Your browser doesn’t support HTML5
Оьсрйичоьнна кхайкхина йолу сурсатийн санкцеш Къилбаседа Кавказехь башха хаалуш яц. Кхузахь юург-мерг чIогIа леррина лелош Iедал ду. Нохчийчохь уггаре а марсбаьлла тIом боьдучу хенахь а, стоьлан тIера жижиг дIа ца хаьдда нехан. Керташкара схьаоьцу рицкъ а тоам а беш хене бевлла республикера бахархой. Тахханалц хилла гIуллакх ду иза.
Тахана иза хийцадала доладелла. Кхачан юкъахь цIахь йинчу компотан меттана мичахь дина ца хуу мутт хуьлу, морзан тIехь ботту хьокхум хийцина дегIан дика йоцучу совсургана тIехь дечу бепиган. Бошмашкахь стоьмаш кхиор а дитина дукхачу хьолахь. Ткъа базаршкахь эцна стом наггахь а бен ца хуьлу чам болуш. Дукха сурсаташ чудохьуш ду.
20 сов шо хьалха Нохчийчоь яра ерриг а Кавказан иза латтийнарг, хIинца и хан хийцаелла, аьлла халахетарца билгалдоккху Соьлж-ГIалара вахархочо Такаев Илисхана: «Цхьа зама яра иза. Оцу базарна тIера каналана тIекхаччалц дIахIиттина «Икарусаш» яра. Воронежера, Ростохара, Белгородера, Ставрополера, массо маьIIера нах богIий, Петропавловскерчу базарахь, шайна оьшург а оьций, дIабоьлхура. ХIинца-м Китайра хIун ю ца хуург ю ша мел ерг юхкуш».
Iамеркера котамийн «Бушан» олу гIогIаш тахана а ду муьлххачу а туьканахь духкуш. Китайра саьрамсекх бист кхаччалц сурсат карор ду тахана Нохчийчурчу базаршкахь. ТIаьхьарчу 10-15 шо пачхьалкхехь заводаш, фабрикаш еш яц. Цундела кхечанхьара чудохьуш ду рицкъ, аьлла хета цунна.
Оьрсийчоьнехула дукха дIасалела Такаев. Шена гуш долу сурт ирча ду бохуш дуьйцу цо: «Импорт хийца тахана Оьрсийчоьнан ницкъ бац. Тверан а, Москохан а кIошташкахь машенахь го боккхуш тидам бина ас. Яьрташкахь колхозаш а, совхозаш а дIатийсина ю. Цхьа а адам дехаш дац, я болх беш дац йигахь».
Кху материале ладугIучо ала тарло, муха дац вайн цIахь сурсаташ аьлла. Соьлж-ГIалан йистехь яьккхий бошмаш а, теплицаш а ю бизнесхочуьнан Арсамаков Абубакаран холдинго йина. Иштта Пригородный юьртана йистехь а ю яьккхий теплицаш. Иза бакъ ду. Амма цигара а, цигара а схьа мел йолург кхечу мехкашка дIакхьоьхьуш ю.