгIаташ доцуш, лакхаллехь шолгIа йолу "Дуслык" орден ца йийцича а.

"Муьлхачу бахаьанца йелла 15 долчу кхиазхочунна и орден, хууш дац. СИЗО чохь валлош волчу пекъарна йеттарна? Мичахь йу цигахь майралла, доьналла, "къаьмнашна, дин лелочу наханна а йукъахь машар кхолларехь ладаме дакъа лацар" а? ГIурт бу иза", – дерзийна Айсина.

  • КъорIан дагийна аьллачу шеконашца Журавель Никита лецира стигалкъекъа-беттан 2I-хь. Талламан версица, цо дагийна КъорIан I0 эзар сом лур ду аьллачу СБУ-н тIедилларца. Ницкъахоша дIахьедина, Журавеля мукIарло деш дIахьедина, ша СБУ-на лерина тIеман гIишлойн суьрташ дохуш вара аьлла.
  • Талламан комитетан куьйгалхочун Бастрыкин Александран тIедилларца, гIуллакх билггал Нохчийчу дIаделира, шаьш "зен хилларш ду аьлла, дуккхаъчу Нохчийчуьра бахархоша дехарш дарна" аьлла, кхетийра цо цунах. Сацамна тIетайра оьрсийн юстицин министр а, цо элира, оцу гIулчо "гIо дийр ду дуккха а кеп-кепара къаьмнаш дехачу пачхьалкхехь дин а, делах тешачийн дог-ойла а лара".
  • Соьлжа-ГIаларчу СИЗО-хь Журавель Никитина йиттира марсхьокху-беттан I5-чохь Кадыров Адама. Журавеля ша дIахаийтира цунах лаьцна. Гезгамашин-беттан 25-чохь Нохчийчоьнан урхалхочун телеграм-каналехь йаржийра цунна йеттачу хенахь дIайазйина видео. Шен кIанта динчух дозалла до ша аьлла, дIахьедира Кадыровс Рамзана.
  • Нохчийчоьнан полицино дуьхьало йира Журавельна йиттинчу I5 шо долчу Кадыров Адамна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх доло. Жоьпалле озон хан йац цуьнан аьлла, оцу буха тIехь дIатеттира цара дехар.
  • Нохчийчоьнан урхалхочун кхоалгIа кIант – 15 шо долу Кадыров Адам – масийттазза нисвелла федералан масштабера скандалашна йукъахь: тIаьххьара Iедалхоша дIахьедира, КъорIан дагийна аьлла, Соьлжа-ГIала валийначу Журавель Никитина цо йеттарх. Ринга тIехь ницкъбора жимчохь Кадыровн кIанта, ткъа Украинехь тIом болийчхьана кест-кеста нахана йукъаволу иза герзаца, цо дакъалоцу тIамна йечу пропагандехь а. Кавказ.Реалиин сайто дуьйцу, махкахь цуьнан васт муха хьалхатоьтту.