Нохчийн къомах болу дуьххьарлера векалш гучубевлира Германехь а, Францехь а Хьалхара Дуьненан тIом болабеллачул тIахьа. Цу хенахь уьш эмигранташ бацара. Амма цул тIаьхьа Оьрсийчохь Iедал хийцаделла Кавказехь хиллачу хийцамаша бира царех мухIажираш.
Цу хенахь вайнахана юкъахь хьалхара стаг вара вевзаш волу нохчийн хьолада, бизнесхо, политик Чермоев Абдулмежед, Тапа а олу цуьнах. Тапа а, цуьнца хилла цхьаболу нах а лерринчу миссица кхаьчнера Франце. Иза доьзна дара Нохчийчохь а, ерриг а Кавказехь хуьлучу хийцамашца, бохуш дуьйцу Вачагаев Майрбека.
Чермоев Тапин гонах лаьцна а дуьйцу цо. Хууш ду Чермоев Тапа ве тIаьхьабевлла лелаш болшевикийн агенташ хилла хилар. Цундела Францин Iедалша герз лело бакъо елла хилла цунна.
Даймохк бита а дезна, шайн пачхьалкхе баьхкина нохчий тахана санна дика тIеэцна французаш. Царна баха меттигаш а елла, болх нисбан а гIоьртина Францин Iедалш. Амма кхолламаш тайп-тайпана нисбелла цу нехан. Цунах лаьцна, архиван кехаташна тIе а тевжуш, дуьйцу историн Iилманчо Вачагаев Майрбека.
Your browser doesn’t support HTML5