Лачкъийначу говрана тIехь пиар? Санкцешка йаьккхина йолу Чехера говр йадор стенна оьшу Кадыровна?

Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, Зазу говр а Соьлжа-ГIалахь. Кадыровн телеграм-каналерчу видеон скриншот

Нохчийчу Чехера Кадыров Рамзанан долара Зазу цIе йолу говр йалийна. 2014 шарахь Кадыровна дуьхьал йаьхначу санкцеша ца магадора и говр дIайохка, йа дIасайига, амма кху шарахь иза йадийра. Дуьххьара Кадыровс Чехин Iедалхой бехкебира, кхоччуш говре ца хьажарна, тIаккха къера хилира, Зазу шен омраца йадийна хиларна – бохура, Украинан лерринчу сервисийн гIоьнца чекхдаьккхина и гIуллакх, амма лур ду аьлла ахча ша ца делла царна, бохура. Кавказ.Реалии сайто хеттарш динчу эксперташа цо буьйцург гIурт бу элира, ткъа говр лачкъор - рогIера пиар йан гIортар хета царна.

Муха лачкъийра говр

Чехин малхбузехь йолчу Крабчице эвлахь бевзаш боцчу наха лачкъийра Зазу. Полицино бахарехь, къолахой буьйсанна баьхкина хиллера и чохь латтош долчу Darhorse божале, йихкине зIе дIа а йаьстина, говр йадийнера – цунах кхин хIумма а хууш дац. Комментареш йала дуьхьал йу Чехин полици, финансийн министралла, божалан долахо а.

Зазун мах низам лардаран органаша 18 эзар сом бу аьллера – Кадыров оьгIазе хилира и хезча, цунна хетарехь, говран мах мел кIезга а 10 млн доллар бу. Кадыров вийлира божалан хадархойх, Чехин полисхойх а, бохура, "цхьамма хIинца шен киса дузур ду". Говр йигнарш Iовдал бу аьллера цо санкцешкахь йолу говр лачкъорна, хIилла долуш бу а бохура, уьш гучу ца бовларна.

Крабчице

Ши бутт баьлча Кадыровс тIелецира, Зазу шен омраца лачкъийна аьлла – цо бахарехь, украинхойн лерринчу сервисийн гIоьнца.

"Шо долалуш украинхойн лерринчу сервисийн белхахой соьца зIене бевлира кхечу нахехула – Зазу эцар хьийхира цара суна. Царна хаьара, мел чIогIа хьоме йу суна и говр – дера со реза-м хилира… Лерринчу сервисийн вуно чIогIа план йара – цара иза Чехерчу полисхошца барт бина, божал чуьра лачкъийра", – йаздира Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен телеграмерчу каналехь.

Оцу балханна СБУ-н белхахоша шегара 18 эзар доллар дийхира, боху политика, тIакха и ахча "хIумма йоцу хIума" хийтира цунна. Амма говр Соьлжа-ГIала йухайерзочу дийнахь Кадыровн версии хийцайелира – хIинца цо боху, шен наха лур ду аьллла ахча дIа ца делла. Бу боху украинхойн лерринчу сервисийн белхахоша "шайн йукъаметтигаш къасточу йукъанна" кадыровхоша "дIайигира говр", аьлла Кадыровс.

Украинан Кхерамазаллин сервисо Кавказ.Реалиин редакцино дахьийтинчу хаттаршна жоьпаш ца делира. Чехерчу полицехь Кадыровн дIахьедаршна комментари ца йо. Цигахь тIечIагIдира, говр лачкъор кхин дIа толлуш ду аьлла. Mladá fronta DNES Чехерчу гIирсо бевзаш боцчу гIирсашна тIетевжаш бахарехь, Нохчийчоьнан куьйгалхочо тIедиллар динчу наха йигна говр бохуруг коьрта версии хета талламхошна.

2022-чу шеран дечкен-баттахь Чехера Крабчице эвларчу божалера Зазу а, Кадыровн важа говр Глинки Михаил лачкъо гIертар тоьшалла лерира и динарг Оьрсийчуьра хилла хиларна. ХIетахь Чехерчу зорбанаша йаздора, оьрсийн мотт буьйцу ши стаг гIоьртира Польшера говр дIайига, амма божалан долахочо ца магийра.

