Стигалкъекъа-баттахь Францерчу набахтера маьршавер ву Шемарчу тIамехь дакъалаьцна ву аьлла, хан тоьхна хилла Нохчийчуьра вахархо О. Зелимха. Цул тIаьхьа Оьрсийчу депортаци йийр йолуш ю цунна, хIинцале цуьнца а, цуьнан гергарчаьрца а бала болуш хьийза нохчийн полисхой. Францхойн бакъоларйархоша тIедожийна кегийчу къаьмнийн векалш дIа ма ло царна кхерам лаьттачу меттигашка аьалла, делахь а, Зелимханан гIуллакхех хIун хир ду хууш вац цхьа а.
МухIажарийн дахарна кхерам латтахь а, тIаьххьарчу шерашкахь Францино иттаннашкахь Нохчийчуьра бахархошна депортаци йина, иштта мехкан маршонехьа тIемаш бинчарна а, Кадыров Рамзанан рожах сингаттам Iоттабеллачарна а, чIагIдо меттигерчу бакъоларйаран Comité Tchétchénie а, Habitat-Cité а организацийн векалша. Билггал долу оцу мухIажарийн терахь хууш ду: юристийн бIаьргаш тIехIиттина, дIалучу гергарчара дуьйцучийн гIуллакхашна. Царлахь 44 шо долчу О.Зелимханан (цуьнан кхерамзалла ларйеш къайлайаьхьна юьззина цIе) истори а ю.
2005-чу шарера схьа дуьйна Францихь Iаш ду тхо, мухIажарийн статус ю тхан, ткъа "Имарат" кхоьллина 2007-чу шарахь. Цхьаьна ца догIу
Зелимха хан йоккхуш ву францхойн набахти чохь Шемахь Асада Башаран Iедална дуьхьал тIемаш барна таIзар токхуш. Цуьнан хIусамнанас, Кавказ.Реалиин корреспонденто къамел динчу Миланас чIагIдо, шен хIусамда бехке вац, хIунда аьлча, ООН-о террорхойн леринчу цхьана тобанхошлахь цо дакъалаьцна дац, ткъа цуьнгара даьккхинарг Iаткъам бина даьккхина ду. Цо бахарехь, Зелимхана депортаци йан дагахь бу 2023-чу шеран стигалкъекъа-беттан 29-чохь, иза набахтера араваьккхинчул тIаьхьа.
"Францхойн Iедалхошка цхьахйолчу европахойн пачхьалкхан къайлахчу сервисаша хаамбина бохура, 2000-чу шеран юьххьехь "Имарат Кавказан" (Оьрсийчоьно экстремистийн организаци лерина.- Редакцин билгалдаккхар.) куьпахь тIеман Iаморашкахь иза хилла бохуш. 2005-чу шарера схьа дуьйна тхо Францихь дехаш ду, мухIажарийн статус а ю тхан, ткъа "Имарат" кхоьллина 2007-чу шарахь". Цхьаьна ца догIу", - дуьйцу Миланас.
Цо тIечIагIдира, 2013-чу шеран аьхка Маьршачу шемахойн армин (гIаттамхоша эскархой хилларш вовшахтоьхна кхоьллина тоба. -Билгалдаккхар) декъахь Зелимха Шема тIом бан вахарх. 2014-чу шеран бIаьста лазийча, Туркойчу дехьавелира Зелимха. Оцу хенахь дуьйна шина пачхьалкхе дирзира Миланин йахар: Францихь цуьнан нана а, йиша а йара, ткъа Стамбулехь, ВНЖ йаккха таро хилла, цуьнан цIийнда вара. 2015-чу шарахь Туркойчуьра Франци юхайеара иза, амма аэропортерчу паспортан контролехь цуьнга аьллера, туркойн Iедалша чуйуьтуш йац иза аьлла. Меттигерчу гуманитаран гIо латточу "Адаман бакъонаш а, маршо а" фондан (İHH) гIоьнца Миланин аьтто белира Туркойчохь йиса, амма мухIажарш латточу куьпа йигира иза, дукха ца Iаш Франци дIа а йахийтира. Стамбулехь сацахьара бохуш, хIусамнанас дехарш дешшехь, бераш а эцна, цунна тIаьххье дIавахара Зелимха а Франци.
"Францихь тхуна хIусам йелира, статус тIе а чIагIйира. Кхо шо даьккхира оха иштта. 2018-чу шеран аьхка дIавигира иза ницкъахоша, оцу дийнахь меттигерчу массо а газеташ тIехь а, телеканалашкахь а хаамбора, Шемахь тIемаш бинчу террорхойн доьзал лаьцна аьлла", - дийцира Миланас.
КХИН А ХЬАЖА: "Ларлолаш! Нохчий бу!" Францера бакъоларйархочо – депортех лаьцнаЦуьнан цIийнда лаьцна диъ шо даьллачу заманчохь ворхI шо хан туьйхира цунна, Францихь ваха бакъо дIа а йоккхуш. Оцу юкъанна нотариусо мухIар таIийна, Зелимханан хиллачу командираша даийтина кехат а ду, цхьана а экстремистийн тобанхошлахь иза хилла вац аьлла, Миланас бахарехь, Iедалхоша тергал ца дира и документ. ТаIзар динчуьнга хIинцале а дIахаийтина, бIаьста депортацин набахте иза дехьавоккхур ву аьлла, цигара дIа Оьрсийчу дIа а хьажош. Оцу заманчохь Нохчийчуьра къайлахчу сервисийн векалш кест-кеста богIура Зелимхан гергарнаш болчу, цунна депортаци йарх лаьцна хеттарш дан – махкара дIабаха дийзира церан а.
