Салташа Курскан кIоштарчу тIемашкахь дакъалаца дезарх дIахьедира «АХМАТ» спецназан командиро. Селханалера дешархой тIаме хьийсорах дай-наноша бен латкъамаш Алаудинов Аптис "тийжар" ду аьлла.
Лидеры 12 общественных организаций в Северной Осетии потребовали от местных властей раскрыть потери республики на войне России против Украины, объявить недельный траур и запретить призыв «представителей осетинского народа с целью сохранения генофонда».
Марсхьокху-беттан 1-хь Оьрсийчоьно а, Малхбузено а тутмакхаш хийцарна критика йира арахьарчу нохчийн юкъаралло. Германехь велла дIаваллалц чохь йаккха хан тоьхна Красиков Вадим дIаваларна эргIадбахийтира жигархой.
Советан заманара схьа дуьйна уггар а дукха тутмакхаш дIасахийцар нисделла Оьрсийчоьнна а, Малхбузерчу пачхьалкхашна а йукъахь. Оьрсийчуьра а, Белоруссера а колонешкара 16 стаг а, дозанал арахьа кхел йина 8 оьрси а дӀахецна.
Аьхкенан Олимпикан ловзарш дуьйладелла Парижехь -Оьрсийчоьнан къилбан цIарах цигахь шиъ векал йу, Краснодарера спортхой бу уьш. Оьрсийчоьнан бахархошна магийна ду ловзаршкахь дакъа лаца нейтралан байракхан бухахь.
Белгородан кIоштахь кадыровхойн леларна латкъам бина Z-блогерша. Валуйки гӀалахь йаьккхина видео йаржош йу социалан машанашкахь, цу тӀехь Нохчийчуьрчу тӀеман декъан эскархо хила тарлучу жимчу стага хӀаваэ герз детта. ТIаьхьо блогеро йаздира, «бехкала бахнарш» таIзарна тIеман хьалхене хьовсийна.
Товбеца-беттан 15-хь нохчийн Башан-Кхелли йуьртахь гидроэлектростанци йечу меттехь эккхийтар хилла. Лаххара а пхиъ белхало кхелхина, 25 сов стаг лазийна. Нохчийчоьнан куьйгалхочо эккхарх лаьцна комментарий товбеца-беттан 15-чу сарахь бен ца йира: хилларг "бохаман хIума" ду бохура.
Украинина дуьхьал тӀом боьдучу йукъан дронаш тӀелатарш деш ду Оьрсийчоьнан къилбена – товбеца-бетта итт дийнахь цара тохарш дина, лаххара а йиъ регионан. Юккъерчу барамехь дедда йуккъехь хуьлу тохарш.
Нохчийн UFC латархо Чимаев Хьамзат бехке во криптовалютаца курхалла лелорна. Товбеца-беттан йуьххьехь Чимаевс шен Х (ТВИТТЕР) машане йазбелчаьрга кхайкхам бира SMASH криптоволюта эца аьлла. Спортхочо а, цуьнан менеджеро а харцдо и бехкаш.
Кху шара дешна бевллачийн дайшна-наношна гIуданаш деттар ду Оьрсийчоьнан гимн локхущ хьала ца гIиттарна. Инцидент хилира товбеца-беттан 29-хь номер 33 йолчу школехь аттестаташ лучехь. Оьрсийчоьнан гимн локхучу хенахь хевшина Iийра лаххара а бархI стаг.
UFC-н хиллачу чемпионан Нурмагомедов Хьабибан банкера чоьташ дIакъевлина йасакх оьцучу органашна 297 млн сом декхар хиларна. Талламаш дIабахьа бахьана хIоьттира «Туркойчуьра отелашка а, ОАЭ-хь йолчу стартапашка а» цо инвестицеш йича, йаздо Mash телеграм-канало.
Дагестанан муфтийс Абдулаев Ахьмада дIахьедина республикехь ханна никъаб лелор дехкарх. Никъаб – иза бӀаьргаш доцург дерриг а дегӀ дӀакъовлу бусалба зударийн духар ду. И йехка аьлла тӀедожийра регионан куьйгалхочо Меликов Сергейс, цунна бухахь ммлла а лачкъа тарло аьлла.
Хьажа кхин дIа а