ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Сахиллалц дIабухкуш бара нах"


Лахарчу Казанищера дарбан цIа
Лахарчу Казанищера дарбан цIа

Дагестанерчу Лахара Казанищехь меттигера дарбан хIусам наха вовшахтоьхначу ахчанашца кечйира, яздо "Кавказ.Реалиис". Акаев Абусуфьянан цIарах фонд схьайиллинчу Акаев Шерифуллас Стигалкъекъа-бутт карабеачхьана гулдеш дара COVID-19 ун даьллачу нахана гIоьнна ахча, кхойкхуш бара волонтераш а.

20 эзар стаг вехачу юьртахь 100 маьнга хIоттийна цхьа лазартне бен яц. Пандеми яьржичхьана кхузахь велла 30 гергга меттигера вахархо. Коронавирусан инфекци хилар тIечIагIдина дацара тесташ цахиларна.

Лоьрашца а, медикаменташца а, хьаькамийн леларца а долчу хьолах дийцира "Кавказ.Реалиин" корреспондентаца хиллачу интервьюхь Акаевс.

- Карарчу беттан 2-чу дийнахь сан юьртахочо телефон туьйхира соьга. Пневмони хьакхаеллачу цуьнан дена молханаш оьшура. 78 шо долуш къано вара иза. Халла карийра тхуна телефонехула консультаци ян лор, молханаш ас сайна тIелецира. Деа сахьтехь Буйнакск теллира ас: цхьана а аптекехь ца карадора молханаш. Ур-атталла, парацетамол а дацара. Шина препаратан аналогаш карийра суна, ткъа дисинарш ватсаперчу группашкахула сайна бевзачу нахехь лоьхура ас. Со кхийтира доьхна гIуллакх хиларх. Хьал кхераме дара, дарба дан молха дацара. Сан дукха бу гергара нах: пхи ваша а, ши йиша а, нана а, сайн доьзал а, берийн бераш а. ХIун дан деза, коронавирус хилахь?

Лахарчу Казанищера дарбан цIа
Лахарчу Казанищера дарбан цIа

Дарбан хIусамашкахь а молханаш ца хилар гучуделира. Дархойн гергарчара латто дезаш дара молханаш. Массо а социалан машанашкахула хоьттура ас, йоллу Оьрсийчохь лоьхура препараташ. Москвахь а, Ростовехь а, Санкт-Петербургехь а, иштта, Сургутехь а цхьаьна лоьхура ас. Кеп-кепарчу регионашкахь бехачу тхан махкахоша даийтира шайна карийна молханаш. Цхьайолу медикаменташ дарбан хIусаме дIакхачийра оха. Цул сов, коронавирусаца къийсам латто Iалашонца ахчанаш вовшахдетта а долийнера оха. Итт дийнахь 2 700 000 сом гулделира тхан.

- Ткъа хIун хьал ду медицинан белхахошца?

- Дукхахболчу белхахойн 65 шераш ду, уьш а изоляцехь латтош бу. Лоьрийн къоьлла хIоьттинера дарбан цIийнехь. Боьлхура пациенташ шайгарчу лазарна, шаьш дIатесна хета уьш, кхера а кхоьрура. Юха а мессенджершкахула кхайкхамаш бора оха, лоьраш лоьхуш. ШолгIачу дийнахь шайн лаамца балха араелира пхи лор-йиша. Ткъа медицинан доьшийлашкара лаккхарчу курсашкахь болчу студентех а, дарбан хIусамашкахь болх ца беш йоккха юкъ йоьллачу нахах а волонтерийн тобанаш йира оха. Верриг а 100 гергга стаг вара уьш.

- Ткъа эпидемех Iалашвен гIирс барий лоьрийн?

