Your browser doesn’t support HTML5
Кху деношкахь Шелан кIоштахь меттигера цхьа яхархо хьокъехь таллам болийна меттигерчу прокуратуро. Иза бехке еш ю шен мера кхо бер етташ хьийзорна. Талламо хIинцале къастийна царна тIехь цо къизалла лелийна хилар. И бахьана долуш и 28 шо долу зуда "Iазап дар" олучучу артиклца жоьпе озор йолуш ю.
Базаева Липхана куьйгалла дон "Зударий кхиорехьа» юкъаралла ю иштта долу гIуллакхаш, девне а ца довлуьйтуш, машарца дерзо гIерташ болх беш. Наггахь шайн гIуллакх хуьлу боху цо барт бан я кхето, амма тIаьхьарчу хенахь цо а билгалдоккху и болх халчу баьлла хилар.
Дуккха а бахьанаш ду цунна, элира Базаевас: "Вайн юкъаралла хийцаелла. Цхьана низама тIехь лаьтташ дац вай. Вайн Iадаташ ду, тIаккха бусалба дин ду, Оьрсийчоьнан низамаш а ду. Муьлхха низам а лара деза аьлла билгалдаьккхина хIумма а дац. Делахь а, и низамаш цхьатерра лара йиш яра, нехан кхетам хилча. Хьажал хьо, хьалха санна марненах оцу берашка нийса доцуш дIахьажа а ца яьхьаш хила езара и нус. Иза ду вайн нохчийн хаза гIиллакхаш галдовлар. Цундела вай адамийн кхетамца болх бан беза".
Нохчийн къомо ширачу заманара дуьйна схьадеана ламасташ, эхь-бехк ларар дIадаьлла. Цул сов, тахана къона наной, зударий берш оцу тIемашкахь хьалакхиина бу, шайн дахарехь вониг бен гина а боцуш, боху Базаевас.
Оьрсийчохь цхьанхьа гIара-тата иккхича а, нахана юкъахь паргIата вахийта сихонца реабилитаци йо олий, муьлхачу стеган дог хьосту, ткъа, ши тIом лайначу нохчех хуьлург бен дац.
Базаевас дуьйцу: "Психосоциалан нийса ориентир йоцу нах бу уьш. Уьш Iамо безаш бу. Хьалха вайн адамаш шайн цхьа юкъаметтиг йолуш, да а, нана а, йиш-ваша а долуш, цара хьехар ца дича, гергарчара а хьехам а беш хьалакхуьура. ХIинца ша вериге а шен-шен чохь ву. Херо йоьлла юкъа. Телефонаш туху наггахь. Хьошалг1а ца боьлху, мовладе ца боьлху, синкъераме ца боьлху. Шайна ма-хетта, шайна ца хааре хьаьжжина беха уьш. Мегаш доцург а, мегарг а къасто ца хаьа. Иза ду бохаме дерг".
Нохчийн доьзалшкахь берашна тохар, уьш човхор цхьа дIоггара кIоршаме хIума ца хета тахана.
3 беран да волчу Соьлж-ГIалин вахархо Хаджимурадов Адамна хетарехь, беран жималлехь етташ хилча, цуьнан оьгIазло бер доккха хилча хаало кIоршамечу тIаьхьалонашца: "Бер бер ма ду. Кхера а дой, акха а доккхий, ша хIун леладо а ца хууш, тIаккха ша онда даьлча, оцу беро цхьа доьхнарг леладо".
Лакхохьа вай хьахийна берашна тIехь къизалла лелор дуьххьара хуьлуш дац Нохчийчохь. Дуккха а ю и тайпа меттигаш. Амма хIокху хиламан башхалла ю. Шен керлачу несана айкхаяьлларг марнана ю.
Цо, кхин шен тIетовжа меттиг боцуш, Iедале гIодехна хилла кIентан бераш даръеллачу дестечух лардахьара аьлла. И гIуллакх нохчашна юкъахь экаме хилар тидаме а оьцуш, прокуратуро баржийначу шен хаамехь цIерашца билгал ца баьхна цу гIуллакхан декъашхой.