Your browser doesn’t support HTML5
Наха сагIина вовшахтоьхначу ахчанах цIа эцна Шелковски кIоштан яхархочунна Тайсумова Хьавана. Цо а, цуьнан 5 беро а тахана дуьххьара буьйса йоккхур ю шайн долаяьллачу хIусамехь. Массийта чоь а, доккха рагIу а, лело керт а йолуш ю и меттиг. Цуьнах йоккхайина а ца йолу Хьава.
Юха а баркалла бохуш яра иза шен хьолах а кхетта, гIо диначарна: «Со йига а йигина, суна и меттиг схьаэцна. Со а, иза юхку зуда а реза а йолуш, схьаэцна иза. Дика гIуллакх хилла. Дела реза хуьлда цигахь дакъа мел лаьцначарна. Тахана сарахь со цига чуйоьдуш ю-кх сайн хIуманаш а эцна. Хаза рагIу а долуш, чоьнаш а йолуш, йоккха керт а йолуш, догIуш хи а долуш, дика меттиг ю иза-м. Массо а бер а ду чIогIа реза хилла хазахеташ, Дела реза хуьлда царна бохуш».
Тасуймова Хьаван гIуллакх цхьа ша-шаха беркате а, кхинхетаме а нах юккъехьаьвзина дела иштта диканца дирзина ду. Дуьххьара лаппагIи чохь ехачу оцу зудчух къа а хетта, цунна гIодан араяьллера меттигера яхархо Батиева Макка.
Иза махкахь евзаш визажист ю. Инстаграммехь 200 эзар ца кхоччуш стаг ву цунна язвелла. Цундела, цо кхайкхам бича, масех де далале ахча теснера наха. Ша дерриг гулдинарг 3 миллион ца кхоччуш ахча ду. 2 миллионах ТасуевгIарна цIа эцна, дисинчу ахчанех гIо дина кхин а цхьана зудчунна.
Амма нахана гIодар а, ма-хетта атта хIума ца хиллийла кхетта Батиева Макка. Ши де халха цуьнца къамел деш, иза йоьлхуш яра. ЦIа а эцна, цу чу оьшург а эцча, дисина ахча Кадыровн фонде хьажо йоллура ша, цаьргахь гIо оьшучеран спискаш хира йолу дела, бохура цо.
Амма дукха наха шайний-шайний гIодан деза бохуш, шен дега а, пачхьалкхан дозанал арахь йолчу шен нене а телефонаш етташ, хIума лело буьйлабеллера. Цуьнах чIогIа цецъяьллера ша боху цо. Фондехь ахча схьа ца эцна цуьнгара, шаьш нахера ахча схьаоьцуш дац аьлла. Цул тIаьхьа кхин а цхьана зудчунна гIоьнна хьажийна и дисина ахча.
Кхин цхьа хIума а билгалдаьлла хIокху исторехь. ГIо оьшучарна иза дан кийча а, таро йолуш а нах хилар, амма уьш озалуш бу юкъахь леларш дукхахдолчу декъана куьйгана цIена ца хуьлу дела. Батиева Макка евзаш а йолуш, цуьнга дIаделла ахча ша кхача деззачу цхьа кепек бухахь а ца юьсуш кхочур дуйла хууш делла наха.