"Ас хьаха хоттур дара Путине..."

Оьрсийчоь-- Видео скринехь гуш ву хIора шарахь Москох ша дIахьочу зорбанан конференцехь вистхуьлуш волу Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир, ГIура-бутт 14, 2017

Your browser doesn’t support HTML5

"Ас хьаха хоттур дара Путине..."

Путинан пресс-конференци даима санна дика хинйолчу кханенах яра. ХIинца-хIинца дикане дIакхочур ду бохуш, ша кху 18 шарахь баьхнарг карладоккхуш массийта сахьтехь дIадаьхьира цо журналисташца шен цхьаьнакхетар.

Нохчийчуьра цига дакъалаца бахана бара масех газетан а, Iедалан зорбан-сервисийн а куьйгалхо а. Амма цуьнга юьхь-дуьххьал, баккъал а сагатдойтучух хаттар лур долуш дуккха а нах бисна цIахь. Уьш цкъа а кхочур бац цигара микрофона хьалха. Цундела, аша хIун хоттур дара аьлла, цаьрга шайна хетарг ала аьтто ло "Маршо" радионо.

Грозненски кIоштахь шен даьхни лелочу Автурханов Лемас иштта хаттар лур дара ша бохура: "Ас хоттур дара цуьнга, нехан ахча лечкъочуьра маца совцур бу олигархаш? Белхан меттигашца къоьлла дIа маца ер ю? 18 шо ду иза Iедалан коьртехь волу. Суна, цуьнга кхин хIума далур ду аьлла ца хета, динчул сов. ТIехула тIе кхин галдаьлларг бен нислуш а дац, аьлла хета суна-м".

Адвокатан Касумов Султанан сагатдойтург ду пачхьалкхехь кхиэлаш йозуш цахилар.

Цуьнах дерг хоттур дара ша боху цо Конституцин гаранте Путин Владимире: "Суна цуьнга хатта луург дара кхиэл йозуш а йоцуш, иза йозуш цахилар. Атта хир дара тIаккха. Оцу кхиэлаца доьзна дукха хIума ду: демократи а, кхидерг а. И кхиэлаш вай яста ца ястахь, кху чохь хIумма а хир дац. Иза ша гарант ву Конституцин. И кхиэлаш Iедалех йозуш цахилар лаьара суна".

Хасав-Юьртара нохчичун Тагиров Мурадан иштта хир дара Оьрсийчоьнан президенте Путине хаттар: "Путине хаттар дан аьтто хилча, ас цхьа хIума дара цуьнга хоттур дерг: исторехь а, дахарехь а Израилехь дерг хууш хилча, цхьа агIо а лаьцна цуьнах дош хIунда ца олу аьлла. Мухха а дийцича, Оьрсийчоьнан Кавказ юкъахь йоцуш дахар хир долуш а дац, хуьлуш долу гIо цунна Кавказера бен хир долуш а дац".

Вевзачу яздархочо-историка Ибрагимов Ризвана Нохчийчуьра мел волчу къано тIетовр волу хаттар ду дала.

Иза доьзна ду пенсеш шайна хьакъдерш хIоттош ца хиларх: "Кхузахь хан а кхаьчна песни доккхучу хенахь, хьалха ахь бинчу балхара алапан справка йоьху. ТIамо архиваш йохийна и справка яьккха аьтто ца хуьлу. ТIаккха, къанваллалц къахьегначу стагана уггаре а лахара пенси хIоттадо. И архиваш йохийна адамийн бехк ца хилча, и справкаш йоьхуш адамаш хIунда хьийзадо? Iедало ша хIунда къаста хIунда ца до?"

Журналистан Садулаев Мусан а кийча дара Путине хатта. Цунна чIогIа жоп хаза лаьара шена боху цо: "Сайн аьтто хилча, ас Путине хоттур дара: ХIинцалца ахь хьо коьртехь волуш хьалкъана ца бина аьттонаш, хIинца хьо паччахь веъча, ахь хIун аьттонаш бийр бу?"

Цхьанна а ца гуш, юьхьдуьххьал Путинца нисвелча дуккха хаттарш хира дара шен боху Итон-Кхаьллан кIоштара вахархочунна Ильясов Абус: "Суна-м ца хаьа, сан-м дац цуьнга дийца а, хатта а. Цуьнца юьхдуьххьал дIахIотта йиш хилча, ас цуьнга боьха мотт дIабуьйцур бара".

Нохчийн совдегархочо Азимов ИбраьхIиман ша санна болчу нахана паргIато маца хир ю, аьлла дара шен боху Путине хаттар: "Шен болх беш волу стаг, Оьрсийчоьнан низамашца болх бан маца вуьтур вара? И гIуллакх дан а, Iан а, ваха а маца дуьтур ду? И хаттар дара-кх сан цуьнга. ХIара дуьне цкъа бен дууш дацара, чомахь даа вуьтур варий аьлла".

Ахь хIун хаттар лур дара Оьрсийчоьнан президенте шега аьлча, Соьлж-ГIалахь таксист волчу Шахгиреев Iелас, жимма а ойла а ца еш, иштта элира: "Ас хIотту дерг дара: тхоьгара хIун даьлла? Оха хIун динера? Цкъачунна иза дара-кх цуьнга хатта".

Иштта хаттарш лур долу нах кIеззиг бац Нохчийчохь. Амма кIеззиг бац хIинца-м Путина ша коьрте юха а хIоттахь, адамийн дахар тадийр ду аьлла баккъал а хетарш а. ХIинца цо алапаш а тIетухур ду, ахча дIахоьцур ду элира цхьа масех де хьалха махкахь вевзачу цхьана артиста. Иза эфирехь алахь аьлча, шу кхечу пачхьалкхан агенташ ду аьлла дIакхайкхийна, ша хIуттур вац элира цо.