- Юьхьанца я дарбан хIусамехь а, я поликлиникехь а цхьа хIума яцара. Могушаллин министраллан ницкъ ца кхечира. Тхаьш вовшахтоьхначу ахчанах оха мел оьшу гIирс а, тхайн волонтершана а, дарбан цIийнерчу лоьрашна а тIедуху барзакъ а цхьаьна ийцира. 415 дархочунна молханаш дIакхачийра тхан фондо. Шайн-шайн цIахь дарба лелош бу уьш. Студенташа терго латтайо цаьргарчу хьолана, царна тIе а оьхуш. Хала хеташ делахь а, тхан цхьана волонтерна а ун даьлла.

Акаев Шерифулла
Акаев Шерифулла

- Официалан Iедалхошна муха хета аш бен болх?

- Могушалла Iалашъяран декъан куьйгаллина ца тов, царна ца лаьа оха долчух Iорадаккха а. Шайн гIуллакх доцчу юкъа гIерташ ду шу, лоьрашна шайн функцеш кхочушъян новкъарло йо аш боху тхоьга. Бакъ дац иза. Дарбан цIийнан кевнан иттех метар дехьа схьайиллина оха тхайн штаб, ситуаци ма-ярра хаийтархьама. Препараташ яц, хьаькамаша боху, оццул дукха цомгуш нах хир бу аьлла, дагахь дацара шайна. БIе маьнга хIоттийна дарбан хIусам тIехюьзна ю, 105 пациент ву цигахь охьавиллина. Оцу массарна а ши лор а ву. Коронавирусан ун даьллачу нахана дарба дан схьавоуьйту гинеколог а, офтальмолог а, ткъа царна ма ца хаьа дан дезарг. Цхьа а томограф яц, цхьа пехашка садоIуьйту аппарат (ИВЛ) яц.

Компьютеран томографи яккха а Буйнакске хьийсабо дархой. Лазартнехь охьабехкина дархой узарш деш Iа. Кислородан ши аппарат бен яц дарбан цIийнехь. Ткъа пациентийн цIийца кислород хиларан барам 80, 70, 65 хуьлу. Даим а иза 30-не кхаччалц охьаболу - нах ле, дан хIума дац. Юьртахь ерриг а кислородан ши апппарат бен яц. Интернетехула кхин а йиъ карийра тхуна, лелийна-м ю уьш, делахь а, кIеззиг болх бина ю.

- COVID-19 юй хьожуш, тесташ йой?

-Тесташ янне а яц. Коронавирусах леш бодчу нехан статистикехь хир бац уьш. Бакъду, Стигалкъекъа-бутт карабеачхьана тIаьхьий-хьалхий адам леш-м ду. Цхьана буса ялх тезет даьллера, шолгIачу дийнахь - кхин а ворхI. Сахиллалц нах дIабухкуш бара. ТIеман хан йолуш санна хета-кх. Доккхачу декъанна леш берш гIеметтахIиттина нах бу. Масала, 43 шо долу стаг кхелхира, спортхо а, 48 шо долу спортан комплексан директор а, 30 шаре ваьлла меттигера жимстаг а. Цхьацца доьзалашкара масех стаг леш меттигаш а хилира цхьана кIиранчохь. Уьш кIелхьара баха тарлора, нагахь санна, юьхьанца дуьйна, молханаш а, медицинан гIирс а хиллехьара.

Лахарчу Казанищера дарбан хIусам
Лахарчу Казанищера дарбан хIусам

- Дуьххьара белларш дIабухкуш адам гулдаларна тIаьхьа даьржира ун. Зенаш а ца деш, муха дIаволла мегар ду велларг?

- Юьртана гена доццучехь цхьа меттиг карийра тхуна, бусулба динан Iадаташ а лардеш, велларг лийчо тарлуш эпидемех ларвен барзакъ а доьхна. Кхул хьалха, лар а ца луш, нах дIабохкарна эпидеми яьржинера.

- Шу шаьш муха ларло?

- Хьалхарчу деношкахь дуьйна лелош еккъа цхьа масканаш ю. ХIинца кхета тхо, цунах гIуллакх хир доцийла. Кхераме ду. Тхешан машенаш тIехь цомгуш хилла нах лоьрашна тIе буьгура оха. Тахана со суо а ву дегIан температура йолуш, лоьрашца зIенехь ву-кх со.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG