Кремлан политикан дакъа ду? Кавказехь политикан тутмакхаш-зударий муха гучубевлира

Мусаева Зарема

Кху аьхка кхело таIзарш кхайкхийра нохчийн оппозиционерийн нанна Мусаева Заремина а, гIалгIайн протестан декъашхочунна Саутиева Зарифина а. Иштта гезгамашин-баттахь Росфинмониторинго Муртазалиева Зараъ экстремистийн а, террорхойн а тептарера дIайайира. Цунна таIзар динера теракт кечйеш хилла аьлла. Лакхахь хьахийначарна дуьхьал айдина хилла доллу гIуллакхаш политикан бух болуш дара аьлла хета бакъоларйархошна. Зударшна тIаьхьабийлар Кавказехь цкъа а хилла доцург ду – Iедалхоша оцу кепашца "дIабоху товшбоцурш" а, церан гергарнаш а, билгалдоккху редакцино хеттарш динчу эксперташа.

Муртазалиева Зара – зударех уггар а хьалхара йу кхузаманан Оьрсийчохь политикан тутмакх леринчех. Кавказ.Реалиин сайтаца хиллачу къамелехь цо билгалдаьккхира: ницкъаллин структураш кхетта, зударшна Iаткъам бар къаьсттина кавказхошна лазаме дуй, цундела кест-кеста цунах пайдаоьцу цара.

"15-20 шо хьалха хIара тайпа хIума хила йиш йацара, бехкбуьллурш кавказхой болуш, политикан хьежамаш бахьана долуш зуда "чуйуллуш", - дуьйцу Муртазалиевас. – Кавказехь зудчунна цкъа а тIекховда йиш йацара. ХIинца-м политикан тутмакхаш бу Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а. Тхаьшна кхелаш йен суьдхой а, прокурораш а го тхуна, таIзарш кхийкхадо цара, цул тIахьа хIуммаъ а эхь ца хеташ дIа а лела".

Муртазалиева Зараъ

Москвара йохка-эцаран центрехь теракт дан кечлуш хилла аьлла кхел йина Нохчийчуьра йахархо 9 шарна Мордоверчу колони хьажийра. Цо хан токхучу заманчохь администрацино тергамза дитира, шен гIуллакх – политикан бух болуш хилар, дуьйцу Муртазалиевас.

"Со, кхинболу тутмакхаш а санна, сийсазйан тарлора, йа суна таIзар дан. Уггар а суна хезначех кIеда дара "нохчийн кIелтосург" алар. Шайн адвокаташкахула сан гIуллакхах лаьцна шайна дIахиъначул тIаьхьа , цхьа ларам хуьлура тутмакхийн соьца, амма уьш а кIезиг бара", - дагалоьцу къамелдечо.

Кавказехь политикан тутмакхаш-зударий дуккха а бу, нахана царех лаьцна хуучул а, амма дукхахболчех лаьцна хаанза дуьсу, аьлла хета цунна.

Муртазалиевас бахарехь, цуьнан аьтто хилира – журналисташкара а бакъоларйархошкара а гIо хилира цунна: "Бехкебечийн гIентахь хьо нисйелла, ахьа дина доцчунна хьуна кхел йеш йелахь, хьоьга ладугIуш стаг а ца хуьлу. Ца теша. ЦIеххьана нах бовлу – журналисташ, бакъоларйархой, уьш оцу хьолана тIекхиа гIерта. Хьуна дечу таIзарна а, процессана а цунах пайда ца хилахь а, хьо кхета, цхьаъ хьайх тешаш вуйла, цунах хьуна чIогIа гIо а, тIетовжийла а хуьлу".

