Пхи бутт а буьзна, ялхолгIа а болабелла Соьлж-ГIалахь нохчийн иллиалархо Бакаев Зелим (Зеламха) тIепаза вайна.
Керла шо а карадеа, амма цхьа а керла хаам а бац кIантера кхочуш. Хезаш дац керланиг я Iедалера схьа а.
Зелиман доттагIий тешна бу, Iедална коьртехь болчара нуьцкъаша иза вигина, латтош хиларх.
Делахь а, Зелиман гергарчарна денна хезарг цхьаъ ду кху беттанашкахь: "Лоьхуш ду", "Тхайн ницкъ берг дерриг деш ду", "Карор ву, са ма гатде", ткъа хууш дац, маца карор ву, меллалц садетта оьшу.
Иллиалархо къайлавьккхина бутт баьллачул тIаьхьа махкарчу зорбан министро Умаров Джамублата дегайовхо йитира: "кеста гучувер ву", "ша тIехьерчийначу декхарех ведда", я "хила тарло и цуьнана пиар-акци" бохуш, Маршо Радион currenttime.tv-н эфирехь.
Ткъа Бакаев Зелиман нанас Маликас Маршо Радиоца хиллачу интервьюхь бакъ дац элира шен кIантана тIехь нехан а, я банкан а даккхий я кегий декхарш хилар. Иза цецъюьйлура: "ХIун декхарш? Бакъ дац и! Банкера кредит оьцуш хилча, стаг цхьанхьа белхан цIарах хила ца веза? Зелим балхахь ма вацара", - аьлла, жоп делира цо тхан къамелехь.
Нохчийчоьнан Iедало я махкарчу хаамийн гIирсаша вайначу Бакаев Зелимах зорбане йоккхуш цхьана а кепара информаци яц.
Бац беш кхайкхам цуьнан варах, иза лахар сихдар доьхуш, шай дегнашачохь иза вехаш хилар хоуьйтуш Зелимца цхьана сцени тIехь иллеш, эшарш баьхначара а.
Бакаева Малика, Зелиман нана ю тахана а шен кIанте сатуьйсуш, дог ца дуьллуш, тешаш. Юха а цуьнца хилира тхан хIара къамел.
- Малика, хIун ду керла шун доьзалехь, Зелимах кост дуй?
- Цхьа а хIума-м дац.
- ТIаккха Iедало хIун боху?
- Iедал а хьожуш ду-кх. ХIара керлачу шеран мукъаденош дуьладалале бехкзуламан гIуллакх ду Талламан комитето диллина. Со тIекхойкхий, я ша суна тIе вогIуш а, шайн ма хуьллу бохкуш-м бу уьш. ТIаьхьакхуьур хир бу-кх уьш цунна. Дала мукъалахь, са-м туьйсу ас.
-Ас юха а боху, шайна цатовриг аьлларг а оцу сохьта кара а вой, иза телевизионехь гайта а гойтуш, цуьнга къаронаш а йойтуш долчу Iедална, хIунда ца карош ву кху пхеа баттахь дийнан делккъахь вайна хьан к1ант?
- ТIаьхакхуьур ду шаьш, ца кхуьуш дуьсур дац олий, сан са-м тедо цара, хIун дийр ду хууш яц со.
- Зелиман телефон болх беш юй, дIатоьхча?
- Цуьнан сим карта дIадоьхкинера Москохарчу "Мегафоно", дас юха схьа эцна кхечуьнгара. Зелиман дас лелош ю цуьнан хилла лоьмар. Зелимна и лоьмар дукха езаш хиларна а, нахехь хила ца лууш а схьаэцна шегахь лелош ю дас.
Зелиме сатуьйсуш, сахьийзачу ас дIатухура цу тIе телефон, эххар а нахе а кхаьчнера сан зIе. Ша эцна ю Москохарчу "Мегафонехь" элира оцу кIанта соьга. Бехк ма биллалахь, сан кIентан яра хIара лоьмар, хIора буьйсанна а, сайн сатуьйсийла йолуш дIаеттара ас кху тIе, аьлла, дийцинера ас. Цул тIаьхьа кхеттачух тера дара и кIант, тIаккха тхоьга схьаделлера цо сим карта.
