Къилбаседакавказхойн диаспораш: исторера вайн замане

Истанбулера чергазий

Кху дуьнентIехь тайп-тайпанчу меттигашкахь къилбаседакавказхошца доьзна цхьаъ хилча, хIоразза а дийца доладо ламанхойн керлачу мехкашкахь адаптаци ярца, мел кийча бу уьш тIелаца шаьш дахахевшинчу меттигешкарчу бахархойн культура бохучуьнца доьзна хаттар. Цу юкъана къилбаседакавказхойн миграци – таханалерчу денца доьзна хIума хилла ца Iан. Цуьнан истори бIешерашкахь ю

Ламанхой Малхбале кхалхар

Уггар яккхийчерах йолу чергазийн диаспора Туркойчоь ехаш ю коьртачу декъана. Кегийра диаспораш еха Гергара Малхбалерчу а, Европерчу а пачхьалкхашкахь, ткъа иштта Американ Цхьанакхеттачу Штаташкахь а.

Къилбаседа Кавказера диаспораш кхоллаелира Туркойчохь XIX-чу бIешеран шолгIачу декъехь "мухIажралла" олучу хиламца доьзна, Кавказан тIом дIабирзинчул тIаьхьа бIеннаш адамаш Османан импере дIагIортар бахьана долуш. Уггар дукха махкахбевлларш бара чергазий, амма уьш боцурш кхечу пачхьалкхашкахь баха ховша бахара абхазаш а, нохчий а, гIалгIай а, дагестанхой а, хIирий а, ногIий а, кхарачой а, балкхарой а.

Керлачу меттигашкахь шен дахар юхадолийна йолу чергазийн юкъаралла, дийна йисна ца Iаш, кога ирхIоьттира. Цуьнан векалех дIакъасто йиш йоцу дакъа хилира Османан империн, ткъа тIаьхьо Туркойчоьнан, политикан а, культуран а элитин.

КХИН А ХЬАЖА: Кавказхошна даймахка юхабахка лаарх ца тоьу…

Амма, Къилбаседа Кавказера бахархой эмиграци политикан бахьанашца бахна хилла ца Iан. Масала, ХХ-гIа бIешо долалуш хIирийн йоккхачу тобана махкахяларан бахьана дара экономикица доьзна, Американ Цхьаьтоьхначу Штаташка а, Канаде а кхелхинарш болх лохуш кхечира цига.

РогIера Къилбаседа Кавказера мухIажарийн шуьйра тулгIе айъира 1917–1920 шерашкахь Оьрсийчоьнан импери йохарца а, советан Iедалш дIахIоттарца а доьзна хиллачо. Большевикашна дуьхьала лаьттинчу нехан дийзира махкахбовла. Царах цхьаберш Туркойчу бахара, кхиберш – Европерчу пачхьалкхашка. Буьйцурш бу иттаннаш къилбаседакавказхой, дан амал доцуш шайн махкара дIабахна болу.

Гоьбевлла ламанхойн эмиграцин векалш бу чергазой – маршал Тхуго Фуад-паша, яздархо а, драматург а Мидхат Хагур Ахьмад а, Iилманча Намиток Айтек а, политик Коцев Пшемахо; дагестанхойх – Мухаммад-паша Гази, имам Шамилан кIант, османийн армин инарла-лейтенант; хIиришна юкъара – Кундухов Муса (туркойн армин инарла), Сами-бей Бекир (арахьарчу гIуллакхийн министр); нохчий – Шевкет-паша, Шахин-Бей, абхазаш – Рауф-Бей (премьер-министр), ткъа итштта Шараф Абаза а, кхиберш а.

МухIажарийн тIаьхьенаш

Вайн заманахь Туркойчохь чергазийн цIе йоккхуьйтуш вара физик Рефика Кортан Ахмет, яздархо Мидхата Ахмед (Хагуров), мехкан исторехь бIаьрла лар йитина болу бIеннаш политикаш а, культуран гIуллаккхой а. ЦIеяккха йогIу нохчийн историкан, яздархочуьнан Тарик Кутлун а, этнографан Йылдыр Эролан а, хIирийн юкъараллин жигархочуьнан Кусов Садреттинан а, абхазхочуьнан инженеран Беигуа Омаран а, Анкарарчу Кавказан Iиламан-талламан фондан директоран Гечбу Мухеттинан а.

2000-гIа шераш дуьйлалуш Шемахь вехаш вара Iилманан докторан тIегIа долу 30 сов чергазо. Царна юкъахь ву историк Закария Ахмед Уасфи, инженер Стас Ратиб, медицинан Iилманийн доктор Бакир Ахмед а. Иштта бевзаш нах бу Шеман парламентан депутаташ Дугуж Изеддин а, политик а, дипломат а волу Фахри (Тлеуж) Омар а, дуккха а кхиберш а.

Урдунехь нохчий а, чергазий а юкъараллаш, и пачхьалкх йозуш йоцуш хилчхьанна, даиман а политикан ларам болуш яра, уьш бара паччахьан гонашкара нах лоруш. Монархан шен гIарол кхоьллина дара чергазойх. Нохчийн а, чергазийн а аьлла билгалъяккхина дукха хенахь дуьйна Хашимитийн Пачхьалкхан Парламентехь латтош ю ши меттиг.