Шен берийн да кIелхьарваккхархьама шен ницкъ мел берг дан лерина ю Милана – адвокат лаьцна цо, францхойн бакъоларйархойн Comité Tchétchénie ассоциацига а, Францерчу нохчийн диаспоре а дехар дина цо, шен хIусамдена депортаци ца йайта хьовсахьара аьлла. Къоман билгалонца дискриминаци ю аьлла хета Миланина, шен доьзалца лелориг.
Профессор вер а, Дижонехь хилларг а
Comité Tchétchénie организацин куьйгалхочо Шодо Паскаля Кавказ.Реалиин корреспондентаца хиллачу къамелехь дIахьедира, Францера Нохчийчоьнан бахархой арабахар миграцихь низам хийцадаларца а, нохчашка йолу дог-ойла хийцайаларца а доьзна ду аьлла. Цунна тIеIаткъам бира, масала, 2020-чу шеран товбеца-баттахь Дижонехь нохчаша къепе йохийча, ткъа гIадужу-баттахь нохчочо Анзоров IабдуллахIа хьехархо Пати Сэмюэль вийча.
"Оцу доллучо а вон лар йитира нохчийн имиджехь. Дижонехь хилларг дицдан а ца кхиънера, цунна тIаьххье профессор вийра, оцу шина хиламо доккха дакъа лоцу. Оьрсийчоьнна а, Францина а юкъахь дIасалелаш кеманаш дац, амма Зеламха дIавала лаам бу Iедалхойн", - аьлла хета Шодона.
Цо бахарехь, францхойн бакъоларйархой ООН-ерчу расин дискриминаци дIайаккха гIертачу Комитете бевлла, кегийчу къаьмнийн векалшна депортаци цайайтар тIедожош. Шодон чIагIо йоллуш дала жоп дацара, Зеламхана депортаци йийр йац аьлла, мел дегайовхо ю аьлла хаьттича, амма цо билгалдаьккхира, Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело тIаьххьарчу мIаьргонехь а сацайайта тарло цунна депортаци йаран процедура аьлла.
КХИН А ХЬАЖА: Мобилизацих уьдурш? Хорватин дозанехь бисина Нохчийчуьра бахархойКъобалйазчу Ичкерин Австрера векална Дунаева Розина хетарехь, 90 процент нохчий дIабалар дуьненаюкъарчу бакъонца догIуш дац – делахь а, тешна ю иза, нохчашна тIехь дуьненаюкъара бакъонаш лелаш йац аьлла. Оьрсийчоь терроризман спонсор ю аьлла, дIакхайкхийнашшехь, низамашна тIехбуьйлу, дIахьедира цо.
"Европахойн пачхьалкхашна могIарера хIума хилла даьлла нохчий Iожаллина хьалхатийсар. И доьзна хиларан дуккха а бахьанаш го суна. Царех цхьаъ ду – Оьрсийчоьнца юкъаметтигаш нохчий бахьана долуш талхо цалаар. Вуьшта аьлча, шалха стандарташ. Оьрсийчоь Украинана тIелетташехь, оцу зуламечу тIаме бахийта мобилизаци а кхайкхийннашехь, европахойн пачхьалкхаша дIалуш бу Оьрсийчоьне, цигара дIа тIаме хьийсор бу уьш. Цкъа а ца эшначу кепара гIо оьшу тахана нохчашна", - элира Дунаевас.
Диспорин векало билгалдоккху, нохчийн бакъонаш цхьана Францихь ца ларйина а ца Iа аьлла. Цунах лаьцна, масала, Австрерчу нохчийн диаспоро кест-кеста дIахьедо меттигерчу юкъаралле дуьхьалонан акцешкахь.
- 2022-чу шеран чиллан-баттахь хууш доцучу бахьанашца велира Францера депорт йина хилла волу 19 шо долу Мурадов Дауд. Цунна дIовш делла бохуш, чIагIдо цуьнан гергарчу наха.
- Францин Iедалша шайна депортаци йечу сацамна Нохчийчуьрчу шина мухIажаро бинчу шина латкъамна жоп делла адамийн бакъонашкахула йолчу Европера кхело. Шина а гIуллакхехь Европан Конвенцин адамна тIехь Iазап лело а, стеган сий дойъуш, цуьнца шога хилар а доьхкуш йолу 3-гIа къепе йохийна хилла аьлла кхело. Оцу хьоле кхачавора латкъам бина шиъ, нагахь санна, Оьрсийчоьне дIалахь.
- 2021-чу шеран аьхка Францера депорт йина волчу Гадаев Мохьмадна кхел йина Нохчийчохь. Низамехь а доцуш герзаш лелорна бехке а вина цхьа шо ахшо хан туьйхира цунна колонехь даккха. Нохчийчуьрчу нуьцкъаллин структурин белхалоша шена тIехь таIзар дича Гадаевс шена бакъоларъярхоша хьажийна адвокат тIе ца лецира.