Психологина Ӏаткъам хилла, йукъараллин коьрта дакъа хетта шаьш зударшна

ГIалгIайчуьра Саутиева Зарифа а, Нохчийчуьра Мусаева Зарема а – гоьйаьлла политикан ши тутмакх йу, тахана чохь йаллош йу и шиъ. Мусаева – бакъоларйархочун Янгулбаев Абубакаран а, 1АДАТ телаграм-каналца боьзначу оппозиционерийн Янгулбаев ИбрахIиман а, Байсангуран а нана йу. 2022-чу шеран дечкен-баттахь кадыровхоша лачкъийра иза Лаха Новгородера шен петарера. Соьлжа-ГIала дIайигинчул тIаьхьа Мусаевана дуьхьал айдира бехктакхаман гIуллакх: протокол хIоттош хиллачу ницкъахочунна тIелеттера иза боху. ТIаьхьо бехкейира иза курхаллаш лелорна. Инсулинах йоьзна диабет цамгар а, кхин а дарба ца хуьлу цхьацца лазарш токхуш схьайогIу Мусаева, ткъа чуйоьллинчул тIаьхьа кхин а тIе эшна догIу цуьнан могушаллин хьал.

Адамийн бакъонаш Iалашйечу "Мемориал" Центран кхеташонан декъашхочо Черкасов Александра бахарехь, оппозиционерийн нана лацар, церан доьзалера божарий лаца Iедалхойн ка ца йаьлча, иза "закъалте" лацар ду.

КХИН А ХЬАЖА: "Йен кхел йу кхайкхийнарг": нохчийн оппозиционерийн нанна набахтехь даккха 5,5 шо тоьхна Соьлжа-ГIалахь

Саутиева Зарифина тIаьхьабевллера ГIалгIайчоьнна а, Нохчийчоьнна а йукъара дозанаш хийцарна дуьхьал хIоттийначу митингехь дакъалацарна. Оцу тIехула балхара дIайаьккхира иза, цул тIаьхьа кхел а йира цунна. Набахтехь даккха 7,5 шо туьйхира цунна, экстремистийн йукъараллехь хилла йу аьлла.

Саутиева Зарифа

"ГIалгIайчохь протестийн лидерш бара аьлла центро цIе йаьхначарлахь нисйеллера Саутиева Зарифа а, - билгалдоккху Черкасовс. – Оцу протестехь цхьа а лидерш хилла бац, массо а арабевлла йина йара и. Цунна кхел йира божаршца цхьана дIа а хIоттийна".

ГIалгIайчохь дуьхьалонаш дIахьочу хенахь эмансипацин тенденциш йолийра, гIалгIайн йукъараллехь хила йиш йолуш йара уьш – "тIаьхьенан а, гендеран а сферашкахь", боху шен цIе къайлайаьхьначу кхечу Къилбаседа Кавказехула эксперт волчо.

Цунна хетарехь, дуьххьара хилла хIума ду йукъараллин майданахь зударий шаьш хьалхабовлар, протестехь хилла бу бохуш, бевзина, и "тIелаца дийзира божарийн" а. Делахь а оцу зударшна и протесташ кхечу агIор йирзира: балхара дIабохуш, махках бовлуш, набахте бухкуш, билгалдоккху талламчас.

Зударий байар, уьш набахте бохкар – доза хадор ду, ламасташна дуьхьал бовлар, билгалдоккху Черкасов: "Кадыровхойн къизалла гайтина ца Iаш, цо Оьрсийчоьнан рожан шогалла а гойту цо. 2019-чу шарахь ГIалгIайчохь хилла репрессеш а – иза а федералан центран лелар ду".

Ламастен йукъаралла а, эмансипаци а

Кавказехь тутмакхаш-зударий гучубовларх дуьйцуш, Къилбаседа Кавказера хьал толлучу, шен цIе къайлайахьар дехначо дийцира: меттигера ламастин йукъараллина хIинца а ца хета зударша политикан дахарехь дакъалоцур дара аьлла.

"Хийцам хила хьаьхна кавказхойн йукъараллашкахь. Ламастен патриархалан йукъаметтигаш цигахь малйала йуьйлайелла. Кеп-кепарчу мехкашкахь тайп-тайпана нисло и. Делахь а, политикан хийцамаша гIо до зударийн эмансипацина", - билгалдоккху къамел динчо.

