"Кхин бахьана а доцуш цо хьуна йеттар йацара": Нохчийчуьра йеддачу йоIах дийцар

Гайтаман сурт

19 шо долу нохчи Лина (цIе хийцина) цIера йедда даим шена йетташ хиларна а, нанас а, воккхаха волчу вашас а, кхечу гергарчара а тIехь сов терго латторна. ТIаьххьарчу шерашкахь лечкъадора цо гергарчу нахах, ша кегийчу нахе а, зудаберашка а цхьаьна дог-ойла йолуш хилар. Цо цхьаьнгга а ца дийцинера, ша бусулба динах дIакъастарх, бертаза "дарба лелорна йа " ша йерна кхоьруш.

Дозанал арахьа йехачу Линас дийцина Кавказ.Реалии сайтана, йоIаца шен хилла йукъаметтигаш чохь болчарех муха лечкъайора ша, бертаза маре дIалучуьра муха дуьхьало йора, иштта дийцира ша цIера йадарх а.


– Хьайн доьзалх хIунда йедда хьо?

– Доцца аьлча, чомахь йаха ца йуьтура со. Бераллехь дуьйна, суна дага мел догIу, со кхеташ йара, харжам сан метта кхечара бой. Буьрса нана, ненанана, ненан вежарий. Суна дагадогIу, 11 шо дара сан. Гоьлашка ца кхоччуш цхьа йубка йоьхнера аса. Нанас чIогIа дов дира суна. Цуьнца къовса йуьйлира со, цо мохь хьоькхура, динца кхерамаш туьйсуш "динехь иштта мегаш дац!" бохуш. Хьо йоккха йоI йу, иштаниг лело мегар дац бохура.

Доьзалехь шайна ма-ттов дIасатоьтту йийбар санна йара со

Оццу шарахь ненан нана йолчу даьхкира тхо. Йуьхьанца чIогIа дика бара уьш берриш а соьца. ТIаьхьа, ненаца къамел динчух тера дара цара, шен вежаршна цо пурба деллера суна тоха а. "Шайн хьаштдерг де" элира. Суна а, сан 12 шо долчу вешина а тIедожийра чуьра гIуллакхаш дар. Цхьана дийнахь дицделлера тхошинна лаьттара куз бегон а, терхаш тIера чан йаккха а, оцу тIехула ненананас тоькан сара биттира суна.

Пайда боцчу хIумана тIехула ненавежарша а йеттара суна. Воккхаха волу ненавашас къаьсттина къахьоьгура, куьйг чIогIа деза дара цуьнан. Кхин совнах хIуманашца со кхетош-кхиош йацара цара. Бакъду, цхьана дийнахь ненавашас динах лаьцна дийцира суна.

– Хьо а, ваша а тайп-тайпана кхиош дара?

– Ваша Исмаил (цIе хийцина) сол а воккха вара цхьа шой ахшой. Тхойшиъ доккха мел хуьлу, чIогIа къиза вара иза тхоьца. ЦIийш туьсуьйтуш йеттара цо суна, со карара йала гIоьртича, со бехкейора. Нанас а, ненавежарша а олура: "Ахь иштта реакци йан ца йеза, иза воккхаха волу ваша ву, дIасаца! Цо хIуъа дахь а, хьан воккхаха волу ваша ву иза. Бахьана а доцуш цо хьуна йеттар йацара!"

Баккхийчарна тIехь долу жоьпалла дара суна тIехь со жима йолуш дуьйна. Кертахь гIуллакхаш дора аса, цIано латтайора, йуург йора, нанна гIо дора цо йохка-эцар деш. Масала, луларчу берашка хьожуш, торт йа печениш йеш нахана йохка.

Боллу шен сингаттамаш суна тIекхухкура нанас, даим а шех къа хета, ша тейан лууш хилара. Сан дейтта шо хир дара, хIетахь дуьйна цуьнана да-нана а, цуьнан секретарь а, цуьнан гIоьнча а, психоаналитик а, чуьра белхало а со йара. Сан вешина оццул декхарш мича тIедохкура. Цуьнан цхьа а декхар дацара. Дехкарш, дозанаш деттар, даим девнаш, скандалаш. Массо а агIор Iаткъам бора суна. Даим а дара и – сан дахаран фон санна, гуттар а сан маршонна тIелетарш дар.