МаьIна доцу къола

Говраш лелорах лаьцна йолчу Jezdci портало бахарехь, немцойн Ферхоф (Fährhof) заводехь арайаьккхина Зазу. Кадыровс иза эцале бархI пачхьалкхехь къийсамашкахь хилла иза: йерриг а 36 къовсамах чекхйаьлла, царах исс къовсамехь толам боккхуш, долахошна 1,2 млн доллар ахча доккхуш.

ГIирмина аннексии а йина, Донбассехь тIом болабелча оьрсийн политикашна дуьхьал, шайлахь Кадыров а волуш, персоналан санкцеш йехира. Цундела 2014 шеран аьхка дуьйна Кадыровн долахь йолу пхи говр Чехера арайаьккхина йацара.

Чехерчу божал чохь йу Зазу говр, 2012 шо

"Уьш латторна, царна тIехь Iуналла дарна а дойъу ахчийн барам мел хир бу ойла йан тарло. Финансийн министралло сацам бина, божалан рогIера болх сацор бац, амма оцу гIуллакхо доккху ахча царна Iуналла дан хьажор ду, иштта уьш ларйан а", - дIахьедира 2015-чу шарахь Чехин финансийн министралло.

Говрашна санкцеш тоьхна кхо шо даьлча Кадыров гIоьртира уьш царна тIера дIайаха, амма аьтто ца хилира цуьнан. ХIетахь оцу акхаройн тренер волчу Шавуев Аслангирейс дийцира Hlidacipes.org гIирсе, Кадыровн йерриг говранийн мах 6 млн доллар бу аьлла. Амма цо билгалдаьккхира, говрийн спортан карьеран тоьлла хан чекхйаьлла, санкцеш тоьхна уьш латточу йукъанна къанйелла говраш, бохура.

Харц кехаташ даьхна говр дIайига аьтто бу, амма Зазу вай йийцича, цигахь и дан маьIна дац, хIунда аьлча иза тоъал къена говр йу, йа кхин башха йевзаш а йац, дIахьедира Кавказ.Реалии сайтана йеллачу комментарехь Оьрсийчоьнан говран идаршкахула волчу тренера, ГIебарта-Балкхаройчохь вевзаш волчу говраш лелорхочо Яганов ИбрахIима.

Зазун мах 10 млн доллар бу бохург а ду беламе. Цхьа а тIех сов мах болуш йац иза

"Тахана Оьрсийчохь а аьтто бу йуккъерчу йевзаш йолчу говрийн орала (семя) эца, ур-атталла гIарйаьлла йолчу советийн Саянан а (СССР-н совгIатан толамхо. – Ред. билг.). Масех эзар доллар хир бу цуьнан мах, - билгалдоккху эксперта. – Масала, стеган ишта таронаш йалахь, цуьнан аьтто бу цIена цIий долу уьдуш йолу говр кхио".

Кадыровс 18 эзар долларх шена масех доза хадош говр схьайалийна бохуш дIахьедарш дар иза хабарш бен дац элира Ягановс – цунна хетарехь, цхьа а гIоьртара вац оцу ахчах и хIума дан. Масийттаза сов ахча деза и чекхдаккха.

"Зазун мах 10 млн доллар бу бохург а ду беламе. Цхьа а тIех сов мах болуш йац иза", - чекхдаьккхина говраш лелочо.

Цунна хетарехь, шен говр лачкъор Кадыровна шен сий айъа, пиар лелон а оьшуш хилла – и дан ахча кхоор дацара цо.

Иштта ойла йу нохчийн бакъоларйархочун Янгулбаев Абубакаран. Цунна хетарехь, политико и хаам лелийна, ша-шех дозаллаш дархьама – шен нах дIа ца тоссу, ур-атталла говраш а, бохучу маьIница. Кхечу агIор оцу кепара цо украинхойн леррина сервисаш "йемалйо".

