Даккхало паччахьашка, президенташка, кхечу урхаллахошка адаман карара напха а, цунна чуьра са а. Амма даккхалац, тIаьхьено тIаьхьене а луш, шен зама яхъеш дIагIертачу къомера эс, иза массара а цхьана лайначу Iазапах хилча-м муххале а.
Паччахьан замано....
Дагалецамаш чорда, беркъа бу тешаш эхарта дIа мел оьху а. Сталина, аьлча а, цуьнан лаамаш кхочушбеш леллачу миллионо тIехь Iазап латтийначу дай-нанойн берашна дуьсу тахана Депортацин Де дагалеца.
Амма уьш а бац шайна дагалецамаш охьабалхо маьрша – Кадыров Рамзанна ца лиина къам махъкахдаккхарна бехкейолчу Кремланна дагахьбаллам бан, хIуманна а гунахь доцчу бIаьстенан дийне, ло дешча шаданца юьйстахтотту гIа-буц санна, кхечу маьIIе теттина Къематде хьахо нахана кхочу бакъо.
Цундела ду вайна мехала хIара тешийн аьзнаш.
Къонахаллах воьхна ма лорийла дех-ненах, йиша -вешех ваккхар, дийна воллушехь жоьжахатIе кхоссар дагалоьцуш велхаран мIаьргоне воьжна нохчо. Мила вуьсу дог ца доьлхуш шаьш лайна Сибрех баккхийчара юьйцуш?
Шеларчу Хаджимурадов Iумара дийцира Маршо Радиона шен дагара цкъа а ца дериг. Вуно дукха бала Iаьвшина цуьнан доьзало.
Къоьзан-Iомана гергахь вина, хьалакхиина, цигара махкахвохийна ву Мохьмад. КъинтIера бовлийла цуьнан гергарнаш – ала дац иза тахана дийна ву я вац, Маршо Радионо хьалхо дIаяздира цуьнан аз. Цо иштта дагалоьцура ломара лаьхкина, Соьлж-ГIала охьа а даьхна, хьелийн гIутакхашка а лецна, Азе шаьш дIадигина де а, мур а.
Ломан юьртахь шайн чохь дууш-молуш баьхначу, шайн дайн духар -чоанаш а, куйнаш а лелош, шайца тIекаре лелла НКВД-н салтий махках шаьш дохуш шайца мел къиза бара, цара тешнабехк муха бира, дийцира Маршо Радиона кху воккхачу стага.
Гермачигарчу Джабраилова ТIаусна дерриг а лаьттина дагахь. Цо дуьйцу новкъахь цIерапошта шайна шаьш ца далийта олий луш болу кхача муха бара. Цо дийцира, новкъахь лечу нахах хIун хуьлура, уьш муха бохура тIаьххьарчу новкъа.
Казахстане, ГIиргIазойчу, лайла, бардал-Iаьзин шелонашка кхийсинчу шааьш хIун хьийгира, муха нисделира дIакхаьчча дахар дагалоьцу Эна-Хишкарчу Какаева Меднас.
Бакъду, шайн дукхаллехь мерза а, вовшийн дола деш а баьхна вайнах депортацехь. Амма хилла адаман леларло тIехулайохуш меттигаш а. Джабраилова ТIаусан дагалецамера.
Мацалло муьлхачу хьоле кхачавора стаг дагалоьцу Какаева Меднас.
Дерриг а лелла нохчашлахь Депортацин шерашкахь. Къар цалуш, Iедало дехьа-сехьавала хIиттийначу бехкамашна ца къарлуш, дахарна некъ лоьхуш, доьзалш къен баларх Iалашбархьама къоланаш деш лелла. Мел жима бахьана даьлча а, набахтешка кхуйсуш, цигахь дуккха а IаьIначу вайнаха, набахтешкахь гIаттамаш а латтийна. Джезказганерчу набахтера аралилхинчу цара бехха тIемаш а тIехь бина НКВД-н эскаршца, дашна ала.
Хилла Iедалера шайна тIекарло лохуш мотт беттарш а.
Хилла кхин хила йийш йоцу къизалла шайх болчу нахаца лелийнарш а.
ВорхI бер а долуш, цIийнда новкъахь шайх тилларх, шаьш лоьхуш а лелаш, дуьххьарлера кхо шо иза воцуш даьккхина Казахстанехь Маршо Радиога массех шо хьалха лелларг далхийначу, хIинца дийна а йоцчу Терйистерчу НогIамирзийн-Юьртарчу Товсарис.
Шуна тIехь да вац, белхан куьйгаш дац аш пачхьалкхана делла, цундела шуна хIумма а ца йогIу Iедалера бохуш, кхеран бархI бепиган карта доладерзийна хилла оццу Теркийстерчу цхьана новрхочо.
Юккъехула шаршо а оьзна шина декъе екъначу чоьнна чохь бехаш хилла кхеран а, оцу стеган а доьзал. Цуьнан доьзало дуучу бепигна тIетIекхаш хилла цкъа цхьаъ, тIаккха важа, ши ваша – Хьасан, Хьусайн. Вукху дозалан дас мийра тухий, кхуссий юхавоуьйту бахара ши кIант, цаьрга цуьрг ца кховдош.
Товсарис шен карахь вала хIоьттина, цкъа цхьаъ, юха важа, ша тIекъевлина Iашшехь, шелваларх лаьцна дуьйцура юх-юха, ша эхарта ерззалц. Иштта делла цуьнан карахь-марахь ялх йиша-ваша. Да кхо шо даьлча тIекхиина доьзална.
Бераш мацалла дайина новрхо вехира хIара тIаьххьара зама герга гIортталц, амма Товсарин дас дихкинера тIаьхьенна оцу стаге бехкбоккхуш дош ала а.
Хьалхо дагалецамаш вайна хезначу Гаьмчигарчу Джабраилова ТIаусан йишас Мизана дийцира Маршо Радиона нохчашна мотт бетташ нохчий а лелла хиларх лаьцна.
Яьлла зама, бакъду, къам даима а дилхина дер дац ша лайначух, деза иза дахаре дIагIерта. Амма иза дац теттина ша лайна баланаш эсера дIа а хьаькхна, шен дгалецамаш цо дIабайъича, ирсе кхочур ду бохург.
Iедална оьшу хир ду хилларг-лелларг диц а дина, къомо шен муьтIахьаллин рогIера чIагIо гойтийла. Хьакъдолчу Iедална хилла, хир а бу вайнах муьтIахь. Амма дац цхьаьнхьа а яздина, аьлла, хьегна бала бицбина къам дикане кхаьчна, зовкхе даха хиина.
Селханенах масал ца эцча, хьаьвззий юха богIу хьегна баланаш – цундела оьшу къоманна ша-ше кхиош, кхетамца дахчадеш йолу дагалецамийн, историн хьаркаш.
Ткъа и хьаьркаш-м яц нохчийн кортошкара цхьаьнгге а яйъалур.