– Хьо йадале хьалха, тIаьххаьра а муха доьдура хьан дахар?

– ЦIа – болх – цIа. Гена йоццучу туькана а ца йохуьйтура со нанас, жимма чуьра арайаьлла, йолайала суна лиъча. ХIоразза а хеттарш хуьлура: стенга, хIунда? ХIан-хIа, хьайн чохь Iе! Наха хIун эра ду? ХIун нах? Со кхетара, Iовдал хIума и дуй. Доккха жоьпалла дара суна тIехь, бакъонаш йанне а йацара.

Со цIера йадале ши шо хьалха Iалашо хIоттийра аса, школа чекхйаьккхича, кхин а цхьана шарахь цIахь а Iийна, ахча а гулдина, дIагIур йу со аьлла. ТIаьххьара шо-ахшо дисинчу хенахь нанас, ненананас, ненавежарша а ницкъбар алсамдаьккхинера. БерхIийтта шо кхаьчначул тIаьхьа со шайн аьлларг тIера йолуш йуй тусаделлера царна.

Балхара йогIуш нана дуьхьал йогIура суна, сан дIасалеарна тIехь терго латтайора цо. Суьйранна цIахь ненаца болх бан декхаре хуьлура со, тоьгура, наха йеана бедарш тойора. Маьршша дIасалела сайна бакъо йаккха гIертара со. Нанас олура, йоI маре йаххалц, вежарша а, ненавежарша а дола до цуьнан. "Бакъонаш хьайн цIийндеца къуьйсур йу ахь, сан куьйгакIел йолуш, соьга ладугIур ду", - олура нанас.

Цкъа цхьана дийнахь цIера йеддачу дагестанхойн йеа йоIаца йина интервью йийшира аса. Церан ка йаьллера бовдуш. Со кхийтира, иштта со цхьаъ цахиларх, хIара сан сценарий хилла ца Iарх Кавказера дуккха а зудабераш шайн цIерачу дахарна резабоций.

– Хьо нуьцкъаша маре йахийта хьийзарий?

– ТIаьхь-тIаьхьа дукха дуьйцура мареллех лаьцна. Нанас олура, маре йаха хан ю хьан. Кхин а цхьана шина баттахь со цIахь йиссинехь, маьршайала аьтто хир бацара сан.

Со гIон йолчух тайп-тайпана дуьйцура нанас. Сан хинволу майра нохчо хила веза олура цкъа, йуха – цкъа а йохуьйтур йац нохчоче, Iарбошка йохуьйтур йу олура. Динца волу стаг лоьхура цо суна.

Сан да хила мегар долуш вара иза! Маре йахар дацара иза, йохка-эцар дара

Сан нана даим а йацара динехь лелаш. Шен ткъе итт шо кхаччалц хьиджаб лелийна а йац йо. Цул тIаьхьа СаIуда Iаьрбийчу йахара иза, цигахь вевзира цунна сан да, маре йахначул тIаьхьа йирзинера иза дине. Ала догIу, уьш дIасакъаьстинчул тIаьхьа, хIетахь сан кхо шо дара, тхан дахарехь цхьана а кепара дакъа ца лоцура дас, ахчанца гIо а ца дора. Динца догIуш ма дац иштта. Амма нанас динехь волу стаг лоьхура суна.

Сан доттагIчуьнга баьхнера цо, шовзткъа шо долчу стаге хьажа со йахийта, бертайало гIорта бохуш. Сан да хила мегаш ма вара иза! Йохка-эцар санна хIума дара иза. Сайн ма-хуьллу дIатоьттура ас цунна хьалха йахар, нене олура коьрта ду университет чекхйаккхар, ткъа нана къар ца лора, нускал лоьхучунна дахьийта сан суьрташ ло бохура цо.

