Дуьненчохь мехкадаьтта дохкар „хьераяьллачу чехкаллийца“ алсам долуш ду аьлла яздина Дуьненан энергетикан агенталло ша кхаари дийнахь зорбане яьккхинчу рапортехь. Нагахь санна Брент олучу мехкадаьттин тайпах шо хьалха цхьана баррел 100 сов доллар доьхуш хиллехь, карарчу хенахь цуьнан мах 40 евро бен бац, аьлча а шозза сов дайделла иза цу юкъана.
Коьртачу декъехь иза доьзна ду, дуьненчохь мехкадаьтта доккхучу пачхьалкхаша шаьш иза дохка даккхаран барамаш, мехаш лахлуш бар аьлла ца Iаш, кхин дIа а алсам бохуш хиларца. Хууш ма-хиллара, махлелоран низамашца, цхьа сурсат духкурш базарахь алсам бевлча, цара юхкучу продукцин мах, лаахь а, ца лаахь а, охьабаккха безаш хуьлу, конкуренци лекха хилар бахьана долуш. Изза ду мехкадаьттица дерг а.
Кху шеран шозлагIчу кварталехь, Дуьненан энергетикан агенталлин рапортехь билгалдаьккхина ма-хиллара, хIинцале а рекорде 3 миллион барелл дийнахь мехкадаьтта ду доккхуш – 1998-чу шарахь дуьйна цкъа а ца хилла лакхара барам бу иза. Иза иштта даханчу шарахь дийнахь юкъарчу хьесапехь доккхуш хиллачул 2 миллион барелл сов а ду.
Дуьненан энергетикан агенталлин сайта тIехь зорбане даьккхинчу йозанехь билгалдаьккхина ма-хиллара, хIинцале а даккха а даьккхина, резервехь латточу цу шех „Iаьржа деши“ олучу сурсатан шорталла дукха хиларна, тIедогIучу 2016-чу шарахь а дайлуш схьадогIур ду цуьнан мехаш.
Цуьнца цхьаьна шинари дийнахь Дуьненаюкъарчу банко динчу дIахьедарца, там бу тIедогIучу шарахь мехкадаьттин мах 10 доллар баррелах доьхуче охьабала. Иза Малхбузено ГIажарийчоьнна дуьхьал яьхна хилла йолу санкцеш юхаяхарца доьзна хир ду, хIунда аьлча 20I6-чу шарахь дуьйна цу уггаре а дукха мехкадаьтта доккху пачхьалкхашна юккъехь мехала меттиг дIалоцучу махко шен сурсат дуьненан йохк-эцаре даккхаро, шеко а йоцуш, кхин дIа а мехкадаьттин мехаш дегор ду. Нагахь санна хьал ду тIе далахь, Оьрсийчоьнан экономикна хуьлуш долу зенаш 34 миллиард долларе кхочур ду, Дуьненаюкъарчу банко динчу дагардаршца.
И дагардарш ларамаза дац, ткъа дуьненчохь мехкадаьттин мехаш лестар политикца алсамох доьзна ду, экономикийца чул аьлла хеташ ву Европерчу стратегикаллин талламийн Iилман белхахо, политолог Асхабов Хьамзат. Цунна хетарехь, цу мехийн дегадарийн Iалашонех цхьаъ Кремлан куьйгалла холчу хIоттор а, Оьрсийчоьнан бахархошкахь Путинан режимана резадацар алсамдаккхар а ю.
Асхабов Хьамзат: "Дохка хьажийначу мехкадаьттан барамаш цкъа а ца хиллачу бевллехь, иштта цкъа а ца хиллачу кепара рекорде ду дуьненчохь мехкадаьтта эцар а, цунах пайда бар а бохуш яздо Дуьненан энергетикан агенталло шен рапортехь кхин дIа а. Цуо иштта шайхаллаш до, карара шо чекхдалале даима дагочул I, 6 миллион баррел дийнахь юкъарчу хьесапехь дагийна хир ду дуьненчохь мехкадаьтта бохуш. Дустархьама хьахийча, даханчу шарахь мехкадаьтта дуьненчохь дайъар алсамдалар миллион барреле дийнахь а ца кхочура.
Амма мел дукха мехкадаьтта дайъахь а гергарчу заманчохь цуьнан къелла хир яц. ХIунда аьлча, карара шо чекхдалале ГIажарийчоьно шен мехкадаьтта даккхаран барамаш Малхбузенан санкцеш юккъеяхале хиллачу терахье кхачор йолуш ю. Ткъа и бохург ду, Дуьненаюкъарчу банко шен шинари дийнарчу рапортехь яздина ма-хиллара, цу махкара сурсато дуьненчохь кхин цкъа а мехкадаьттин мехаш мел кIезга а кхин I4 процентана охьадохур ду бохург.
Цу юкъана мехкадаьттин мехаш сел чехка лахлуш хиларбахьана долуш шен рогIера доцучу цхьаьнакхетаре гулйала мегаш ю ОПЕК шех доцца олуш йолу, мехкадаьтта доккхучу а, духкучу а пачхьалкхийн юкъаралла. И дIахьедар Алжиран энергетикан минитср волчу Хебри Салаха дина кху деношкахь. ГIура беттан деалгIачохь хила езаш йолу ОПЕКан рогIера конференци мехкадаьттин мехашца хIоттаделла хьал бахьана долуш хенал хьалха кесталгIа вовшахтоха мегаш ю элира цуо Bloomberg.
Ала догIу, кхаари дийнахь Лондонерчу биржехь тоьллачу Брент олучу мехкадаьттин тайпах 49 доллар 6I цент бен луш ца хилар.