Оьрсийчохь тIом бан лууш ву Кадыров, нохчийн кортежна тIехула Гуьржийчуьра къийсамаш, Украинана дуьхьал нохчий бертаза тIаме хьийсор – цу дерригенах а, кхиндолчух а Маршо Радион 14-чу подкастехь дуьйцур ду.
ХIиттайе кху подкастана лайкаш, тхо дIадуьйлало.
Your browser doesn’t support HTML5
Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:
Мусаева Зарема дарбанан цIийнехь йу
Соьлжа-ГIалахь лаьцна латтош йолу нохчийн оппозиционерийн-вежарийн ЯнгулбаевгIеран нана Мусаева Зарема дарбанан цIийне кхаьчна. Цунах лаьцна хаамбина кху беттан 4-чохь Янгулбаев Абубакара. Информаци тIечIагIйина "Iазапашна дуьхьал Команда" бакъоларйаран проектехь а, цигахь дагадаийтира, адвокаташа Мусаева дарбанан хIусаме охьайилла бахарх масийттаза, цуьнан могушаллина экспертиза йайта. ХIетте а стигалкъекъа-беттан 12- чохь хиллачу тIаьххьарчу кхеташонехь кхел дуьхьал хилира зудчун могушаллех экспертиза йан, цуьнан метта рогIера йуха а иза чохь йуьтуш хан дIайахйира суьдхоша кхин а кхаа баттана.
Янгулбаев Абубакара дийцарехь, талламан изоляторчохь латточу цуьнан ненан могушалла эшна кхин тIе а –бIаьрса а гIелделла догIу цуьнан, букъца долу лазар карзадаларна йолайала хала ду,
цундела гIудалкх чохь дIасайуьгу иза. И дерриге а, даим тергонехь латтош, дарба лелон дезачу, цуьнца йолчу диабет цамгарна тIекхетта. Мусаевас йаздинчу кехатца, дарбанан хIусаме кхаьчна иза мангал-беттан 2-чохь – анализ оьцуш цIий даьккхинера цуьнан, дагна кардиограмма а йира, когашна узи йаьккхира. ХIетте а иза лазартнехь чуйижон йуха а дуьхьал хилира, лоьраш цуьнга хьаьжначул тIаьхьа ша хиллачу талламан изоляторе йухайигира иза.
53 шо долу Мусаева Зарема Нохчийчохь бехкейо полисхочунна тIелатарна а, курхаллаш лелорна а – оцу артиклашкахь бехкаш кховдийра цуьнга, молханаш схьаэца а, кога мачаш йуха а ца йуьтуш, кадыровхоша лачкъийначул тIаьхьа.
"Мемориалан" бакъонашларйархошна хетарехь, нохчийн Iедалша закъалте лаьцна йу Мусаева, "шайггара бекхам бан, цуьнан доьзалера божарий тIебахкийтархьама".
Янгулбаев Абубакара а иштта дIахьедо, шен нана – Кадыровн рожан закъалтхо йу аьлла. Цунах лаьцна дийцира цо Кавказ.Реалиин подкастана лерина йеллачу комментарехь.
"Лоьраша шаьш а ма боху, массо тайпа хьелаш долчу дарбанан цIийнехь реабилитацихь хила йезаш йу сан нана, цунна оьшу дарба а деш, цуьнан могушаллех хьовсуш. Амма хIетте а СИЗО-хь латтайо иза, цигахь аьттонаш бац, тоъал оьшуш молха а дац. Ша йаздечу кехаташ тIехь нанас билгалдоккху, кхечу наха витаминаш, инсулин, кхиндолу молханаш а латтадо шена - и дерриг а СИЗО-хь лур ма дац цунна. Цунна молха-дарба латтон деза пачхьалкх, ларош йац шена догIург дан. ХIетте а, кхин дIа а лаьцна йуьту иза, цIера дIасайалар дихкина мукъна а ца йуьтуш. Цундела хета суна иза закъалтхо санна латтош йу аьлла. Политикан буха тIехь деш ду и меттигерчу Iедалша, шаьш тIаьхьадевллачу стеган гергара адам лаьцна цара. Кхин тIе а цуьнан могушаллина а, дахарна а кхераме долу хьелаш хIиттийна цунна. И дIалаьцначу наха, чIогIа жигара пайдаоьцу административан ресурсах а, шайн карахь йолчу бакъонел тIехбийларца а"- элира Янгулбаев Абубакара.