Цо соьга хеттарш дора: "Хьуна хIунда ца лаьа маре йаха? Цхьаъ ву хьан?". Школа чекхйаьккхича ас аьллера нене, болх бан лаьа, университете деша йаха а. Колл-центре балха хIоьттира со. Ма-дарра аьлча, университет йацара сан Iалашо, дукха хенахь дуьйна ас цIера йада лаьцна Iалашо йара. Сацам хиллера сан, сайн дахарна йукъа кхин дIа уьш гIоьртуьйтур бац аьлла.

– Муха бу хьан динан хьежамаш?

– Суо кхиазхо йолуш дуьйна, ас хьесап дира, дин лору, амма цуьнан ламасташца йаха ца лаьа аьлла. Сайн пхийтта шо долуш йукъ-кара дора ас ламаз, суо бусулба хетара суна, амма вуьрхIийтта шаре йаьлча кхийтира, со делах ца тешара.

Шеконаш жима йолуш дуьйна йара сан. Суна ца лаьара ламаз дан, йовлакх доцуш, йоца коч лелор а – вон ца хетара. Ас сайн бехкбора и ойланаш хиларна, "Делера экзамен" йу аьлла хетара, жин чудаьлла олий а хетара. Сан нанас а, гонах болчара а олура иштта, динца лела резабоцчарех.

Цхьана мIаьргонехь, стигал къевкъича санна, кхетам боьсира соьга, ислам – сан хIума дац аьлла. Оцу мехаллийн а, леларан а система ас тIе ца оьцура. ЦIеххьана дерриг а шен-шен метта дIахIоьттира соьца. Со гIадйаханера, суо схьакарорна, са паргIат делира сан. Сайн доттагIашца дийцаре дира аса цунах лаьцна, уьш суна тIе а тайра.

КХИН А ХЬАЖА: "Уьш цкъа а тIелоцур бац": Нохчийчуьра таIзар динчу шина кIентан нанас дуьйцу репрессех а, шен эмиграцих а

– Оцу дерригенах а лаьцна хьайн гергарчаьрга ахь дийцина хиллехь, цара хIун дийр дара?

– Стаг динера ваьллехь, иза вен вогIу, олура цара.И бохург хIун ду, кхин дIа царна и адам ца хетар. Суна девзачу зудаберашкара, кегийрхошкара а цхьаьна дайша-наноша телефонаш схьайохура, динах лаьцна къийсамаш хича. ДоттагIашца цхьаьна ца кхоьтуьйтура, чохь тIехула догIа тухий латтабора Дагестанехь, "психушке" бухкуш меттигаш а нислора, "дарбадан" олий. Со маре дIайала хьовсур бара уьш, со дуьхьал хилахь, иштта цхьанхьа чуйуллур йара. Нанна сох къа хетар дацара, цуьнан кхетамехь, со шога меттайалон йезара.

– Хьан хьежамаш проблемаш йохьура царна?

– Масех шо хьалха сан вашас дов эккхийтира. Школехь хьиджабан лакхе охьайаьккхинера аса, капюшон тиллина. Жимма гуш сан лаг дара.

И хааделла сан ваша кочавеара суна. Со лагтIера а лаьцна, коьрта хIума тилла цхьанхьа дIатакхийра цо. ЧIогIа кхерайеллера со, хIинца и дагадеача а вон хуьлу суна. ТIаккха нене телефон тоьхна, со дIайалхийра цо.

Нанас суна а, йишина а йетта бакъо цунна йелла дукха хан йара, сих-сиха кочаоьхура иза тхан

Суо Iамош лелон жIаьла ду аьлла хеттера суна, шаьш бохург ца дича, къиза йетта а йетташ. ЖIало лууш кхочуш ма ца до команда, кхоьруш до.