"Кхетамчохь волчу муьлххачу стагана гуш ду и гIурт хилар. Чехи мичахь йу, Украина мичахь йу? Боьдуш тIом болуш, оцу жимачу ахчах оцу историна йукъахь дакъалацар стенна оьшу Украинан кхерамазаллин сервисна? Кадыровс бохург бакъ делахь, Оьрсийчоьнан ФСБ-но цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх даккха деза", - кхетадо бакъоларйархочо.

Янгулбаевс бахарехь, Кадыровна бен дац, муха хир бу хаамаш, мел Iовдал гуш хир ду цо дуьйцург а – цунна коьртаниг ду, зорбанаша шех лаьцна йаздар. Говр схьайалош Нохчийчоьнан куьйгалхочо Чехерчу векалшца барт бина бохучух ца теша Янгулбаев – цунна хетарехь, царна йукъахь барт беш нах хилла.

Ша хIинца Оьрсийчохь болх беш виссарна шен цIе ца йаккхар дехна волчу оьрсийн федералан политолога Кавказ.Реалиин редакцица динчу къамелехь дуьстира Кадыровн социалан машанашкахь лелар ЧВК "Вагнеран" куьйгалхочун Пригожин Евгенийн леларан кепаца.

"Зазух лаьцна дIахьедарш – уьш ма-йарра политикан кринж йу. Рамзан Ахматович оцу хьокъехь Пригожинца къовсамехь ву. Цо эвхьаза йазйинчу тексто шеконаш ца йуьту, Украинин лерринчу сервисашца цхьанна кепара цуьнан барт хилла цахиларх. Хетарехь, пенсехь йолу говр кхечу низамехь йоцучу кепара схьайалийна хила тарло, амма шена тIе санкцеш йехкина йолу Малбузе беламе гайтархьама цо ишта туьйра долийна", - тешна ву къамел дийриг.

Говрийн ницкъ

2015-чу шарахь Кадыровн говрийн тренер волчу Шавуев Аслангирейс дийцира Радио Свободе, Чехехь латтош йолчу хьаькамийн акхаройх лаьцна. Цо бахарехь, Кадырон шен говраш тIех сов дукха йезарна, цо уьш дIа ца йухкура.

Башхачу тайпах йолчу говрана тIехь тидам латтор, цара доккхучу ахчал сов даьхний дезаш хуьлу, аьлла къера хилира хIетахь Шавуев. Нохчийчоьнан куьйгалхочун Чехерчу божал чуьра йиъ говран мехаш 15 тIера 140 эзаре кхачалц бу элира цо, амма пхоьалгIачу говран – Зазун – мах ца хьахийра, "даккхийра ахча доьхуш йу" аьлла дIадерзийра.

Кадыров Рамзан ву Москварчу централан импподромехь президентан цIарх долчу совгIатна леринчу къийсамашкахь, 2009 шо

Амма чехийн 420on.cz сайто Кадыровн пхеа говрийн мах 6 млн доллар бу элира – муьлхачу хаамаш тIехь дина ду журналисташа и зераш, хууш дац. Шавуевс бахарехь, говраш лелорна 3 тIера 4 эзар евро кхачалц ахча долура.

2018 шарахь оьрсийн Transparency International дакъо курхаллина дуьхьал баьккхина таллам арахийцира "Кони в миллионах" цIарца. Цигахь чIагIдора, Нохчийчоьнан куьйгалхочун долахь мел кIезга а 128 беза мехаш болу говраш йу. Цара Оьрсийчуьра, Францера, Чехера, Германера, Iарбойн Эмираташкара къийсамашкахь дакъа лецна бохура, Кадыровна деа шарахь 100 млн герга харж йоккхуш – иза ду политико оцу хеначохь деклараци йинчу ахчанел кхузза сов. Талламехь ца дуьйцура говраш лелош, йа кховсамашкахь дакъа лоцуш дойъу ахча.

Transparency International-о Оьрсийчоьнан президентан курхаллин хаттаркахула йолчу урхалле хеттарш дахьийтира. Амма Кремлана низам дохор ца гира цигахь.

Кадыровн хIора шарерчу декларацешкахь говрийн къийсамех даьлла ахча дац хьехош

ТIаьххьарчу шерашкахь толамаш даьхна кхаьчначу ахчийн барам лахбелира. Говрийн къовсамех лаьцна дуьйцучу немцойн Turf-times порталан хаамашца, 2019-2020 шерашкахь Кадыровн говраша Дубайхь кхаа къовсамехь дакъа лецира, 236, 182, 29 эзар евро ахчаш дохуш.