Нохчийчохь шолгIа тIом бирзинчул тIаьхьа "шайн зударий Iалашбарехь декхар кхочуш ца дина аьлла комплекс" гучуйелира божарийн

Кавказехь зударша дIалоцу меттиг Нохчийчохь тIемаш боьлхуш хийцайелира, хIетахь федералан Iедалхойн коьрта гIакх хилира божарий, аьлла хета "Бахархойн цхьаалла" центран куьйгалхочунна Ганнушкина Светланина. Божарша тIом бора, царна герз а, оьккхуьйтург а тосура, уьш хьаькхна балхара дIабохура, цIенош лелхийтарна бехкебора уьш, царна тIехь Iазапаш хьоьгура, охьадагардо бакъоларйархочо.

"Зударий бара хIетахь урамашка буйлурш, некъаш къовлурш, шайн божарий схьало бохуш, тIедохкурш. Психологин Iаткъам хилира, хIетахь зударшна шаьш йукъараллехь цхьа коьрта дакъа хийтира. Зударшка ларам цахилар дIадаьллера. Доьзалехь хаьлха а санна, шен хьашташ кхочушдан дезара цуьнан, кертара гIуллакх ца дича ма ца долу", - билгалдоккху Ганнушкинас.

Ницкъехь латточу кавказхойн зудчух Кавказана гена а ваьлла дийца деза, тешна ву бакъоларйархо Черкасов Александр. Цо бахарехь, 90-чу а, 2000-чу а шерашкахь адамийн бакъонаш Iалашйарехь регионехь зударшна тIетийжара.

"Башха къаьсттина хIума дацара и, хIунда аьлча, уьш жигара бара, цара митингехь къамелаш дора. 90-чу шерашкахь, оьрсийн салтий а болуш, боьршачу стага митингехь къамел динехь, цунах тIемало ван атта хир дара. Ткъа зударша божаршна магийна доцург дора хIетахь", - билгалдоккху Черкасовс.

КХИН А ХЬАЖА: "Уггар кхерамза республика". Журналисташна, бакъоларйархошна кадыровхойн Нохчийчохь тIаьхьбовлар

Эшаран комплекс

Ганнушкинас дийцарехь, регионехь эшар санна лерина, Нохчийчохь шолгIа тIом бирзинчул тIаьхьа, "шайн зударий Iалашбан декхар кхочушдан аьтто ца хиларан комплекс" гучуйелира божарийн. Цо цхьа компенсаци йоьхура, оцу компенсацин объект хилира зуда, кхин дIа дуьйцу цо. ТIаккха цуьнан метттиг лахбан болийра.

Нохчийчохь, Къилбаседа Кавказан кхечу республикашкахь а санна, зуда тIекховда йиш йоцуш, ларйан йезаш йара, билгалдоккху Черкасовс. Церан чуьра баккхийчара бен дош ала йиш йацара цуьнга, хийрачу божарийн, хьаькамийн муххале а цаьрга бистхила йиш йацара. Хьал хийцадала доладелира Iедале Кадыров веанчул тIаьхьа. Арахь зудчун кочабаха йиш йара, цуьнан коьртахь йовлакх дацахь, хьаькамаша массарна а хьалха йуьхь йохура цаьргара, электрошокер йеттара, царна тIехь ницкъ бора, уьш бойура, лоьцура.

"Цхьана агIор, патриархатан тIаьхье йу иза, - боху Ганнушкинас. – Амма вукху агIор, патриархато доьхку хийрачу божаршна зудчунна тIекховда. Цуьнца йоккха бIостаналла йу".

Федералан низамашца зударшна а, божаршна а йукъахь башхалла йац

Зударшна Iаткъамбар – и бекхам бу жигара болчарна, йа кхечу нахана Iаткъамбан Iалашонца царех пайдаэцар, тешна ву Черкасов: "Кавказхойн цхьа специфике хIума дац хIара, йа гендерца доьзна а дац. Пачхьалкхан йукъара политикин а, контртерроран операцин (Оьрсийчохь иштта олура Нохчийчохь хиллачу тIамах. - Редакцин билгалдаккхар.) практикийн а дакъа ду хIара".