ТIаккхахула оццу хотIаца арайаьллера со курьерна дуьхьал. Ваша лахахь лаьтташ вара. Мохь хьоькхура цо суна тIе. Йуха подъезда чу а такхийна, лифтан неIарех йиттира цо со. Боьха сийсазйора цо со. ЦIахь нанас а мохь хьоькхура, иштта арайала мегаш дац бохуш. Вешига дIаделлера нанас йижаршна тIехь бакъонийн доккхаха долу дакъа а, Iедал а. Цхьа хIума деш вацара иза, сом доккхуш вацара, йа цуьнгара хуьлуш гIо а дацара. ТIехь ницкъабр бен кхин боьршаллех хIума дацара цуьнца.

Лакхарчу классашкахь йолчу хенахь школехь а сайн бакъонаш къийса дезара сан. ЦIахь сан багара цхьа ледара дош даьллехь, йа цхьаъ ас динехь, нанас кхерамаш туьйсура: "Кхин школе гIура йац хьо!". Сан дешар шена оьшуш дац олура цо.

– Хьан йадар вашас муха тIеэцнера?

– Цунна ца хаьа аьлла хета суна. Цул а масех бутт хьалха гучуделира, наркотикех иза кхеташ хилар. Цхьа гIорийча санна вара иза йуьхьанца, кхетамчохь ца хуьлура цIа веача, къаьркъа мелла воцийла хууш хуьлура. ТIаккха психоз йолайелира цуьнца.

Вашас неI кагйира, йоллу пхьегIаш этийра, нене боьха мотт лебира, оьрсийн а, нохчийн а маттахь. ХIетте а, тIаьххьалц иза мараволлара цо, убанаш йохура, цуьнгахьа хуьлура. Сайна йиттича, полици кхайкха гIуртура со, нанас сецайора: "Хьажахьа, цуьнгахь хIун хьал ду!".

Ас олура, сан бала бац, и сох лета, ас цунна садеттар дац. Кхераме дара цIахь Iен, цунна букъ тоха а ца йаьхьара со. Наркотикашца волчу цо урс тоха а тарлора суна. Даим шеца урс леладора цо, масийттаза суна кхерамаш а тийсинера цуьнца. Суо кеста дIайаха дагахь хиларна, соьцура со полици ца йолуш. Нана кхийтира, шена цхьана а хIумано гIо дийр доций, тхан ненавежарий схьакхайкхира цо. Цара ша ма-варра ваьхьна Дагестанера "рехьабе" дIавигира. ДагадогIу суна, иза дIавигина де. Цхьа паргIат, кхера а ца кхоьруш, чу дирзира тхо. Нанас а доккха са даьккхира, реза йолчух тера дара иза а.

Тамашен хIун дуй, хIинца а иза бакъво цо. Шен лаамца лелаш вацара иза, наркотикаша галваьккхинера, вочу наха талхийнера иза бохуш.

КХИН А ХЬАЖА: "Кадыровс къобалйо и мачизм" Нохчийчоьнан Iедал а, доьзалехь ницкъбар а

– Хьоьх доглозурий ненан, хьостарий цо хьо?

– Со могушйоцуш хилча тIаккха марайуллура со нанас, убанаш йохура. ТIаьххьара ас сайна дика дац аьлча, ца тешара иза, болх бойтура цо соьга хIетте а. ЧIогIа къизалла йара и. Йадар бен кхин сан дагахь хIума дацара. Цо гIора а лора суна.


– Хьан гергарчех цхьаммо а гIо дийр дарий хьуна, ахь хьайн Iалашонех дийцинехь?

– Сайн кеп-кепарчу гергарчаьрца къамелаш дора ас, со кхийтира, царех цхьаннах а тешийла доций. Цу тIе, цаьрга олийла дацара сан, динах суо дIакъастарх. Суо зудаберашка а, божаберашка дог-ойла йолуш йу муххале а олийла дацара. Аьллехь, цхьа а шанс йацара сан.

Со йедда масех кIира даьлча психиатре йала дийзира сан. Са карзахдаьллера сан. Аьлча а, йуха а меттахдаьллера са. Сан вашас бала хьоьгуьйтучу хенахь доладелла дара сан и лазар.