Кадыровс хIетахь дийцира журналисташка, Кадыровн спортан интерес къаьсттина Эмираташкахь йу, амма цигахь вуно йовха йеана аьхке хиларна, къовсамаш Чехехь дIабахьа сацам бинера. Пачхьалкх ша хьаькамо хаьржира, амма цунна кхин а элите Германера, Францера а божалш хьийхира. 2021 шарахь Blood Horse зорбано йаздира, Эмиратийн говрийн къийсамашкахула йолчу администрацино сацийна Кадыровн говранийн тренеран лицензии – Америко кхайкхийначу санкцеш бахьанехь.

2014 шарахь Германерчу къийсамийн вовшахтохархой дуьхьал хилира 2 эзар евро долахочунна дIакхачо, ГIирмина аннексии йарна йолийначу санкцеш бахьанехь. Кхин а шо даьлча Кадыровна дихкира шен говрех ахча даккха а, уьш дIасайига а – уьш Чехехь йиссира, шаьш даьккхина ахча уьш лелорна а хьежош.

Йаьлла меттиг ца бевза

Хьаькаман долахь говраш хилар – иза низамаш хедор ду, амма Кадыровца дерг дийцича, уьш кхабарна дойъу ахча цуьнан официалера ахчал сов долура. Цул сов, Кадыровн хIора шарерчу декларацешкахь говрийн къийсамех даьлла ахча хьехош дац – иза а ду низам хедор, тидам бо Кавказ.Реалиин корреспондентаца хиллачу къамелехь курхаллина дуьхьал волчу юристо Машанов Григорийс.

"Кадыровс ма-баххара, 10 млн сом доьху говр цунна мичара йаьлла вайна ца хаьа. Цхьамма йелла хила а тарло иза. Амма иштта деза совгIат, иза цуьнан белхан декхаршца йеллехь, хьаькам декхаре ву иза дIа а делла, тIаккха цунах богIу мах а белла, иза йуханехьа эца, – кхетадо эксперта. – Амма хьаькамо дIахьедан тарло, и совгIат шен даржаца доьзна доцуш йелла аьлла".

Украинан лерринчу сервисашца барт бина бохург – иза забар хета Машановна.

"Хетарехь, оцу кепара Кадыровс The Washington Post зорбанан арахецарна жоп делла – хьалхо цара ЧВК "Вагнеран" долахо Пригожин Евгений украинхойн лерринчу сервисашца воьзна ву бохура", - дерзийна курхаллина дуьхьал волчу юриста.

***

2017-чу шеран гIуран-баттахь Американ финансийн министралло Нохчийчоьнан куьйгалхо ваьккхира санкцийн "Магнитскийн тептаре". Урхалло цунна тIехь дитира кхел йоцуш нах байъарх, Iазапаш хьегийтарх, дуьненан юкъаралло тIеэцна кхин йолу адамийн бакъонаш хьешарх а жоьпалла. Кадыровн доьзална дуьхьал йуха а санкцеш йехира 2022 шарахь, Украинерчу тIамехь дакъа лацарна.

Оьрсийчоь шуьйрачу тIамца Украине чугIоьртинчу тIаьхьа Кадыровх уггар а коьрта тIеман пропагандист хилира,регионан урхалхочо кест-кеста дIахьедо йолахой тIамтIе хьийсорах, кхерамаш туьйсу президентана Зеленский Владимирна. Цул совнах, Оьрсийчоьно зарратан герзах пайдаэца тардаларх а хьахийра цо.

Оьрсийчоьнан бахархошна а, компанешна а дуьхьал рогIера санкцеш йохуш Украинан президенто Зеленский Владимира омрана куьйг йаздина. Тептарехь нисйелла Нохчийчоьнан урхалхочун 18 шо долу йоI Кадырова Табарик а. Муьлха тIаьхьалонаш йита мега оцу санкцеша Кадыровн доьзална, теллира Кавказ.Реалиин сайто.