КХИН А ХЬАЖА: Дарбанан цIийне кхачийна лаьцна латтош йолу нохчийн жигархойн нана Мусаева ЗаремаНохчийн дакъой Белгородан кIошта хьийсор хьехна Кадыров Рамзана
Оьрсийчоьнан дозанаш тIехь тIемашкахь шен куьйгакIелара тIемалойх а, ницкъахойх а пайдаэцар хьехна Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Украинан дозанашкара Белгородан кIоштахь стигалкъекъа-баттахь герзашца йолийначу рейдех иштта комментарий йитина цо. Белгородан кIоштахь байъина нах бу, лазийнарш а бу иштта.
Киево официалехь дIахьедо ша гунахь цахилар оцу кепара операциш кечйарна а, дIайахьарна а. Царех жоьпалла шайна тIелаьцна "Оьрсийн лаамхойн корпусо" а, "Оьрсийчоьнна маршо" легионо а – ший а Украинехьа тIемаш беш йу, мел кIезиг а ах Украинан армино йц царна оьшург латтош.
Кадыровс дIахьедина, Белгородан кIоштара диверсанташца, цуьнан дешнашца олу аса – "йист йаккха мегар дара нохчийн дакъоша". Мехкан урхалхочо чIагIдарца, цуьнан эскархойн "къаьсттина хаарш ду" Оьрсийчоьнан дозанаш тIера "бандитийн тобанаш хIаллакйан".
"Росгвардин а, Оьрсийчоьнан тIеман министраллин а батальонаш а, полкаш а йу уьш", - аьлла Кадыровс, шен куьйгакIелара тIеман дакъошлахь 70 эзар стаг ву а олуш.
Нохчийчоьнан куьйгалхочо аьллачун тIаьхье хилла йац, Кремлехь йина комментарий а йац.
Кадыровн дIахьедаран мах хадийра, Украинерчу тIеман дарашна мониторинг йечу тIом зуьйчу америкахойн Институто (ISW). Цара карладаьккхира, стигалкъекъа-бутт бовш Нохчийчоьнан куьйгалхочо Оьрсийчоьнан эскара йуккъера нохчийн дакъош "ДНР" олучу меттиге дехьадохуш ду аьлла дийцар. Цуьнан "риторика хийцайалар" дуьйзира шен контролехь долу дакъош Белгородан кIошта дига лаарца, тIеман уггар а луьрачу меттигашкахь дакъалоцучуьра шен эскархой кIелхьара бахархьама.
Оцу йукъанна хууш ду бертаза Нохчийчуьра бахархой тIамтIе бахийтарх, цунах лаьцна дIахьедира мангал-беттан 8-чохь бакъоларйаран "СК SOS" кризисан тобано.
ТIом зуьйчу Институто иштта тергойира, Кадыровн дIахьедаршца а догIуш, Украинехь карарчу хенахь нохчийн эскархойх а, ницкъахойх а 10 процент бен цахиларан. И ларарш бозуш боцчу некъаца зен – аьтто бац.
ТIеман эксперташа хьалха а дийцира, кадыровхой тIом барца ледара хиларх, и бахьана долуш тылехь полисхойх санна пайдаоьцура царех аьлла. И чIагIдарш мел бух болуш ду хьажа, таро йац.
КХИН А ХЬАЖА: Нохчийн дакъой Белгородан кIошта хьийсор хьехна Кадыров РамзанаБакъо йоцуш машен хаьхкинчу кхиазхочуьнгара бехк баьккхина Кадыровн кIанта
РогIера ши хаам боьзна бу нохчийн политикийн кIенташца. Волалур ву со мехкан урхалхочун 17 шо долчу кIантана Кадыров Ахьмадана тIера, официалехь цуьнан гIоьнча ву иза, иштта цо куьйгалла до регионера Оьрсийчоьнан берийн а, кегийрхойн а пачхьалкхан боламан.
Мангал-беттан 1-чохь "Грозный" телехьожийло дийцира полицера кхиазхойн гIуллакхашкахула йолчу декъо шайн тергонехь латточу берашца къоначу Кадыров Ахьмадан хиллачу цхьаьнакхетарх лаьцна. Оцу гуламехь Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIанта йуьхьйаьккхира шен хенара волчу кIентан, карахь бакъо а йоцуш, машен цо хаьхкина аьлла. Оцу сюжетан тергойира оппозицин нохчийн жигарахоша. Кадыров Ахьмадан шалхаллех дIахьедира цара, иза а, цул а кегий болу цуьнан вежарий а хьалхо машен хоьхкуш гина хилар карла а доккхуш. Оьрсийчоьнан низамехь 18 шо кхаьчначул тIаьхьа бен йиш йац машен лелон.