– Хьуо кегийрхошца а, зудаберашца а шовкъ йолуш йуйла муха хиира хьуна?

– Сайн кхойтта шо долчу хенахь ориентаци зуьйш тестах чекхйелира со. Цул хьалха а суна зудабераш хазахетара, зудчун хазалла товра суна.

Тесто гайтира, со лесбиянка хилар. Панике йаьллера со. Йуха дийшира аса бисексуалан ориентацих лаьцна, тIаккха кхийтира со, цу тIехь йуьйцург со йуйла. Дика суо мел йевза, кхин а дика кхетара со, оцу доьзалца суо йахалур йоций, оцу йукъараллехь. Оцу нахаца социалан кхане йацара сан.

Интернетехь цхьа йоI йоьвзира суна сайн пхийтта шо долуш. Дуьххьаралера сан йукъаметтигаш йара уьш, виртуалехь хиллехь а. Оьрсийчохь йехаш йара и йоI, вовшийн гар ца хилира тхойшиннан. Дуьххьара реалехь йукъаметтигаш нисйелира сан цхьана кIантаца, амма ненах кхоьрура со, кхин гена ца йелира со.

ТIаьххьара сан кийра буьзира, бертаза со маре йохуьйтур йу аьлла кхерам тесча. Доьзало Iаткъам бора суна

Дуьххьара уллора йукъаметтиг хилира сан сайн тоьллачу доттагIца. ХIетахь школехь йара со, ненах къайлахьойла дара, со цхьаьнца хилар, школе а ца йоьдуш, йолайелла лелара тхойша. Цунах лаьцна хиънехь сан доьзална, сох къа ца хеташ, йуьйр йара цара.

– Хьо йада кечйелллера? Муха нисделира и?

– ТIаьххьара сан кийра буьзира, бертаза со маре йохуьйтур йу аьлла кхерам тесча. Доьзало тIаьхь-тIаьхьа чIогIа Iаткъам бора суна йетташ, сина а Iаткъам бора, ахчанца а бора. Нанас олура, болх битий, хьайн цIахь Iе. Цхьа шеконаш йолчух тера дара. Сайна йаха пачхьалкх къастийнера аса, Кавказера зуударшна гIо дечу бакъоларйаран фонде гIо а дехнера аса. Суна билет ийцира, хьалххе гIо дира болх а, Iен меттиг а лохуш, оцу пачхьалкхера бакъоларйархошца зIе а тесира сан.

Йада билгалдаьккхина де герга мел кхочу, йегайора со. Сан доттагIчо меттайалайора, психологан гIо кхачийра фондо. Айса лелориг нийса а ду, сайна ма-хеттара йаха сан бакъо а йу аьлла, тешнера со. Цхьацца хенахь чIогIа кхоьрура со, йуха цIа а йеана, кхин цхьанхьа ара а ца йолуш, чохь Iен кийча хуьлура со. Аэропорте со дIайоьдуш доттагIчуьнга хоьттура ас, со вон йоI йу-те, со нийса йац, кху хьолера кхечу некъаца йала йеза-те со олий. Амма иза соьгахьа йара, сайчул а кхетам кIорге бара цуьнан.

Цхьа сахьт даьллачу хенахь нана йолайелира соьга телефон йетта. Ас дагардира, ворхIозза тоьхнера цо. Аса жоп деллехь, со гучуйер йара цунна. Ас смс йахьийтира: "Планерка йу тхан, и чекхйаьлча – дIатухур йу".

Кемана тIаьхьа йиссанза йелира со. ТIехуу талон схьайелира соьга, дозанех чекх а йелира, кемана хаале садоIучу чохь йара со. Дуьххьара! Суо! Хьиджаб дIайаьккхира аса! Тамашен хетара суна! ХIинца суо хир йу со? Цхьаммо а дов дийр дац, цхьа а сох летар вац? Ойла хилира сан: ишта хуьлуш хуьлу? Суна хаьара, суна тIаьхьабовлахь, со лоцуш цхьа нана хилла Iийр йац, цуьнан доттагIий а хир буйла.