Муртазалиева Зарас билгалдоккху кавказхойн йукъараллина къаьсттина лазаме хилар, зударий набахте хьийсор. Хала лов иза, цунах лаьцна ца дийца хьийза гергарнаш, лачкъон а гIерта.

"Фэсбэшникаша, оцу йоллу ницкъаллин структураша а чIогIа сиха карайерзийра цхьа коьрта бакъо: Кавказехь стаг хьайна вен лаахь, цуьнан зуда сийсазйе. И бохург хIун ду, цуьнан уггар а лазамечу меттигна тохар дар ду и. ЧIогIа сиха цунах пайдаэца буйлабелла уьш", - тешна йу къамелдийриг.

Федералан низамашца а догIуш, башхалла йац зударшна а, божаршна а кегийчарна а, къаношна а йукъахь, дуьйцу Къилбаседа Кавказера хьал толлучу анониме эксперто. Жигархошна, йа режимана резабоцчарна тIаьхьабовлар йоллу пачхьалкхехь а лелош хIума ду – оцу маьIнехь ГIалгIайчоь а "дIатоьхна" йисинчу регионех, бохура цо.

"Нохчийчоьнца хьал мел а кхечу тайпа ду: цигахь бакъо йоцуш оппозиционерийн гергарчарна Iаткъам бо. Ала тарло, цхьана агIор бекхам беш, вукху агIор церан Iа лакъон Iалашонца лелош хIума ду аьлла. Кхузахь бен-башха дац, божарий бу уьш йа зударий бу. Нохчийн раж гIиллакхашна тIетуьйжу, шайна пайден долчухь", - дерзийра эксперто.

  • Кавказехь шайн бахархойн хьежамаш жигара бовзуьйтура зударша советан Iедал долчу заманчохь а. 1973-гIа шо йуккъе даьллачу хенахь Нохч-ГIалгIайчоьнан АССР-н шахьарахь Соьлжа-ГIалахь гIалгIайн митинг дIайаьхьира. Цара тIедожийра, 1944-чу шарахь Сталинан къам махках даьккхинчул тIаьхьа Къилбаседа ХIирийчоьнан декъахь дисина Пригородный кIоштан дакъош йухадерзор. Митинг дIайохийра коммунистийн куьйгалло, иштта Iаьнан дечкен-баттахь хиш детташ. Репрессеш йира хIетахь жигархошна, бара царлахь зударий а.
  • 2021-чу шеран гIуран-баттахь Ессентукера хьалхарчу инстанцин кхело бехке лерира "гIалгIайн гIуллакхан" ворхI фигурант. Уьш бехкебира ницкъахошна дуьхьало йарна а, экстремистийн йукъаралла кхолларна а, цу йукъахь дакъалацарна а. ВорхI шарна а, эхашарна а тIера исс шерашка кхаччалц йукъарчу хьолера колонихь йаккха хенаш йиттира царна. Кхелан сацамна дуьхьал апелляцин арз дира мехкан кхеле. Протестан лидерш политикан тутмакхаш лаьрра бакъоларйаран "Мемориал" центро.
  • Марсхьокху-беттан йуьххьехь адамийн бакъонаш Iалашйечу "Мемориал" центро "Экозащита" йукъараллин организацица йукъахь ООН-е альтернативе рапорт хьажийра Оьрсийчохь бахархойн бакъонаш хьешарх. Цу тIехь бакъаоларйархоша йаздо Къилбаседа Кавказехь дискриминаци лелош хиларх – сий лардеш нах байар а, "экстремизм лело гунахь болчийн" леррина реестр хиларх а.
  • Европан Кхеташонан Парламентан ассамблейно къобалйира Оьрсийчохь политикан буха тIехь нах лоьцуш хиларх рапорт, Оьрсийчоьнан Iедалхошка политикан тутмакхаш дIахеца аьлла, кхайкхам беш резолюци тIеийцира.