Дукха хан йоццуш, Нохчийчура Iедалийн цIарах дIахьедар дира, республикехь ненан мотт кхион а, шорбан Iалашонца комисси кхуллуш ю аьлла. Цул тIаьхьа, кхин хIара ду аьлла, цу комиссех хир долчух лаьцна хIума хьахийна дац. Оцу юкъанна, Маршо радион корреспондент Хасимиков Iусман волавелира школашкахула, ненан меттан хьоле ладогIа.
Цо дийцарехь, цхьаболу дай-наной а, шаьш хьехархой а саготта бу, школехь ненан мотт алсамбаккхахь, берашна юха гIазакхийн мотт ледара хаарна. Царна аьттехьа хуучух тера дац, ненан мотт шера бийца а, язбан а, беша а хуучу берана бен, кхин меттанаш сиха карадоьрзуш хиларх лаьцна Iилманчаша чIагIдийриг.