Чергазийн цIе йоккхуьйтуш бара оцу пачхьалкхан премьер-министр хилла аль-Муфти СаьIид а, инарла Ануар-Мухаммед Исмаил а, министр Дияб Юсеф Усман а, дипломат а, эскархо а Мудар Ауни а, кхиберш а.

Урдунехь бевзаш болу нохчий бу – дивизин инарла, оцу пачхьалкхан исторехь цхьаъ бен воцу шозза турпалхо хилла Арслан Алаудин Ахьмад, Урданан хьалхара зуда-векал Керлачу Зеландера дипломатин миссин куьйгалхо Арслан Рима (2010 шо), инженер Бено СаьIид, поэт а, композитор а Джунейд Мухаммед Раис Iабдулла а, скульптор Гордло Хашим Асендар а.

Къилбаседа Кавказера "мухIажарш" Европехь

ХХ-чу бIешера 70–80-чу шерашкахь болх лохуш а, деша а Европе кхалха буьйлабелира Туркойчуьра а, Гергарчу Малхбалера а къилбаседакавказхой. Американ Цхьаьтоьхначу Штаташкахь ехаш а, дахаран жигаралла гойтуш ю чергазийн вовшахтохараллаш, коьртачу декъана дIатарйелла йолу Нью-Джерси штатерчу а, Нью-Йоркан а кIошташкахь.

Коьртачу декъана уьш бу туркойн а, шеман а чергазий, Америкехь баха хевшина болу ШолгIа Дуьненера тIом дIабирзинчул тIаьхьа. Иттаннаш чергазий гIуллакх деш бу полицехь, лоьраш бу, болх беш бу Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан структурийн дакъошкахь, къахьоьгуш бу Нью-Йоркерчу Уолл-Стрит урамерчу финансин институташкахь, иштта дIа кхин а.

Тайп-тайпанчу Европерчу пачхьалкхашкахь ехаш ю гIалгIайн а, чергазийн а диаспораш. Чергазойх уггар бевзачу Европера политикех цхьаъ ву Германин юьртабахаман министр Оздемир Джем. Оцу пачхьалкхехь болх беш ю чергазийн Iилман-талламан центр. Мигранташ бу лоьраш, инженераш, жигара дакъалоцуш бу уьш политикан дахарехь, тайп-тайпанчу партешкахь.

XX-гIа бIешо чекхдолуш, XXI-ра бIешо долалуш Нохчийчохь хиллачу тIемаша махкахбовла дезийтира вуно дукха нохчийн. Карарчу хенахь уггар яккхийн нохчийн диаспораш ю Малхбузера Европерчу пачхьалкхашкахь: Францехь – 67 эзар стаг, Германехь – 50 эзар гергга, Австрехь – 30 эзар хиллал, Бельгехь – 20 эзар сов, Норвегехь 15 эзар сов. Польшех вехаш ву 10 эзар гегга нохчо. Мелла а жима нохчийн диаспораш еха Европерчу кхечу пачхьалкхашкахь а.

Британехь а, Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь а доккхачу декъана нохчийн юкъараллаш кхоллаелла бизнес-элитех а, оцу шина пачхьалкхехь доьшучу студентех а. Бу цигахь, махIажарийн статус йоьхуш тховкIело карийнарш а. Дуккха а нохчий беха Канадехь а.

Нохчийн къона чкъор интергаци еш ду, уьш хьакъ доллуш шайна меттиг лохуш бу шайн керлачу юкъараллехь - немцойн бундестаган депутат Бах Белла а, Бельгехь гIалин кхеташонан депутат Исаев Адам а, Канадерчу Торонто гIалин гонан куьйгалхо Тарамов Iадлан а, лоьраш, адвокаташ, дуккха а кхин говзаллаш йолу нах - махкал арахьа дешна а, цигахь шайн карьера йолийна а болу.

Нохчийн диаспораш кхоллаеллачу меттигашкахь болх беш ю дуккха а ассоциацеш а, фондаш а, центраш а, ненан мотт а, къоман гIиллакхаш а диц ца далийта а, тIекхуьучу чкъурана юкъахь уьш даржо а Iалашо йолуш болх беш.

Ерригевропехула структура – Европерчу нохчийн Ассамблей, Муртазалиев Аслан коьртехь а волуш – мелла а бIаьрга юкъараллин вовшахтохаралла ю, диаспорашца доьзна тайп-тайпан хаттарш кхочуш дан аьтто беш йолу.

Адаптаци яр, ассимиляци хилар а

Нохчийн а, чергазийн а, кхечу а диаспорийн баккхийчеран чкъор баккъалла а саготта ду бераш а, берийн бераш а къоман орамех хадарна. ТIаьхьенаш, кхечу къаьмнийн культурех дIаийна, ярна кхоьру уьш. И бахьана долуш, Парижехь а, Ниццехь а, Страсбургехь а, Берлинехь а, Венехь а, кхечу гIаланашкахь а кхуллуш ю кIиранан дийнан школаш. Оцу школашкахь Iамадо гIиллакхаш, уьйраш таса гIерта мелла а алсам даймахкаца, кегийхошна шаьш цуьнан дакъа хилар хаийта.