КХИН А ХЬАЖА: Гомофобица тIамна тIера тидам дIаберзор: Къилбаседа Кавказехь гейшна тIаьхьбевлла хьийза

– Хьо йедча, хьан наха хIун дира?

– ТIаьхьо соьга схьадийцарца, гергарчарна моьттинера со маре йахна. Сан доттагIашка дийцинера нанас, интерполе йаьлла ша, цаьргахула со кхерон. Ма-дарра аьлча, гергарчара пал тосучу зудчунна ахча деллера, со везачу кIантаца йедда йахна аьлла, цуьнга тIечIагIдайта.

Со ма леха ас аьллашехь, нана тIаьхьара ца йолура. Сан доттагIийн коча оьхура иза, шегара кост цуьнга дIакхачаде бохуш. Цкъа йаздора цо, со шен хьоме йоI йу, "цIа йола, хьуна луъучу агIор хир ду дерриг" бохуш. ТIаккха агресси йолийра цо, манипуляцеш а, кхерамаш а. Ас шайна блок тоьхна ала нене, дехар дира аса доттагIашка.

Со цунна кийча йара, аса дешнера, шаьш хьийзон адам шайн карара даьлча, цхьаболчу абьюзершна кхин маьIна ца карадо дахарехь, цунна тIехь ницкъбар доцург бохуш. Сан доьзал, сан ненавежарий ца кхета, шаш соьца харцо лелийний.

Сан нана сайх хьоьгу аьлла хета суна. ХIунда аьлча, сан доьналла хилла цIера йада а, маьршша йаха а.

– Ахшо сов хан йу хьо доьзалх къаьстина йеха. Муха хета хьуна?

– Ницкъ бечу доьзалехь хиллачу дахаро кхузахь а дIа ца хоьцу со. Амма сан дуккха а доттагIий бу. Машанехь бевзинера суна уьш. Кеп-кепарчу пачхьалкхашкара нах бу уьш, тайп-тайпана меттанаш долуш. Туризман сферехь болх беш йу со, суна биъ мотт хааре терра, дуккха а пачхьалкхашкахула йолайелла а лела со.


– Цхьаьнцца а йукъаметтигаш йуй хьан?

– ЙоI йевзина суна. Тхан белхан накъосташа йовзийтина тхойша. Цхьаьна йу. Тхайн доьзалх лаьцна а дуьйцу оха, цуьнан а хиллера шен деца-ненаца вон йукъаметтигаш, цуьнан да ша аьлларг бен дош ца хеташ стаг хиллера.

– Хьайна тIаьхьа бовларна кхоьрий хьо?

– Со ирсе йу, кхерам бац, делахь а, кхерамзалла Iаламат коьрта йу суна. Сайн цIе хийцина аса, юьхь-сибат хийцина, месийн бос, духар, пирсинг йайтина Дукха хан йара со пирсинг йан лууш йолу. Нанас мага ца дора. Макияж а цхьаьна дIайоккхуьйтура цо соьга.

– ХIинца дахаре йухахьаьжча, хIун ойланаш хуьлу хьан?

– Со эргIад ихна ца йолу, Кавказера зудаберашна хIунда ца мега кега-мерса хIуманаш а? Шен доттагIца йолайала, кIирнахь цкъа чIагIар мала, къегина лергаухкурш лелон, кегийрхойн макияж, балхара йаьллачул тIаьхьа доттагIашца хиина Iен? ЦIахь ца магийна хIуманаш ас кхузахь леладо аьлла, цхьа а хIума гал ца даьлла-кх. Дерриг а дихкина дара суна цхьа а маьIна а доцуш! Цхьана секундана дохко ца йаьлла со цIера йеддера аьлла. Йуха а оцу замане со йигча, йуха а йодур йара со.

Балхахь йу со, психолог хила лууш йу со. Сайн дахар сайн карахь дуйла хиъна суна.

– Хьуна гарехь, хьан гергара нах дохкобевллий-те, хьо йадарна?

