Your browser doesn’t support HTML5
Советан заманахь дуьйна схьадогIуш ду, муьлхачу харжамашкахь уггаре а дукха болх хуьлу артисташна а, йишлакхархошна а. Церан дийнахь сарралц деза тIаьххьара куп дIакъовллалц цигахь эшарш а, пондар лакха а, вот тоха а.
Оцу самукъне татано тIебоьху шена нах. Ткъа, кху харжамашкахь уггаре а коьртаниг наха дуккха а гулбар дара, важа гIуллакх-м, кхаьжнашца дерг, тоххарехь кхочушдина лерина дара. Цу гIуллакхан кIира хьалха дIахьехна яра Соьлжа-ГIалахь митинг.
ХIун сатийсам бара шайн оцу харжамех уьш буьйлабалале, хIинца, Путин юха а висича, дахар муха хир ду аьлла хета шуна, аьлла деллачу хаттаршна тайп-тайпана жоп ло меттигерчу бахархоша.
Сунжа-кIоштара вахархочо Сангариев Лемас шена баккъалл а моьттура бохура цхьаъ хийцалур ду: «Дукха, инзаре сатиийсамаш а бара. Цхьаъ хийцалур ду моьттура. ТIаккха а хилларг хилла даьлла. Хастам хиларо иштта нисдина хир ду. ХIара харцо дIа а йирзира, цхьаъ хир ду моьттуш хIума дара дан-м. ТIаккха а, Далла дика хуур ду-кх».
Харжамашкахь шортта харцонаш хилар башха лачкъош а дацара. Харжамийн комиссеш бIаьрзе хилла хир ю царна. Социале машанехь видео а яьржира Нохчийчуьрчу цхьана харжамийн куьпехь ма-хуьллу кехаташ чутуьйсуш.
Шелан кIоштан вахархочо Исраилов Хьамзата шаьш долчохь муха хилира дийцира: «Иштта хир дуй хууш ма дарий иза. Боккха кегари бара харжамашкахь. Фамилеш ца карош, кхин ца карош. Со-м ваха а ца вахара цига. Баханчара бохура иза. Нехан фамилешна кIелахь куьг таIийна схьадаьхкина шаьш, бохура цара. Делан карахь ду иза. Диканиг хир ду. Къен стаг цIе яларх ца кхоьру, бохург ду хIара».
Путина хIинца шен го цIанбан беза аьлла тешарш а кIеззиг бац. Теркйистан кIоштара вахархо Махмудов Ислам ву царах: «Путин чекхваьлла боху кхара. Шен цхьа го хийца а хийцина, цо хIума дича дика дара. И го бу цуьнан вон. Иза ца хийцахь, хIинцалца кху 18 шарахь диннарг бен кхин хIума дийр ду аьлла ца хета суна».
Дуккха нехан шеко яц, оцу харжамашкахь дакъалаьцча а, ца лаьцча а шайх доьзна хIума ца хиларна. Цуьнан жамIаш тоххарехь кечдина дара аьлла хета царна. Цундела, хьо балха тIехь тидаме ца эцийта, цига баха а бахана аьллачу кандидатан кхаж тесна наха.