Оьрсийчоьнан президентан даржан кандидата Собчак Ксенияс Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане кехат яздина Титиев Аюбах а, кхечу бакъонашларъярхойх а. Шена ца тайна боху цо, Кадыровс уьш "къам а, тайпа а доцу нах бу" алар.
"Хьуна хIунда ца хаьа адамийн бакъонаш ларъеш болу нах - йийна Эстемирова Наталья а, Алексеева Людмила а, Светова Зоя а, Титиев Аюб а - уггаре а дикачу тайпан нах хилар", -аьлла, билгалдоккху Собчакс. Иштта цо шен шеко яц аьлла, мацца а Кадыров Рамзанна а цаьргара гIо оьшург хиларх.
Цул сов, Собчак Ксенияс кхайкхам бо оцу дIахьедарехь, ша санна болчу кандидаташка: Грудинине, Явлинскийга а, Навальныйга а, Титовга а политикан бахьанашца чубоьхкинчу нехан гIуллакх айдар.
"Путин оцу "харжамашкахь" тоьлур ву. Цундела, ас шуьга кхойкху, вай тахана чубоьхкинчу нахана тIехIоттахь, вай лелорийг эрна хир дац", - аьлла цо. ТIаьххьара шен дIахьедарехь цо кхойкху Кадыров Титиев дIахецаре.
Собчакан дIахьедар, схьахетарехь, жоп хила тарло ши де хьалха нохчийн политика, Кавказерчу къаьмнийн Ассамблеин куьйгалхочо Кутаев Руслана цуьнан а, Грудинин Павелан а цIарах динчу дIахьедарна.
Цу тIехь цо дехнера цаьрга, шайн боллу ницкъ Титиев мукъаваккхарна тIебахийтахьара аьлла. "ТIаккха хьаржамхошна гур ду шу Оьрсийчохь дикачу агIор хийцамаш бан лууш дуйла",- аьлла дара нохчийн политикан кехата тIехь.
Кутаев Руслана шена теша лаьа боху, шайга динчу оцу дIахьедарна жоп луш Собчак Ксенияс и кхайкхам бина хилар: "Собчакс яздина схьадиллина и кехат, оха, Кавказерчу къаьмнийн Ассамблеин политикан кхеташоно динчу дIахьедарна дуьхьала жоп луш дина ду аьлла тешна ву со.
Иза цхьана агIор, оцу Аюбан накъосталла хир ду. Цунна тIехь лелош йолу харцо чекх ца ялийта а, оцу харцонашна дуьхьал бевр болуш дуккха а Нохчийчохь а, Оьрсийчохь а, дуьненахь а нах бу аьлла, цхьа барам хета суна иза".
Титиевн гIуллакх цуьнан белхан накъосташна а, цунна саготта болчарна ма лаъра дерзарх тамаш хета юкъараллехь. Йозуш йоцучу журналиста Серганова ТIаусна хIетте а хета, шайга далуччу агIор накъост дан деза наха аьлла.
"ТIаьххьара ас ладоьгIначу программехь цо (Кадыровс) дийцинарг тидаме эцча, хIумма а хийцалур ду аьлла ца хета суна. Делахь а, адамо шега далуш дерг дан деза: доIа дина а, шен Iаткъам балучо Iаткъам бина а. ТIаккха цхьаъ хила а мега. Цуьнга са-м туьйсу ас".
Титиев дIалаьцначул тIаьхьа, цо куьйгалла динчу "Мемориалан" офис тидаме эцна низамхоша.
Шозза-кхузза цига бахана, оцу чоьнан долахочунна Iаткъам бина, цуьнга догIанаш схьаэцийтина цара.