Францехь хиллачу теракташа а, Австрехь нохчий лецаро а, Германехь хиллачу байъарша а, Швецехь тIелетарш даро а хаттар кхоьллина: мухIажарийн халонаш-м яц те интеграцица йоьзан аьлла. Аслан Эмиль чехийн политолог а, Прагерчу дуьненан юкъаметтигашкахула Институтан директор а ву, дуккха а шерашкахь нохчашца йоьзна проблематика толлуш волу. Кавказ.Реалиица хиллачу шена къамелехь цо билгалдаьккхира, оьшуш дац аьлла нохчий а, Къилбаседа Кавказера схьабевлла кхечу къаьмнийн векалш а халонаш хьогуш бу Европерчу пачхьалкхашкхаь дIатарбаларца.

КХИН А ХЬАЖА: Этнос а, экстремизм а. Парижехь хьехархо вийначул тIаьхьа муха хийцаделла цигахь бехачу нохчийн хьал?

"Нохчийн кегийрхошца къамелаш деш сан кхоллаеллачу ойлано тоьшалла дон уьш европахошна баркалла бохуш хилар, шаьш а, шайн дай-наной а, мухIажарш а цара тIеэцарна оьрсийн-нохчийн тIамех кIелхьарабовла гIерташ болу. Амма нохчех цхьана декъана проблемаш хилла, цхьайолу куьлтуран башхаллаш а (сий лардаран кодекс, халатийтича бекхам бар, Iедалшца юкъаметтигаш лело цалаар, шаьш шайна гIо дан гIертар), исламна экстремизман кепехь маьIна дар а бахьана долуш", - боху политолога.

Брюсселерчу Схаьйиллинчу университетан профессора, Нохчийчоьнах лаьцначу дуккха а Iилманан белхийн автор йолчу Мерлин Одда Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь тидам тIебахийтира, дукхахаболчу нохчаша вуно дика интеграци йина хиларна, шаьш тIелаьцначу пачхьалкхашна баркалле шаьш хиларна. Амма, цунна хетарехь, тидаме эца деза цхьаберш хIинца а дог Iовжийна бехаш хилар Нохчийчохь хиллачу шина тIамо. Лайначу ницкъбаро, цкъа цул тIаьхьа цхьа дарба ца лелорна а, медицинан а, психологин а реабилитаци ца ярна а, могуш волчу стага лелор доцург леладойта эшам хиллачерах цхьаболчаьрга.

"Билгалдаккха деза, цхьана декъан гIортар хиларо а, цакхетамаша а кхолайо интерграцин процесс. Масала, 2020-чу шарахь Мангал-баттахь францойн Дижонехь нохчаша лелийнарг. Шайн куьйгашца кхел ян бахара уьш, шайна хетарехь, Францин полицино болх беш дийриг кхачам боцуш ду аьлла. Цу тайпа леларо зен до нохчийн имиджана. И хилам бахьана долуш могIарерчу бахархойн бIаргашкахь тIеман васт хIоьттира нохчийн, - аьлла хета Мерлин Оддна.

***

Европерчу пачхьалкхашкахь бехачу нохчаша диц ца до Оьрсийчуьра политикан хьал. Иштта, масала, кхушара ГIадужу-беттан 9-хь Страсбургехь Европан Кхеташонан гIишлонна хьалха митинг дIаяьхьира Евробертан масех пачхьалкхера баьхкинчу нохчийн диаспоран векалша. Цара дIасаяржийра леррина кечйина 50 метар йолу сепаратистийн Ичкерин байракх, Нохчийчохь адамийн бакъонаш йохош хиларна тIе тидам бахийтар доьхуш.

Гезгмашин-бутт болалуш Венехь Шварценбергплац майданехь, советан пачхьалкхан салташна хIоттийначу мемориална уллехь дагалецаман мероприяти хилира, йозуш йоцу нохчийн пачхьалкх – Нохчийн республика Ичкери - кхоьллина 30 шо кхачарца доьзна.

Гезгмашин-беттан 19-хь Вена гIалин юккъехь, дуккха а наха дакъалоцуш митинг хилира, Австрерчу нохчийн диаспоро вовшатоьхна йолу. Цуьнан декъашхоша дIахьедира Нохчийчохь хаьржина куьйгалхо а, парламент легитиман цахилар.

ГIадужу-беттан 4-хь Оьрсийчоьнан векалаллашна а, консульствошна а хьалха Нохчийчохь политикан оппонентийн а, Нохчийчоьнан куьйгалхоч критикийн а гергарнаш лечкъор сацор доьхуш дуьхьалонан пикеташ хилира Венехь а, Варшавехь а, Брюсселехь а, Берлинехь а, Ослохь а, ткъа иштта Бернехь а.