Your browser doesn’t support HTML5
Рамазан олучу мархийн беттан базаллах а, иза кхабарх а лаьцна дийцахьара аьлла дийхира оха Iелим стаге Шисудинов ШахIрудди-хьаьжега.
ШахIрудди-хьаьжа: -Мархийн бутт, Рамадан бутт массо а кепара? дешначу наха бахарехь, Дала шен къинхетам сов боккхуш, Дала Пайхамарна (с.а.в.) совгIатана, Пайхамаран умматана белла бутт бу аьлла билгалбаьккхина бу. Пайхамар шена дукхавезарна. Иза совгIат ду Дала шен къинхетам сав боккхун дела. Къаьсттина кху Мархийн баттахь Дала геч дар совдоккху. Делан къинхетам барна гергадоьду адам.
Рамазан бутт эзар баттал а базбина болун дела Iелим наха кхаа декъе бекъна буьйцу иза бохуш кхин дIа а дуьйцу ШахIруддин -хьажас.
ШахIрудди-хьаьжа: -ХIара бутт, вайна ма хаъара, эзар баттал а, хIара (Рамадан) базбина хиларе терра, хIокху баттах кхо дакъа дина Iелим наха. Хьадисашна тIехь дийцарехь, кхаа декъе бекъна бу хIара. Дуьххьарлера мархийн итт де, Делан къинхетам тIебуссу денош ду. Кхин а 10 де Дала геч деш долу денош ду. Ткъа дисина итт де ду жоьжагIатах адам хьалха дуьтуш. Дала шен къинхетам тIебоуьйтуш бутт бу хIара. Дала вайна дина доккха совгIат ду хIара.
Мархин бутт тIебаре хьожуш хуьлу бусулба нах. Марханаш кхобу цхьа шатайпа кху дахаре хьажар а хуьлу адаман боху ШахIрудди хьажас.
ШахIрудди-хьаьжа: -Цхьа паргIат хуьлу-кх вай кхечу 11 баттахь хуьлучул а. Мархийн баттахь мелла а синпаргIат хуьлу (адам). Iамал сов ян лууш а хуьлу адам. Делаца йолу марзо алсам йолу. Вай хIокху баттахь Деле гечдар деха деза ду. КъинтIера довла деза вай, нагахь цхьа вассанаш хиллехь. Мелла а Умматана доIа деш хила а деза вай кху баттахь.