- ХIинца оцу Iедало бохург схьа а лаьцна, царех тешам а болуш, кхечу ницкъашка орца а ца доьхуш Iаш ю-кх хьо?
- ВаллахIи, массо а агIор хIокху вайн куьйгалхочо нахана гIо дой хаьа суна, цо ледарло йийр йоцийла а хаьа. Цхьа чIогIа дог тешна-м ю со, хаа-м ца хаьа суна, хьаьнга доккхур ду ас орца а? Нахана а орцах а волуш, къахьоьгуш ма ву и (Кадыров Рамзан), хIара санна долу гIуллакхаш дукха долу дела массарна а тIехьа ца кхиош хир ву олий, мел а сатуху ас.
- Iедалехь болчу цхьаболчара шайг-шайгара комментареш йо Зелиман дIаварах, пиар еш ву олуш берш а хуьулу цаьрца…
- Пиар еш велахь а, массо а агIор цхьажимма а ша мукъа а волуш, цхьана агIор ша хилча-м соьца зIене ца волуш Iийр вацара иза. Делахь а, Далла дика хууш хир ду.
- Мехкан куьйгалхочо олуш дош дац Зелим варах, шен социалан машанерчу агIонаш тIехь, шена дIа мел хезнарг, аьлларг, баьккхина ког, дерриг а дуьйцуш ду цо, цхьана хенахь Зелиман кхолларалла езаш, тIеоьцуш ма хилли цо, тIехула куьг а даьккхина, цушинна даьккхина сурт а ду...
- Ишта дан-м дара и тIаьххьалц. Цундела хIинца а, тIаккха а тешам болуш ю со цуьнах. Ас хьалхо ма аллара, кхуьуш хир вац кх иза, со санна болу наной, кхайкхамаш беш, дехарш деш дуккха а ма бу, массарна а тIаьхьа кхуьийла а дац. Доккха дукъ ма ду оцу стагна тIехь а.
- Малика, хIоразза а вайшиъ къамеле мел йолу хаало суна, доккха собар хуьлу хьоьгахь. Мичара долу хьуна собар а, ницкъ а?
- Дала ло-кх суна, ма доьху ас сайна и собар цуьнга. Со охьа а кхетта елла, дIаяьлча а, Дала бохучунна тIера йолийла ма дац сан. Са туху-кх ас, хIун дер ас, дан хIуммаъ ма дац, кийрахь боккха бала боцуш-м яц хьуна со.
- ГIенах гой хьуна Зелим?
- Гуш, цагуш, цкъа-шозза гина-кх суна.
- ТIаьххьара а Iедало тIе маца кхайкхина хьо?
- ХIара шо доьрзучу деношкахь, Талламан комитетера стаг схьа а веанера, со шена тIе а кхайкхира. Дала мукъалахь, тIаьхьакхуьур ду, массо а агIор дIа-схьа кховдийна шаьш хIара гIуллакх олий, схьайоьуьйту со.
- Малика, 6-гIа бутт бу хьоьга цара и боху: "карор ву", "хьовсуш ду", кхи хIара ду-кх аьлла, мIара дIатасаяллал а хIума ца тусаделла -те царна хI инццалц схьа?
- Суна кхи цунах хууш хIума-м дац. Нахах лета а сан йиш яц, чулелха а сан йиш яц, со санна ладегIамехь нах дукха бу, массарна а гIо кхачо ца ларош хир бу-кх уьш. Карийна, тIаьхаькхиина схьабалийна гойтуш нах ма хуьлу церан. ХIун дер ас? Цхьажимма собар хила деза соьгахь олий, Деле сайна собар а доьхуш, хала садетташ Iаш ю со. Иза схьакарор ву аьлла дог тешна-м ю со. ХIинций-хIинций цхьаъ хеза-кх сайна бохуш, Iаш -м ю со.
Дерзор.
Бакаев Зелиман нанас са тийсахь а шен кIанте, Нохчийчоьнан зорбан министро Умаров Джамбулата, даим а санначу эпатажан шен вистхиларехь "Кавказ.Реалии" порталан журналисте аьлла, Зелимна доь доцуш вар гIоле ду, цкъа делахь, ша тIехьерчийна декхарш бахьанехь, шолгIа делахь, шен леларца нехан кхоллаелла ойланашна тIехула дена-нанна жоп дала дезарна а.