Нохчийчоь ю Оьрсийчохь уггаре а кхерамазалла йолу меттиг олий, сих-сиха дIахьедар до Кадыров Рамзана.
БIаьсте яларца жигарбовла мегаш бу Нохчийчура къайлаха лела тIемалой.
ХIунда ца тоьа Къилбаседа Кавказехь медицинан белхахой? ГIебарта-Балкхаройчуьрчу дарбан хIусамашкахь къаьсттина дефицит лаьтта лоьрийн.
Кху деношкахь Оьрсийчохь дагалецира эла Барятинский Александр Иванович. Зазадоккху-беттан 10-чу дийнахь 138 шо кхаьчна иза велла (1879).
Iедалша бинчу хаамца, карарчу хенахь Нохчийчуьрча бахархойн терахь дара 1 413 446 стаг. Цхьа шо хьалха и терахь дара 19 000 сов стагал къезиг. Дусташ аьлча, 2014-чу шарахь дуьйна, 2015-чу шаре кхаччалц тIекхеттачу бахархойн терахь дара 32 000 стаг.
Москох дуьненаюкъарчу меттигашкахула йолчу пачхьалкхан институтехь (МГИМО) дукха хан йоцуш ладогIарш хилира «Кавказ а, Юккъера Ази а: империн а, Советан а хенахь колониализман фактор» цIе а йолуш.