ТIаьххьарчу баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун воккхаха волу воI кест-кеста хьехаво зорбанан гIирсашкахь. Зазадокху-баттахь къона хьаькам, цуьнан да цомгаш ву бохуш, кхин бух а боцуш дуьйцучу заманчохь, цхьаьнакхийтира Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца. ТIаьхьо Кадыров Ахьмад Азербайджане а вахара, цигарчу министрашца даьхна суьрташ деара цо. Оцу тIехула комментаторша дийца долийра, иза шен метта Нохчийчоьнан урхалле хаон кечвен хьесап ду бохуш.
КХИН А ХЬАЖА: Бакъо йоцуш машен хаьхкинчу кхиазхочуьнгара бехк баьккхина Кадыровн кIанта. Изза низам цо ша дохийра хьалхоЯмадаев Русланан кIант вийна Украинехь
Цкъа мацах массарна а дика вевзаш хиллачу нохчийн политикан Ямадаев Русланан кIентан Ямадаев Сайд-Хьусейнан кхоллам кхечу агIор нисбелира. Цуьнан да вийра 2008-чу шарахь Москвахь, Оьрсийчоьнан Iедалхойн хIусамна герггахь. Цул тIаьхьа шо даьлча герз тоьхна Дубайхь вийра цуьнан ваша – Ямадаев Сулим. Нохчийчохь хьалхара тIом боьдуш Ичкеригахьа вара и ший а, Кремлехьа вирзинчул тIаьхьа дов лаьттира церан Кадыров Рамзанца.
Мангал-беттан 5-чохь дийца даьккхира, Ямадаев Русланан кIант Украинана дуьхьал болчу тIамехь вийна аьлла. Кхаа хьостан хаамашца, шогачу хьолехь йолчу набахтера тIаме вигина хиллера Сайд-Хьусейн ЧВК "Вагнера" олучу тобанехь. ХIун бахьана дара цо и сацам бан, хууш дац: 2015-чу шарера схьа дуьйна вара Ямадаев-жимахверг чохь валлош, цхьа шой ахшой хан йара иза маьршаваккха йисинарг. Оцу йукъанна хууш ду, ша набахтехь волчу заманчохь Сайд-Хьусейна латкъамаш бина хиларх, тутмакхийн бакъонаш хьешарна а, шаьш сийсаздарна а. Харцонна дуьхьал шен пхенаш хедийна а хиллера цо, орца дехнера цо Путине а цхьаьна: "Владимир Владимирович [Путин], аса гIо доьху хьоьга: терго йехьа, лакхарчу урхаллашна тIедиллахьа, хаттаран сацам кхечу кепара а доцуш, низамца хилийта алий
Ишта, сайн пхенаш хедо дезна сан, аса уьш хедийна, динехь сайна мегаш доццушехь, амма сан доттагIашна а, уллорчарна а йиттича, сан дахаран цхьа а мах бац. Сайн дахаран цхьа а мах ца хета суна, къаьсттина таханалерчу дийнахь. Сан да вийна, де ваша а вийна, суна ца хаьа уьш хьенан карах белла, ткъа ахьа [Путин] цхьана а эфирехь цкъа а хьахийна бац уьш, Оьрсийчоьнан турпалхой хиллашехь".
Соьлжа-ГIалахь а, йа Москвахь а Ямадаев Сайд-Хьусейнан кхалхарх хезаш аьлла хIуммаъ а дац.
КХИН А ХЬАЖА: Ямадаев Русланан кIант вийна Украинехь – колонира ЧВК "Вагнеран" тобане эцнера изаГуьржийчохь кадыровхой хаабалар
Кху кIиранчохь хаддаза дийцинчех кхин цхьа хIума а ду – Гуьржийчохь масех йезачу машенашкахь "блатной" олучу номершца, журналистийн хаамашца, Нохчийчохь регистраци йина машенаш гучуйовлар.
ХIинца а хууш дац, мила хилла оцу машенаш тIехь, делахь а, гуьржийн хаамийн гIирсаша а, социалан машанашкахь а дуьйцу, уьш кадыровхой хила тарлора бохуш.
Оцу тIехула меттигера оппозицино а, бахархошлахь болчу жигархоша а бехкаш дехкира Iедалхошна Соьлжа-ГIалица гергарлонаш лелорна.
