Моьттина хир дацара 5 беран нанна Тасуева Хьавана шен дахаран хьелаш телхина хиларх видео яьккхича, цунна иштта сиха, могIарера нахера гIо кхочур ду аьлла. Массита де бен ца эшнера 3 миллион сом ца кхоччуш ахча гулдан.
Червленный олучу эвлара ТасуевгIеран санна доьзалш дукха бу Нохчийчохь, амма, уьш бехачу хьелашка хьаьжча, дукха нехан дог тохаделлера. Поппарх динчу ширачу цIа чохь, массо а агIор хьоькхуш мох а болуш, бехаш бара уьш. Оцу доьзалехь 5 бер ду, уггаре воккхахволчу кIентан 17 шо бен доцуш.
Да набахтехь чохь воллуш ву. И цIа а церан ца хилла. Къа а хетта, чубитина бу. Ватсап чухулла и видео кхаьчна Коша олучу куц-кепан студин куьйгалхочуьнга Батиева Маккига. Цо, инстаграмман шен агIонна тIехь кхайкхам бича наха ахча тесна.
Ша чIогIа цецъяьлла хилла и йоI наха иштта сиха гIо лацарна: «Далла гуш ду, суна и гIовгIа оьшуш яцара. ХIинца а езаш а яц суна иза. Иза цIеххьана, ша шех хилла хIума дара иза, нахана цхьа диканиг дай ас аьлла. Со суо а ю цуьнах чIогIа цецъялла, наха массийта сахьтехь иштта дуккха а ахча гулдарна. Царна хаара соьга и ахча схьатесча иза кхача дезачу дIакхочур дуйла».
Дан амал доцуш йисинчу Тасуева Хьавана дукха хан йоцуш Iедалера гIо дехча жоп кхаьчна хилла, шайн хьуна дала латта дац аьлла. Наха гIо а дина, оццул ахча цунна тесна аьлла и гIуллакх гIарадаьлча, Iедалша а терго ян йолийна. Селхана юьртда а веана хилла уьш болчу. Гулдинчу ахчанах оцу эвлахь цIа эца сацам хилла хIинца массеран.
Шена иза дикачу гIенах а моьттина дацара бохуш дуьйцу оцу зудчо: «ГIалахь дехарца кехат чуделлера ас. Юх-юха а чуделлера. Соьга жоп деллера кIоштахь хьуна яла меттиг яц аьлла. Шайн дан хIума дац аьлла кехат деара соьга. Дела реза хуьлда ала луура дара суна гIолаьцначарна. Суна доккха гIо дина-кх. Нехан чохь ехаш ма яй со. Ала а аьлла чохь Iаш яра со. ХIинца чуьра арадовла деза тхо, меттиг караяхь а, ца караяхь а».
ТIаьхьарчу хенахь дуккха а бу Iедале а ца хьоьжуш шаьш нахана гIодан лууш нах. Москохахь вехачу цхьа жимачу стага кхайкхам бина, цу гIала дарбан дан вайнах богIуш хилахь, ша уьш дарбанан хIусаме кхаччалц мах а боцуш, шен машенца дIабуьгур бу аьлла. Ша ма-аллара, иза деш схьавогIуш а ву иза.