ГIалгIайчоьнан йозуш йоцу пачхьалкх кхолла бакъо хиларх дIахьедина Украинан Лакхарчу Радо. Цу кепара сацам тIеэцна чиллан-беттан 23-хь нохчий а, гIалгIай а Сталина махках баьхна 80-шо кхочуш.
Маре йахначул тIаьхьа, денцIа хьажа-хIотта йеанчуьра махках йаьккхира МахкатIера Мамуева Сано. Цунна цкъа а дицлур дац, ша керлачу доьзалх йаккхар, хийрачу махкахь текхна бала, шех заьIапхо йар, бехк боцуш набахтехь даккхийтина бархI шо а.
"Ахмат" спецназан командир Алаудинов Аптин дов даьлла "Русич" тобанан йуккъерчу националисташца. Бахьана дара берийн "Ахмат" йукъаралла кхолла Iалашо хилар. Украинерчу тIамехь дакъа лацарна "Русична" а, Алаудиновна а дуьхьал йаьхна санкцеш йу.
ГIалгIайчуьра СИЗО-ра арахецна диъ шо долу Самира йерна бехкевинарг. Ведзижев Башир лаьцнера стохка бIаьста, хIинца цо ша «цIа веъна» аьлла дIахьедина. Шеконашкахь иза дIаваьккхиний - хууш дац. Ницкъахоша иза лацарх а, йа маьрша ваккхарх а бина хаам бац.
Нохчийчоьнан парламентан спикеро Даудов Мохьмада дIахьедина Кадыровн фондера тIамна доьхкинчу 28,6 млрд соьмах. Официалехь фондан оццул ахча дац – 2022-чу шарахь цуьнан чоьтехь дара 6,3 млрд сом. Стенгара даьлла 22 млрд сом кадыровхойн хьашташна – хууш дац.
Чохь латтон журналист Гаджиев Iабдулмумин маьршаваккха бохуш хIиттийна пикеташ къайлахьуш йу ХIинжа-ГIалахь - Оьрсийчуьра а, арахьара а бакъонашларйархоша Гаджиев политикан тутмакх лаьрра.
Нохчийчоьнан куьйгалхочун 16-шо долчу кIанта Кадыров Адама дозанал арахьарчу шен ден «мостагIашна» кхерамаш тесна: Малхбузенехь а, Украинехь. Цо и дIахьедар дира, Кадыровн батальонан эскархошна хьалха вистхуьлуш.
Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан девне ваьлла пачхьалкхан думан депутатаца Матвеев Михаилца, бахьана дара депутато Оьрсийчуьра бусалба нахах аьлларг. Соьлжа-ГIалахь критика йинчул тIаьхьа депутата гечдар дийхира, цо чIагIо йора ша хьехийнарш бусалба-мигранташ бара бохуш.
Кадыровхой йукъахь болуш дов хилла Оьрсийчоьно оккупацехь латточу Мелитополехь. Нохчийчуьра эскархой тIелетира блокпостехь кехаташ хоьттучу тIеман полисхочунна. Конфликтан декъашхойх цхьаъ ву «ВОСТОК-АХМАТ» батальонан буьйранча Хамбулатов Ваха.
Канадехь веха боксан дуьненан чемпион Бетербиев Артур Кадыровна тIетовш вистхилла. Латарш дирзинчул тIаьхьа «Ахмат – сила» а аьлла, Нохчийчоьнан куьйгалхочух «чемпион» элира цо. И дешнаш бахьана долуш Бетербиевна критика йира Канадера Украинан векалалло.
Нохчийн адвокат Алиева Аза йуьхьарлаьцна Талламан комитето 1994 шеран гIуран-бетта 31-хь Соьлжа-ГIалина штурм йен видео йаржорна. Бахьана дара, видео тIехь Гелаев Руслан хилар – иза Оьрсийчоьно террорхо лерина Ичкерин инарла ву.
Дечкен-беттан 29-хь Нохчийчуьра вахархочун Мукаев Салманан латкъамехула сацам бина Ереванера кхело, Эрмалойчохь тховкIело цайалар къовсуш ву иза. 2020-чу шарахь Мукаевс дIахьедира Соьлжа-ГIалара полицехь шена тIаьхь Iазапаш хьегийтарх, цул тIаьхьо Оьрсийчуьра ведда, Эрмалойчу кхечира иза.
Хьажа кхин дIа а