Оцу йукъанна урхалла дечу "Грузинская мечта" партино цхьаьнне а цIераш ца йохуш, чIагIдо, пачхьалкхе баьхкинарш кадыровхой бацара, нохчийн куьйгалхочунна дуьхьал болу цхьа нах бара бохуш.
Нохчийчуьра машенийн ковранан терго хилла цара некъан низамаш дохорна а, дукха хьолахь, машенаш чехка хехкарна, гIуданаш деттарна.
Царна диттинчу гIуданийн мах бу 7450 лари – кхо эзар гергга доллар хуьлу и. Дуьххьара низам дохор къаьстина Тбилисихь стигалкъекъа-беттан 22-чохь. ТIаьххьарлера - мангал-беттан 3-чохь Гуьржийчоьнан Малхбузехь.
Стратегин анализан Центр кхоьллинчу Рухадзе Георгийс "Эхо Кавказа" сайтана йеллачу интервьюхь дIахаийтира, Оьрсийчоьнан лакхарчу Iедалхойн гергарнаш, йа церан векалш Гуьржийчу битаро сингаттам буьту аьлла.
"Массарна а хууш ду, Гуьржийчоьнан дозанаш дац. Къаьсттина хьакхало и къилбаседан дозанех. Цундела, нагахь санна, Iедалхошна оьший, муьлхха а маьршша чувогIийла ду, Лавровн йоIана тIера [Оьрсийчоьнан МИД-н куьйгалхо] Кадыровн гона тIе кхаччалц. ХIетте а пачхьакхе ца витина Шендерович, ца буьту чу Путинан ражца къийсам латтон нах. Кремлана тIетоьхна дакъа ду гуьржийн Iедалхой. Хунта ма йу иза, Москвано лелош йолу".
Кадыровхой Гуьржийчохь хехкабаларх лаьцна Соьлжа-ГIалахь аьлла дош дац.
КХИН А ХЬАЖА: Кадыровн нах? Гуьржийчу стенна йеанера Нохчийчуьра кортежНуьцкъаша нохчий Украине хьийсор
Нохчийчуьра хьаькамашна а, имамашна а, командирашна а тIехь жоьпалла ду Украинана дуьхьал тIаме нах ийзорна – и "норматив" кхочушйархьама меттигера бахархой нуьцкъаша латтабо къайлахчу набахтешкахь, царна кхерамаш туьйсу гергарчарна тIехь доькхур ду, нагахь санна, реза ца хилахь бохуш. Цунах лаьцна "СК SOS" кризисан тобанан материалашна тIетевжина йаздо Кавказ.Реалии сайто.
Шайга орца дехначу адамийн тоьшаллашна тIехь дийцина бакъонашларйархоша, къаьсттина кхерамна бухахь бу ницкъахоша хьалхо лецна хилла мехкан бахархой аьлла. Къаьстинчу базехь латтош бу уьш - хьалха лецча ахча делча маьршабаьхнехь а, хIинца уьш дIахоьцу - тIамтIе баха реза белахь.
Маса стаг ву оцу кепара вербовка йинчу нохчашлахь кризисан тобано ца дуьйцу, хIунда аьлча, статистика хIоттайойла доцу дела. Делахь а, бакъонашларйархошна хууш ду, лаьцна латтийначу 70 стагах, 50 тIаме ваха реза хиллийла. Дуьхьало йахь, шайггара айдинчу гIуллакхашца набахте хьийсор бу, йа церан гергара нах бохуьйтур бу Украине бохуш, кхерамаш туьйсу царна. Цунах лаьцна тIом болабеллачу йуьххьехь а дуьйцура бакъоларйархоша а, Украинан векалша а.
Цул совнах, "СК SOS" тобано дийцина, лецначарех цхьаболчаьрга шайна вевзачу кхаа стагана дуьхьал тоьшаллаш дойту, уьш а лаца бахьана хилийта а, цул тIаьхьа тIаме хьийсон а. Иштта бакъоларйархоша дагадаийтира, арахьарчу махкахь лела паспорт даккха кехаташ чуделлачу нохчашна тIаьхьа бовларх а. ТIаме бахийта хьийза тIаьххьарчу рейдашкахь болх боцуш бисина таксхой а.
КХИН А ХЬАЖА: Украинана дуьхьал бертаза тIаме нохчий хьийсорах дийцина бакъоларйархошаАша ладуьйгIира "Маршо" радион 14-чу подкасте. Оха дийцира Нохчийчуьра керлачу хиламех.
Ма дицло тхуна лайкаш йахка а, комментареш йазйан а - цара алсамбоху тхан ладогIархой.
Йазло Маршо Радион подкасте: