Мехкан куьйгалхоша бинчу сацамца, хIора шарахь кху оханан беттан 25 –чу дийнахь базбеш бу Нохчийчохь ненан мотт. Цу денна лерина кхоьллина ю вовшахтохаран комитет, коьртехь мехден а, Пачхьалкхан цIийнан а администрацин хьаькаман гIоьнча Дулаева Хадижат а йолуш.
ВорхI шо хьалха а дуьйна билгалдоккхуш ду махкхахь нохчийн меттан де. Даима а санна, цу дийнан лерамна дIаехьна дешархошлахь мотт хаар зуьйш олимпиада а, жарганийн ярмаркаш а,тайп-тайпана къийсадаларш а.
Цул сов, байначу зазана баттахь дуьйна хаддаза дIадехьна мехкан массо тIегIан доьшийлашкахь яздархошца а, Iилманчашца а, журналисташца а, оьздаллин министараллин белхошца а нохчийн меттан хьокъехь цхьаьнакхетарш.
Официалан гIар ма даккхара,кхидерг доцуш кху охана беттан 25-чу дийнахь пачхьалкхан тIегIанахь даздинчу хьелашкахь совгIаташ дийр долуш ду хьехархошна а, яздархошна а. нохчийн матте шовкъ-марзо кхуллуш къахьоьгуш болчу кхечу кхоллараллин белхошна а.
Нохчийн меттан де Пачхьалкхан уггар дезчех цхьа де ду аьлла, дIахьедар дина парламентан хьаькамо Абдурахманов Дукхвахас а. Цо кхеторехь ненан мотт кхетош-кхиоран гIирс хиларал сов, иза къоман шатайпаналлин бух бу.
Нохчийн мотт базбан леррина кхоьллинчу комитетан цхьана декъашхочо дийцарехь кесталгIа юьхьарлаца тарлуш дум ассо яртийн. урамийн цIерш нохчийн маттахь яздара а, нохчийн матте болх байтарна тIехьажийна кхитайпа гIулчаш яхар а.
Нохчийн юкъараллехь матте болу жим-жима дикачу агIор хийцалуш хетта шена элира зIенехула махкахь дика вевзачу меттан говзанчо,байтанчо Яралиев Юсупа а.
Яралиев Юсуп: "Кечамаш чIога беш бу. Формално а доцуш, хьалхачул а алсам тIебоьрзуш бу хьуна тахана.ТIемаша тхузбина кегийрхой деша аьтто хилла а мА бац. Цаьрга бехкаш даха сихдала ма ца оьшу. Iамор а бу, буьйцур а бу даламукъалахь нохчийн мотт.
Воьдуш -вогIуш дуьхьалкхеттачу кегийрхоша тIекаренаш мел дика лелайо хаьий хьуна? Хьалха дацара хьуна ишта. Шаьш нохчий бу а бохуш дукха нах мА бу нохчийн мотт ца хууш, дерриг аьзнаш ала а ца хууш.
Шайгахь долу хьал гучудаларна кхоьруш, юьхьIаьржа хIуьттуш нах а мА бу. Хьалха дозалла деш хаалора цхьаберш нохчийн мотт цахаарна. ХIинца ишта дозалла дийраш бан мА бац. Ша хIумма а йоций ма хаьа стагана шен мотт хууш ца хилча, шен къоман мотт хууш ца хилча».
Соьца къамел динчу Яралиев Юсупа санна дуккха а бахархоша къаро йо кхушара къаьсттина хьасартне кечамаш беш къехьегна нохчийн мотт базбарна тIехьажийна.