– Сан доьзална чIогIа бакъахьа йара со йийбар санна. Тапъаьлла Iара, дерриг а дора. Иштта хила йеза ша бакъйолу зуда, Кавказан бустамашца. Цхьанхьа а ма гIо, чохь Iе, болх бе, кайф йу-кх и, кхин хIун оьшу? ХIусамдена декхар дIадала а йиц ма ло, иштта ца хилахь, маликаша сардамаш духкур ду хьуна.

Шаьш сан доьзална бехке хетахь а, ца хета, соьца къизалла лелийна шаьш аьлла, шаьш со дика лар ца йарна дохкобуьйулуш хир бу.

– ТIехь гIело латточу, хIара къамел доьшучу зудаберашка хIун эр дара ахь?

– Соьгарчу хьолехь долчу зудаберашка эр дара аса, проблема шайца йу алий дага а ма даийта. Проблема вайн йукъараллехь йу, ткъа царна гIо а, маршо а оьшу. Царна луург кхочуш хир ду. Довда дагахь дуй, ларлуш хила, фондашка а, гIоьналлин тобанашка а орца деха. Маьрша довла бахьанех пайдаэца, шу дика а хетар ду, шун дикачу агIор мах а хадор бу алий ма Iе. Оцу йукъараллина гергахь шу цкъа а хир дац "диканаш".


***

Бакъоларйархочо Истеев Давида гIо до Кавказан реионашкара гомосексуалан адамашна эвакуаци йеш. Цо бахарехь, Нохчийчуьра хьал хьалха а санна уггар а чолхечех ду.

"Нохчийчохь леррина "рехьабаш" а ца оьшу, гомосексуалашна тIехь ницкъбан. Цигахь, Лорсанова Амината кейсан масал тIехь гуш ма-хиллара, аьшналла лелайо пачхьалкхан клиникашкахь а цхьаьна. Нохчийчохь цхьа жимма сом-ком йелча психушке стаг волла йиш йу, йа "имамашна" тIевуьгу "дарбадан", - боху Истеевс.

Бакъоларйархочо билгалдаккхарехь, ЛГБТ-йукъараллашца долу хьал шо шаре телхаш лаьтта Нохчийчохь. Меттигерчу Iедалхоша репрессеш лелайо, полици мел а сема хила йоьлла, боху цо: "Хьалха ницкъахоша диллина йаздора документашкахь, кегийрхой лоьцу шаьш гомосексулаш болу дела, иштта йаздора официалан протоколашкахь а. Церан шайн бехктакхаман кодекс йу".

2017-чу шарера схьа дуьйна гейшна дуьхьал репрессеш лелорах пайден бизнес хилла – нахах ка йеттара, йуха дIахоьцура ахча делча, масийттазза ахчанаш дохуш меттигаш а нислора, боху Истеевс. ХIинца хьал кхин а чIагIделла, хIунда аьлча, республикера а, Оьрсийчуьра а аравала атта дац – зударшна дуьхьал шайггара доху бехкзуламан гIуллакхаш а - норма йу, аьлла хета бакъоларйархочунна.

"Оцу йукъанна бала хьоьгучу наха дукха хьолахь шайн позици йозуьйту. Ца йовзуьйту Нохчийчохь-м, цигахь оцу тIехула стаг вен йиш йу. Амма цигара дIабаха церан ка йолий, тIаккха массарна а хезаш дуьйцу цара, шаьш лайначух. Пхи-йалх шо хьалха дацара хIара. Цара полици дIахьедо, юристашца болх бан а реза бу уьш. Йукъаралла чуьра хийцайалар гойту цо. Оцу хьоле баьхна хила а тарло уьш", - билгалдоккху Истеевс.

Бакъоларйархоша бахарехь, оцу хьолехь дуьсург ду репрессийн кейсаш документашца дIайаздар, дуьненайукъарчу тIегIанехь оцу проблемех дийцар. Хьал хийцаделча оцу материалех пайдаэца йиш хир йу.